ТIекхочийла долу линкаш

Марха даста кечлуш бу бусалба нах


 Марха даста кечлуш бу бусалба нах.

Марха даста кечлуш бу бусалба нах.

ХIара кIира чехкдолуш дIабоьрзуш бу мархийн бутт. Къилбаседа Кавказера бахархой а, массо а кху дуьнентIера бусалба нах санна, кечлуш бу марха даста. Нохчийчохь хIинцале а дIакхайкхина, полици чагIйинчу рожехь болх беш хир ю аьлла. Луларчу Дагестанехь кху тIаьхьарчу шерашкахь дуьххьара хир ду цхьана дийнахь массо а кIоштIашкахь марха дастар. ГIалгIайчохь марха досту кхо де мукъаденош кхайкхийна Евкуров Юнус-Бека.

Рамазан-бутт я, нохчаша ма-аллара, мархийн бутт – уьссалгIа бутт бу бусулба рузманахь. Иза уггар бусалба наха лоруш а, сий деш а болу бутт бу. Мархийн бутт кхабар Ислам-динан баккхийчу бIогIамех цхьаъ бу. Марханаш кхабар нахана тIехь парз дина, бусулбанаша Мединате хIижрат динчул тIаьхьа шолгIачу шарахь.

Марха дастарх лаьцна дийцар дийхира оха Нохчийчурча Iелам стаге Аюбов Ясраил-Хьаьже.

Аюбов Ясраил-Хьаьжа: «Марха достучу дийнахь Iуьйринна, Iийд денна хьурматана шен дегIах хи а кхорзий, шен беллачеран кешнашка а воьдий, шариIато ма-бохху, малх хьала баьлча, 8 даьллачул тIаьхьа, Iийд-ламазе а воьдий, цигахь Iийд а дой, тIаккха шайн гергарчаьрга оцу Iийдан кхаа дийнахь марха къобул деш лела, иза даздеш».

Марханаш кхабар дIадерзош саьхьаш даха деза бохуш, кхин дIа а дуьйцу Аюбов Ясраил-Хьаьжас.

Аюбов Ясраил-Хьаьжа: «Мархийн беттан 30 де дузуш, тIаьххьара марха долуш маьркъижал тIаьхьа, адам Iийд дан дахале, саьхьаш даха деза. Оцу мархийн саьхьо хьоьгара йийлина йолу ледарлонаш дIаойу аьлла, ду. Хьан марха стигалахь а доцуш, лаьттахь а доцуш, юккъехь хуьлу, ткъа сахь даьккхича цуьнан ял, ша яха езаче дIайоьду боху».

Дийцинарг вара Нохчийчурча Iелам стаг Аюбов Ясраил-Хьаьжа.

Iийд-ал-Фитр олу мархадастар тIекхочуш шайн балхахь чIагIйинчу роже яьхна Нохчийчура полици а, кхин йолу ницкъаллин структураш а. Цу кепара раж латтор ю республикехь, тIедогIу кIира чекхдаллалц.

Кавказский Узел интернет хаамийн агенталло дийцарехь, республикехь полици меттах яьккхина латторан кхин цхьа бахьана а ду. Кху Марсхьокху-беттан 23-чу дийнахь меттигера Iедалан дай даздан дагахь бу Кадыров Ахьмад-Хьажа вина де (61). Цу гIуллакхана хьажийна Соьлж-гIалахь дIахьур ю Оьрсийчоьнан парашютан спортан чемпионат.

Луларчу ГIалгIайчохь марха досту кхо де мукъаденош хир ду. Цу хьокъехь омра дина цу республикан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Цигахь марха достур ду кху беттан 19-чу а, 20-чу а, 21-чу а деношкахь. Амма иза дац мехкан урхаллаш тесна ютур ю бохург. Евкуровс тIедожийна кIоштийн а, гIалийн а, яртийн а, министраллийн а куйьгалхошна, де-буьйса ца лоруш, белхан меттигашкахь само яр.

Марха достур ду ГIалгIайчохь Нохчийчохь а ма-хиллара. Амма цигахь цхьаболчу доьзалшкахь лелаш шайн ламасташ а ду. Иштта марха даста баьхкинчу божаршна ло цара мерах хьокху йовлакхаш.

Дагестанехь а ду изза гIиллакх. Амма цигахь, йовлакх делла ца Iаш, цхьайолчу ярташкахь кога юху пазаташ а ло марха даста баьхкинчу божаршна. Кхин цхьа гIиллакх ду суьйлашна юкъахь дисина. Цуьнах лаьцна дуьйцу журналисто Дугричил Муртаза-Iелас.

Дугричил Муртаза-Iела: «Ду, цу тайпа шира гIиллакх долуш ду суьйлашна юкъахь. Марха достучу дийнахь басар дина хIоаш ло цара вовшен. Схьагарехь, бусалба дин тIеэцале Гуьржийчура тхан махка деанчу керстанан динца доьзна хир ду иза».

Чергазоша а ло марха достуш вовше совгIаташ бохуш, дуьйцу журналисто Шхалахова Марията.

Шхалахова Марият: «ДIоггара башха хийца делла хIума ца хуьлу тхо долчехь. Цхьаъ хIума ду цигахь даьржина. Зударша совгIаташ ло шайн гергарчарна, мархийн бутт беза хиларна сагIа доккхуш. Амма иза тIехь дац нахана. Коьртачу декъана луш ерш ю пхьегIа ерг а, коч ерг а, цхьацца кега-мерса совгIаташ а».

Бусулбанийн рузманца а догIуш, мархийн бутт дIабоьрзуш бу кху беттан 18-чу дийнахь. 19-де хир ду Iийд ал-Фитр олуш долу марха досту де. Амма кхоччуш иза билгалдера ду 18-чу буса кетна болчу батте хьажжина.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG