ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мархийн беттан беза мах


СаIудан Iаьрбийн- мохк -- Маккара хьаьжцIа, 04Лах2011
СаIудан Iаьрбийн- мохк -- Маккара хьаьжцIа, 04Лах2011

Нохчийчуьрчу динан дайша билгалдаьккхина кхушара марха лоцу де. Иза ду ПΙераска, кху беттан 20-гIа де. Цу кеппара, Нохчийчохь кхушара хьалхара марха лацар а, дастар а хир ду кхечу бусулба пачхьалкхашкахь ма-хиллара. Маршо Радион дехарца Мархийн беттан бозаллах лаьцна дуьйцу Текйистерчу Ιелимчас Лечиев ШахIид-Хьажас.


БисмиллахΙи аррорхьманир рохьим! Мархийн бутт, и беркате хилар аьлча, бусулба стагана и цΙанвеш, товеш бу. Меца Ιийчхьана цΙанвеш вуй те? Цуьнан кхетам а, дог-ойла а, цуьнан гΙиллакх а, ша санна волу стаг дагавар а, цуьнан дог тодалар а – и ду-кх, схьагарехь, цуьнан товалар.

Элчано аьлла-кх, ΙалайхΙи салату салам: "Мархийн баттахь дΙакъовлало-шуна жоьжахатΙин неΙарш, ялсамане дΙайоьллу-шуна!"

Дала а кхайкхадойту, боху, оцу баттахь Жабраил-Малике: «ХΙай, дика деш волу стаг, дика дан сихлохьа! Дехьа, кхин а дика дехьа! ХΙай, вон деш волу стаг, дика деш воцург, ца оьцург деш волу стаг! Хьо сацалолахь, гΙелделахь айхьа ден вон, дΙадаккхалахь!» - олий, кхойкхуьйту, боху.

ТΙаккха олу, боху: «Мила ву шена гечдар доьхуш верг?» ТΙаккха гечдо, боху, Дала. «Мила ву гечдар доьхуш верг, цо доьхург ло цунна!» Ло, боху.

ТΙаккха хотту, боху, тобадеш верг, хΙинццалц даьхна гΙалаташ, хΙинццалц лелийна дикадоцург, уьш дитар дуьтуш, керла волуш мила ву те,олий. ТIаккха Дала олу, боху: «Субхьанал таΙала, гечде цунна!"

Кхана мархийн хьалхара де хуьлуш хилча, тховса, кхана Ιуьйре яллалц, Ιуьйран ламаз тΙедаллалц, Дала и кхайкхам латтор бу, боху.

ШаΙбанан тΙаьххьарчу дийнахь Пайхамара хутаб дира, хьехам бира шайна, аьлла-кх Салман Фарисис – Дела реза хуьлда цунна – кхана дуьххьара марха ду, аьлча.

Элчано аьлла, чΙогΙа беркате хан ю шуна тΙееънарг, хΙунда аьлча, эзар баттал цхьа де а лоруш, ял хир йолуш, совдовла хан ю шуна!

Делан дуьхьа ша кхобучо и марха мел чΙогΙа кхаба дезара, мел чΙогΙа лардан дезара, мел чΙогΙа Ιалашъян езара вочу хΙуманах шен Ιамал, вон вист ца хуьлуш, «гΙалх» ца деш, тΙех дош ца олуш, шегара кΙеданиг долуьйтуш, мерзаниг долуьйтуш, стагца ша ийгΙина велахь, берта воьдуш, цуьнца юкъаметтиг лохуш, кΙадлуш, толуш хила, аьлла.

Оццул беза бу Дала вайн дуьхьа вайна кхачийна болу мархийн бутт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG