ТIекхочийла долу линкаш

ТIемалошка маьршачу дахаре кхойкху Евкуровс


Шен телефон а елла, тIемалошка маьршачу дахаре кхойкху Евкуровс.

Шен телефон а елла, тIемалошка маьршачу дахаре кхойкху Евкуровс.

Ха ши кIира хира ду, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека интернетехь шен мобилан телефон гIараяькхкина. Иза леррина маьрша дахаре цIаберза лаам болчарна йиллина ю аьлла, дIакхайкхина дара.

Йоьхьанца цу телефон тIе, меттигерачу бахархоша етта йолийра, Iедалера цхьацца гIо доьхуш. Цхьана юкъан, оцу проектан Iалашо кхочуш ца хилла а моттаделлера. Амма, тахана, гIарабаьккхичну хаамашца, тIемалойн буоламашца уьйранаш йолчарах, 6 стага телефон тоьхна.

Царна юккъахь, массийта стаг, тIемалошна юучуьнца а, духарца а гIо-накъосталла динарш бу. Кхиберш, тIемалойн гергарберш а бу. ГIалгIайнчоьнан куьйгалхочуьнна хьехамча волчу Цечоев Беслана, Маршо радиога дIахьедар дира, оцу телефоно кхиъ дIа болх бийра бу аьлла.

Цечоев Беслан: «Схьаетташ бу и телефон. Социала гIуллакхийн хьокъехь а етташ ю иза. Ялх стаг хIинцале тIе а веан ву. Цаьрца къамле а дина. Телефон болх беш лаьтташ а ю. ДIайоккхура ю аьлла кхин дуьйцуш хIума а дац. республика куьйгалхо гарант а хоьттиина, тIебаьхкачарна низамехь догIуш долу таIзар бен хира дац аьлла».

ГIалгIайн махкахь, тIемалошца цу тайпа болх баро, церан могIанаш бузаран бахьан дIа ца доккху аьлла хетарш а кIезга бац. Царах цхьаъ ву, юккъаралхо Манкиев Бамтгири.

Цуо бахарехь, доьххьара дан дезаш дерг дара, низамхоша дIалийциничулла тIаьхь, лар а йоцуш байначу нехан кхоллам къастор.

Манкиев Бамтгири: «Цу а баьхкина стаг дIавигча, иза хьан вигина хаа ца деза? Бтрашца стаг Iдавигча, иза мичахь ву аьлла Iедалшка хаьттича, бекхе буй нах? ХIара ду, важа ду аьлла, ала дезаш дац и Iедал? Тахана иза долуш дац. Нах цундела реза бац».

ГIалгIайн махкахь тIемалошца латточу къийсаман, ша тайпа кеп ю. Иза тера яц, ишшта проблемаш йолчу ян луларчу Нохчийчохь а, ян Дагестанехь цу хьокъехь дIахьочу балхах. Нохчийчохь масла, йохьарлаьцна ю, тIемалошца, луьра къийсам бар тактик. Цундела, хира ду, дийна карабаьхкина дукха тIемалой ца хилар.

Дагестанехь, Iедалехь йолу коррупци а, могIарера зуламхой а, тIемалой а, дукха ийна болуш, мила-мичахь ву а , хьенан агIонехь ву а халла бен ца къаьста. ХIора дийнахь аьлча санна, цигахь бойуш бу, диндай а, полисхой а, маьрша бахархой а.

Амма тIаккха а, динан экстремизм бухе а юьллуш, даьржинчу ун лоручу цу буоламан, кхоччуш, хIара дарба ду аьлла, билгалдаьккхина дац цхьанна а махкахь.
XS
SM
MD
LG