ТIекхочийла долу линкаш

"Левада-центр": Путинах тешар 10 % лахделла тIаьхьарчу цхьана шарахь


Путин Владимир.

Путин Владимир.

Путинах тешачу нехан терахь 10 процентана лахделла тIаьхьарчу цхьана шарахь. Иштта ду «Левада-центро» бинчу таламман жамI.

Кху тIаьхьарчу шарахь лахделла Путин Владимирх тешаш а, цо юьхьарлаьцна некъ нийса хеташ а болчу Оьрсийчурча бахархойн терахь. Иза гойтуш ду «Левада-центро» бинчу социологин талламо.

Буьззинчу барамехь президентах тешаш бу 21 процент Оьрсийчура бахархой. Стохка церан терахь дара 26 процент. «Дукхачу хьолахь теша ала мегар ду» аьлла жоп делла таллам дIахьош 52 процент респонденташа. Стохка уьш бара 5 процент алсам.

«Дукхачу хьолахь цатеша», я «Тешане а цатеша» шьаш Путинах аьлла жоп делла 19 процент наха, стохка уьш 10 процент кIезиг бара.

Путинах баккхий беш болчу нехан терахь дара Оьрсийчохь стохка 47 процент. ХIинца цу тайпа нах 38 процент бен бац. Путинах ала цхьа а вониг дац шайн аьлла жоп делла 30 проценто.

Кхин а 15 процентана башхалла а дац иза мухха хилча а. 8 процент дIоггара тешам боцуш хьоьжа Путине, ткъа 4 процент респонденташ цхьа а президентах ала диканиг доцуш бу. Оццул нах бу цуьнан цIе хаза цалууш а.

Путинан диканиг иза зеделларг долуш хилар ду аьлла жоп делла 33 процент респонденташа, генна кхане хьоьжу политик ву Путин аьлла хета 21 процентана.

31 процент респондент тешна ву Оьрсийчоьнан президент хуьнар долуш, шеконаш а йоцуш, шен лаам чекхбоккхур болуш ву бохучух. "Левада-центро" бинчу талламехь дакъалаьцначу нахах 25 процент тешаш бу Путин Iалаш деш ву пачхьалкхан хьашташ бохучух.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG