ТIекхочийла долу линкаш

Кадыров Рамзана, мехкан куьйгалхочун дарж а дитина, ша дIавоьду, аьлла, дIахьедар динчул тIаьхьа кампани йолийна Нохчийчохь, цуьнга виса бохуш. Доьлху а, эшарш лоькху а бераш тIехь долу видеош, кара палакаташ лаьцна лаьтта Iедалхой, Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен дарж дитахь, меттигерчу адамийн бакъонаш йохор ю, бохуш, дIахьедарш деш волу республикера омбудсмен.

Иштта сурт ду, Кадыровс шен дарж дита мега аьлла, Нохчийчохь йолийначу кампанин.

Кадыров дIавоьдуш ву я вац, цкъачунна кхеташ дац. Кху тIаьхьарчу 9 шарахь, Кремло шена гIаттамхойн болам охьатаIо а, республика юхаметтахIотто а марш баьстинчул тIаьхьа, нохчийн политикехь иза ша цхьаъ бен вацара гуш а, хезаш а.

Нохчийчохь хьал тийна ду, цундела кхин а цхьа бутт баьлча цу даржехь йоккху хан чекхйолуш волу Кадыров хуьйцур ву, аьлла, хеташ вацара я хIинца а волчух тера а дац цхьа а.

Амма Чиллан-беттан 27-чу дийнахь Кадыровс цIеххьана дIахьедар дира, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан даржехь кхин дIа виса лууш вац ша аьлла. НТВ телеканалана интервью луш, цо элира, шен хан чекхяьлла аьлла.

http://www.ntv.ru/novosti/1609494/

Оцу минотехь дуьйна кампани йолаелла республикехь Рамзане виса бохуш дехарш деш. Цу юкъайозийна бу уггаре а хьалха махкара бахархой а, социалан машанаш а, газеташ а, телеканалаш а.

Дуьйцург цхьаъ ду. Рамзан дIавахийта йиш яц вита. Кхузахь, цхьана девзачу туьйранехь санна, цIоьмалг хIораммо а шен лааме хьаьжжина хIоттайо шен дагахь, нахалахь "вита" дешна хьалха хIоттаяхь а.

ТАСС агенталло бинчу хаамца, ПIераскан дийнахь Оьрсийчоьнан президентан зорбан секретаро Песков Дмитрийс юха а дIахьедар дина, Кадыров Рамзанан кхолламах лаьцна дала жоп дац шен аьлла. Цу хьокъехь сацам бан кхин а хан ю бохуш вара иза.

Цу хеннахь «Рамзан, дIамагIо!» кампани дIайоьдуш ю, шен болар лахцадеш...

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG