ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Охьайолуш ю Путинан рейтинг


Путин Владимира Оьрсийчоьнан президентан даржехь бечу балхана реза бац 18 процент Оьрсийчура бахархой. Иштта жамI ду Левада-центро Дечкен-баттахь бинчу талламан. Цу кепара, кху тIаьхьарчу баттахь Оьрсийчоьнан президентан рейтинг охьаяьлла 6 процентана. ХIинца иза ю 82 процент.

Цуьнца цхьана, пачхьалкх нийсачу новкъа йоьдуш яц аьлла хетачу нехан терахь тIекхаьчна 34 процентана. Баханчу баттахь и терахь дара 27 процент. Оьрсийчоьнан Iедало бечу балхана реза бац 48 процент Левада-центран талламехь дакъалаьцна нах. Регионийн куьйгалхоша бечу балхана реза бац 47 процент бахархой.

Стохка Лахьан-баттахь ВЦИОМ олучу талламан центро шен талламан жамIаш довзийтинера. Цаьрца а догIуш, Путинан рейтинг яра 88 процент. ВЦИОМ-ерчу эксперташа дийцарехь, Оьрсийчоьнан президенто деш дерг къобул дечу нехан терахь уггаре а лакхадаьллера 2014-чу шеран бIаьста, Оьрсийчоьно ГIирма дIалаьцначул тIаьхьа.

2015-чу шеран ГIадужу-баттахь социологаш хаам бира Путина дийриг къобулдеш бу 90 процент бахархой аьлла. Цара дийцарехь, цу тайпа хьал доьзна дара Оьрсийчоьно Шемахь тIеман операци йолорца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG