ТIекхочийла долу линкаш

Урдунера нохчаша марханаш кхабарх а, дастарх а


Урдун - мархийн баттахь шайн кораш бес-бесарчу чиркхашца къагадо нохчаша, 12Мар2012

Урдун - мархийн баттахь шайн кораш бес-бесарчу чиркхашца къагадо нохчаша, 12Мар2012

Дуьненара бусулба нах цхьана динехь белахь, хIора къоман шай-шайн културан башхаллаш ю. Амма мархин баттахь бусулба нехан дахар а, лелар а, Iедалш а, цхьа къам долуш санна, цхьа-терра хуьлу, жимма бен башхаллаш йоцуш.

ХIора шарахь мархин баттахь кхин долу дуьненан гIуллакхаш гIеллой, динан гIуллакхаш дан тIебоьрзу бусулба нах. Иштта Урдунера нохчий къаьсттина дика тIебоьрзу, Къуръан доьшуш а, мискачу нахана гIо деш а, Iимрате оьхуш. Iедало а аьтто бо нахана мархин баттахь.

Мархийн баттахь халонаш ловш къахьегахь, иза хаза такха цхьацца синкъерамаш хуьлу. Iедало, нахана атта хилийта, мархийн баттахь белхан сахьташ охьаузу. Берашна хаза хетийта куц-куьцара чиркхаш летош шайн цIенош кечдо наха мархин баттахь. Кху шарахь къасттина хала беана мархийн бутт - уггар йовха лаьтта Товбецан а, Марсхьокху беттанаш юккъехь а нисбелла. ХIетте, хIинца чекхболуш юккъал тIех баьлла, нах марханаш дастаран кечамаш беш бу. Марханаш кхобуш а, достуш хаза хеташ далахь, жимма хIокху юккъера културан вон Iедалш новкъа еха Урдунера нохчашна мархин баттахь.

Мархин баттахь хIун хийцало а, иза муха токху а дийца Маршо Радиога цу дийнан марха даьстина цхьана чу гулбелла хIусамнаной Салва а, ЖихIан а:

Салва: Мархин бутт богIуш яахIуманна кечам бо, шелиг жижигах а, хасстоьмех а, яахIума йийра йолчу сурсаташх доза гIерташ. Мерза хIума йо, бIарийн тIамарш кечйо. Деш долу Iибадаташ а, Къуръан дешар цу баттахь сов долу. Къуръанан 30 дакъа ду. ХIора денна цхьа дакъа деша хьовсу мархин баттахь, суннаташ алсам до. Дийнахь Делкъале до ламаз: ши перз дечул 6 перз до. Терхьен ламазаш до.

ХIокху аьхке чIогIа йовха ю, де деха ду, цундела гуттар кегий берашка марханаш къобуьйтуш дац. ТIехь долчо-м кхобу мел хала далахь.

Iаьрбий мархин бутт бохалла яахIуманашна тIебоьрзу, яахIуманаш еш, нах чукхойкхуш. Вайнаха и хIуманаш ца леладо. ЯахIума оццул докха хIума ма ца хета вайна. ЯахIума йиъначул тIехь суьйранна гуллой, чай молуш, мерза хIума елахь, и кхоллу. Вай ламаз-мархина тIедоьрзу. Нохчийн Iедал и ду-кх, мархийн баттахь суна хетарехь. Марханаш достуш, бераш хаза бедарш оьций хуьлу халххе. Цхьана хенара берш гуллалой гергарчарна а, уьйтIахь болчарна тIехула лела марханаш къобалдеш, царна шекарш а, ахча а ло.

ЖихIан: Дийнахь марха кхобий, и цхьаний дохадо. Мархин баттахь вижар-гIаттар хала хуьлу. Iуьйкъанна гIатта дезаш, наггахь наб йов, дIа ца дуьйшу, Iуьйра ламазаш диний бен. Нохчийн ламаз-марханна тIебоьрзу, массо хIума сов дан гIерташ. Сов ламазаш а, суннаташ а до.

Мархин баттахь уггар халаниг, буьйсана юкъахь, хьо дIавижа гIертарх наб ца кхета. ХIунда? Арахь кегий бераш хуьлу ловзуш, йовха йолун дела ду-кх и, бакъдерг аьлча.

Цу тIе, Iуьйкъанна вота етташ, нах гIовттон, вота еттарг вогIий, тIема йоккху хала еана наб. Бусалба динехь дац и вота еттар. Тоххара Туркошкара даьлла ду олу и Iедал. Хьалхa хилла нах Iуьйкъанна иштта гIовттош, гаргол тухуш сахьташ доцчу заманахь. Оццу хенахь Делан дуьхьа цхьаъ хилла Iуьйкъанна нах гIовттош лелаш. ХIинца чIогIа гIарош йолу дела, цхьа йокха жиргIа етташ лела и нах гIатториг. И вуно новкъа йогIу. Оха-м дуьхьал девлла, хIокху некъахула чекхволуьйтур вац аьллера, хIете генахула ваьлчий хеза-кх цуьнан гIара.

Марханаш даьстича, Iуьрре, мацах тхо санна, кегий бераш са хилале, шайн тIоьрмигаш оьций, массарна тIехула чекхбовла. Царна кечдой дохийна ахча хуьлу, шекарш хуьлу. Берш чекхбевлича, ара довлий, нана йолчу далахь, воккха марваша валахь, марзахойн тIехула лелий, цIан доьрзу. Нохчийн, Iарбашца хьо-сан дукха дац. Цхьаберш лела Iаьрбашна тIеоьхуш, марханаш къобал деш. Хала хуьлу марханаш даьстича, цхьа программа йоцун дела. Iан веза-кх хьо, юкъ йихкина, хIинца хIара вогIур ву, важа вогIур ву, бохуш.

Маршо радио: Мархин баттахь нохчийн хIусамашкахь хуьлург Салвас а ЖихIана дийцира. Ткъа Iаьрбийн хIусмашкахь шаьш хIун до аьлла, Шамайла Рашас иштта дуьйцу.

Шамайла: Мархин бутт лоцу аьлла билгала даларций, нах а, гергарнаш и бутт декъал бан буьйлало вовшашка. Цул тIаьхьа Iаьрбийн а, бусулбан а хIусамаш мархин бутт кхаба кечамаш бан юьйлало. Мархин бутт сийлахь а, ша-тайпана бутт бу. Туьканаш а, совдегаралла (йохк-эцар) къаьсттина кхечу беттанел сов хуьлу. Де а буьйса цхьатерра хуьлу мархин баттахь. Дин тIебоьрзу нах. ХIокху беркате баттахь доллу хIума ша-тайпана хуьлу масала, Урамаш а туьканийн неIарш кечйо нах. Туьканаш буьйса юкъал тIаьххьалца дIа ца чIогIу.

Цул сов, мархин баттахь, гергарчийн а, доьзалийн юкъаметтигаш чIагIло, гуттар марханаш цхьана достуш. ЯахIуманаш дукха хуьлу марха достуш. Марха даьстинчул тIаьхьа, мархин баттахь бен ца хуьлу, «Гатаеф» олу мерза хIуманаш. Уьш хIора денна кечъйо мархин баттахь. Мархин баттахь чIогIа ладаме дерг Терхье ламазаш ду. Уьш пхьуьйран ламазал тIаьхьа деш, совнаха перзаш ду. Цу Пхьуьйра ламазехь маьждигаш берех а, зударех а, боьрша нахах дуьзна хуьлу.

Мархин бутт чекхбаьлча, наха, марханаш даьстина денош дазадо. Наха бIе эзарнашца Iийд ламаз до, яьсса цхьана аренгахь до, маьждигашкахь ца деш. Мархин баттахь йоькъуш йолу мерза хIуманаш цIахь кечйина хуьлу. Иза а ду цхьа мархин беттан ша-тайпана хIума. Цу мерза хIуманех «Iийдан маIмул» олу Iаьрбаша. Берашна уггар дукха самукъа долу марханаш даьстича. Керла бедарш юхий, марханаш къобалдеш лела бераш. Царна мерза хIуманаш а, совгIаташ а, ахча кхийдадо баккхийчара. Iийдан суьйранна, доьзалаш цхьана чу гулалой, синкъерамаш бо. Иштта чекхдолу церан хаза де. Иза хIора шарахь юх-юха хуьлу.

Маршо радио: ХIокху шарахь марханаш Марсхьокху беттан 18-чу я 19-чу дийнахь достур ду. Марханаш даьстича, 4 де мукъа хуьлу Iаьрбийн а, бусулбан а мехкашкахь. Урдунера нохчаша тохарлерчу заманахь марханаш даьстина деношкахь нохчийн ловзарш а, синкъерамаш бора. Амма хIинца иза ца до.
XS
SM
MD
LG