ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Фетва» динан комитет кхоьллина Нохчийчурчу муфтиято


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIаларчу коьртачу маьждигехь ламазе боьлхуш бу бусулбанаш, 26Охан2013
Нохчийчоь -- Соьлж-ГIаларчу коьртачу маьждигехь ламазе боьлхуш бу бусулбанаш, 26Охан2013

«Фетва» олучу Нохчийчурчу муфтиято кхоьллинчу динан комитетан Iалашо ю бусулба низамашца доьзна долу хаттарш листар. Цу комитетан гIанта хаьржина муфтий Мирзаев Султан-хьажа. Шена тIе тидам бохуьйтуш ду и структура Iедалехь кхоьллина хилар.

Нохчийчоьнан муфтиятехь бинчу хаамца, керлачу комитетана юкъабахана республикера бевзаш болу дешна нах а, Соьлж-ГIаларчу коьрта маьждиган имамаш а, меттигерчу исламан университетан хьехархой а, республикан куьйгалхочуьнан администрацехь йолчу динан а, юкъараллин а вовшахтохараллашца уьйраш латторан департаментан белхахой а.






Франци -- Вачагаев Майрбек, историн Iилманча, 2012
Франци -- Вачагаев Майрбек, историн Iилманча, 2012













Нохчашна юкъахь дIаяханчу заманахь муха къастош хилла хIинца кхоьллинчу комитето юьхьарлоцур долу хаттарш? Динан комитет Iедалехь кхоьллина хиларо мел Iаткъам бийра бу цо тIеоьцур болчу сацамашна? Цу кепара структураш кхолларо бусулба юкъаралла екъа-м ца йоькъу те? Мел тIекхача йиш йолуш бу Нохчийчура муфтиятехь а, кхечу кхеташонашкахь а, комитеташкахь а дакъалоцуш болу молланаш аьлла, хаьттира оха историн Iилманче Вачагаев Майрбеке. Цо дуьйцу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG