ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIунда бисира кехатан тIехь Хасавюртахь бина барт?


Нохчийчоь, Соьлж-ГIала, Марсхьокху-бутт, 1996
Нохчийчоь, Соьлж-ГIала, Марсхьокху-бутт, 1996

19 шо хьалха 1996-чу шарахь Марсхьокху-беттан 31-чу дийнахь Дагестанерчу Хасавюртахь барт бира Нохчийчохь боьдуш болу тIом соцо. Цуьнца а догIуш, Нохчийчура арадехира оьрсийн эскарш. ТIеэцначу документана тIехь билгалъяьхна яра Оьрсийчоьнан Федерацин а, Нохчийн Республикан а юкъаметтигийн кепаш.

Цу хиламца доьзна ду оха Маршо Радион эфирехь дийцаре дан диллина хаттар. Мила ву бехке Хасавюртахь бина барт кхин кхочуш а ца беш бисарна?

ХIоттийначу хаттарна жоп дала луучарна йовзуьйту тхайн телефонаш.

Прагера телефон: + 420 724 019 832

Аш горгали а баийтинчул тIаьхьа, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.

СМС яийта мега тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 926 23 60 4 65.

Иштта Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 420 724 01 98 32

Цул совнаха, шайна хетачух лаьцна яздан таро ю тхан сайте а: radiomarsho.com.

XS
SM
MD
LG