ТIекхочийла долу линкаш

Дагестанера аьккхаша Оьрсийчоьнан президенте рогIера кхайкхам бина, кхечу къаьмнийн санна бакъонаш Дагестанехь шайн нисъяр доьхуш.

Оьрсийчоьнан президенташка хIара тайпа кхайкхам а, дIахьедар а, кху тIаьхьарчу 15-20 шарахь дуьххьара деш дац Дагестанера нохчаша. ХIоразза шаьш цуьнга нийсо яр доьхучу хенахь, уьш боккъала а теша хIинца-м цхьа жоп хира дара бохучух.

Кхин ца хиллехь а, бIозза хилла иштта. ХIинца а сатийсам бу цхьа жоп хир ду аьлла. Нохчийчохь бехачеран санна сихо яц, цундела хино тIулг башабо бохург хьалха а даьккхина, лакхара омра а хилла, шайн дахар талург хиларе сатуьйсу.

Дагестанера нохчаша-аьккхаша доьхург ду, шаьш дIабохочу хенахь хилла ярташ чу а лоцуш, шайн хилла йолу Аухан кIошт юхакхоллар а, шайн дай баьхначу ярташка шаьш юхадерзор а. Цу тIера довла меттиг а бац, ишта а бакъонаш 70 шо хьалха хьашшначохь лаьтташ ю шайн, аьлла Маршо радиога дийцира Дагестанера нохчийн къанойн кхеташонан куьйгалхочо Гамзатов Хьамида.

Гамзатов: «Вайн массарна ма-хаьъара Нохчийн-ГIалгIайн республика юхаметтахIоттае, аьлла 1957-чу шарахь омра арадаьккхинера Iедалша, дохийна къам юхадерзаде, аьлла. Нехан бакъо яра шаьш даьхначу метта юхаберза. Дагестанера аьккхийн и бакъо хилла яц. ХIинца а йоцуш ю.

Тхо цIадирзича, Аухан кIоштехь жIаьлеш а далийна, шу ярташка дIагIортахь, оха тIе герз тухур ду баьхнера. Шайгахь омра а ду, аьллера цара. Баржийра нах Кизил-юьрта, Хасавюьрта а».

Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире шаьш бечу кхайкхамна тIехь аьккхаша билгалдоккху, шаьш оцу Дагестанерчу къаьмнех уггаре а бакъо йоцург ду, аьлла. ДIадохийначуьра цIадирзича дуьйна меттигера Iедалша ког а туьйсуш схьадодогIуш а ду.


Шайн латта тIехь, дай баьхначу ярташкахь шайх дукхахберш бехаш ца хиларал сов, культура а, ламасташ а кхио аьтто ца бо меттигерчу Iедалша, боху Гамзатов Хьамида. Ур-аттала Дагестанехь дехачу кхечу къаьмнийн санна, кIоштан культуран кхерч а ца биллина шайна, элира цо.

Гамзатов: «Дагестанехь 13 къам ду бухбуьллуш долу. Нохчийн къам а ду царах цхьаъ. ГIазгIумкийн кIоштехь нах охьа а балийна, 3 эзар сов цIа а дина, цигахь культуран цIа а дина царна. Нохчашна ян мегаш яц те иза мукъне а? Оха доьхуш ма дац тхайн доцург а, тхайна догIуш доцург а. Конституци тIехь а, дуьненаюкъарчу низамашца яздина ма ду иза».

Шайн латта тIехь дай а боцуш, иштта хьал латторо боккха эшам бо къаьмнийн юкъаметтигашна. Хууш ма хиллара, Дагестан 30 сов къам машарехь деха республика ю, бохуш дIакхайкхош елахь а, шайца боцу лерам а, йоцу бакъонаш а Iаьткъина, кегийрхоша цхаъ дарна кхоьру шаьш, элира Дагестанера нохчийн къанойн кхеташонан куьйгалхочо Гамзатов Хьамида.

Гамзатов: «Къаьмнийн юкъаметтигаш телхина дуккхаза а вовшехлетта кхузахь. Кху тIаьхьарчу 10 шарахь 17 стаг вийна вайчарах. Нехан яьрташка вай охьаховшийча цигахь девнаш дуьйлу. Церан шайн тIеман тобанаш ю. Вайниш а летар болуш бара, амма оха сецош бу-кх уьш».

Тамаша бу Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир ша винчу дийнахь Дагестанера аьккхийн бала а айбина лелахь. БIозза оцу наха шайга дIахьедарш а, кхайкхамаш а бича, уьш буй-баций мукъне а хаьий теша, аьлла хаттар кхоллало. Царна шайна-м хета мацца а жоп лур ду аьлла.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG