ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СемаIашкахь Къемата де хIоттийнера 19 шо хьалха


Оьрсийчоь -- СемаIашкахь байъина нах дагалоьцуш дIаяьхьна пикет, 10Оха2008
Оьрсийчоь -- СемаIашкахь байъина нах дагалоьцуш дIаяьхьна пикет, 10Оха2008

19 шо кхаьчна СемаIашкахь, маьрша а нах а боуйш, оьрсийн эскархоша а, милцоша а операци дIаяхьан. И бохам тахана, официала Iедалша даре бина бац, амма, бахархойн дагалецамашкахь тахана а ду и Iаьржа де.


Нохчийчоьнан керлачу исторерачу бохамийн, уггаре а хьалхара бу ала мегар ду СемаIашкахь хилларг. Цуо гайтира, барам боцуш къизаллийца хира дуйла, тIаьхь тIедогIу шераш а, тIемаш.

Оханан беттан 7-8-чу оцу шина дийнахь, оьрсийн эскархоша цу оьвлахь дIаяхьанчу операцехь вийна лоруш ву официала хаамашца, I20-I40 стаг, амма, билгал беллачеран терахь 400-не кхоччуш ду бохуш дуьйцу оцу эвлара Iусман цIе йолчу вахархочо.

Iусман: «Жоьжахати яра иза. ДIатеснера бахархой, бухарчу Iедало а, тIедеъанчу Iедало а, Iедале бахка гIертачара а. 12-13 кIант виснера кху юьртахь. Цара 1-2 техника йохийнера, 2-3 оьрсий вийнера. Цул тIаьхьа, доладира бекхаман санна операции. ХIета, оцу эскархойн коьртехь вара Антонов фамилии ерг. Иза Романов хиллера, кхузарчу ницкъийн баьчча хилларг. Хаз неха санна адам дайира кху чохь. 400 сов стаг ву вийна лоруш. Вьетнамера Сонгми, Белоруссера Хатынь, хIумма а йоцург яра СемаIашкахь хиллачуьнга хаьжча. Къемат де дара».

И бохам болабалале, цхьана шина-кхаа дийнахь, эвлара герз детташ, тIелатарш дина хилла эскархошна. Шайна тIе герз ца тохийта, БТРшна тIе, воьдуш-вогIуш волу маьрша стаг тIе а воьхкуш хилла бохуш тоьшаллаш до семаIашкхоша. Оцу юьртахь, адамаллийн доьхьала тIеман зуламаш дина хилар лору, бакъоларъярхойн цхьацца цхьанатохараллаша.

перацехь дакъа лоцуш хилла Москохара а, Оренбурган кIоштера ОМОН а, Софрино гIалара тIеман дакъа а, иштта, леррина ницкъийн «Витязь» тоба а. Шуьйрачу тIамехь санна, СемаIашна йистехь дIахIиттина хилла ракеташ тухуш йолу «Град» а, «Ураган» а, танкаш а, яккхий тоьпаш а.

1996 шарахь, Соьлжа-гIалахь туннель чохь эккхийтина, тахана а, шен дегIан дола а ца далуш меттахь Iуьллуш волу инарла Романов Анатолий хилла бохуш дуьйцуш ду СемIашкарчу оцу операцийн куьйгаллехь. Иза, официала хаам бац, амма, юккъараллехь тешаш бу, иза лазор, оцу юьртахь лелийначу къизална доьхьала дина хиларна.

СемаIашкахь къена а, къона а, зуда а стаг а ца лоруш, тIех сов къизалца баийнера нах, бохуш кхин дIа а дуьйцу СемаIашкара вахархочо.

Iусман: «Нехан бехк ма бацара. Уьш цхьанна митингехь а бацара. Цхьа а стаг вен арабоьвла а бацара. Шай чохь, маьрша Iаш болчу нахана тIехь динера и хIума. Тахана ас, дуьйцуш дерг бакъ дуй-даций хуура ду хьуна, оцу СемаIашкахь кешнашка хьо жьажахь. Экскаваторца оьррнаш а догIуш, луларчу яьрташкара гIо а деш, дIабоьхкина и байина нах. Тахана, байина а , ца байина а, дуьйцуш а дац иза».

СемаIашкахь хилларг, хьул ца даделлера Iедалшка, цундела, иза дукха гIарадаьлла дела, Москохара пачхаьлкхан думийн депутатийн комиссии яхнера цига, шайна коьртехь Говорухин Станислав а волуш. Ша юхвирзича, цуо дIахьедар динера, цхьа а къизалш лелийна меттиг ца карийра шена цигахь аьлла. Ткъа, ша, юьртахь волуш, эскархоша динарг гича, дог вуо а хилла воьжнера воьвзаш волу режиссер, боху, оцу эвлара вахархочо Iусмана.

Iусман: «Кхуза веъча, велха а воьлхуш, дог гIелделла вожжа а вужуш хIума хиллера цунна. Хаза неха санна къизалла йина кхузахь аьллера цуо. Амма, дIавахча, шай агIора эшар дIа а лекхира, кхузахь дина хIумма а дац аьлла. Цундела, тахана, шен депутат а волуш веха шву иза. Цу заманахь, цхьана журналисташа язйинера кинчка «СемаIашкара бохам» аьлла цIе а йолуш. Даре а дина, мел долу хIума ду цу тIехь муха хилла дуьйцуш. Тахана, шай стаг вийнарг а вистхира волуш вац хьуна кхузахь».

СемаIашка дIаяьлча, кхиъ дуккха а бохамаш хиллира Нохчийчохь, адамаллийн доза а хадош. БухIан юьрт а, СаIди-кIотар а, ШаIми-юрт а, Сиржа-эвла а, иштта кхиъ цхьа моггIа яьрташ. Царах цхьаннахь а зуламаш дина болу эскархой жоьпе уозийна бац тахана. Амма, нохчийн агIорара, 20 шо хьалха а, тIемалойн боламехь хилла аьлла, дIалуьйцуш а, чубухкуш а нах бу махкахь. Иштта, кхиам санна лору, царах цхьа дIалаьцча, я вийча."

ТIеман хиламаш а тахана бирзина лоруш бу официала хьосташкара. Амма, цхьа а тIаьхь лаьтташ вац, бохуш цара волу, Умаров Докка велла хилар а, боккха кхаъ лору низамхоша. ТIемалойн баьчча вийна аьлла дуьххьара хаам, ши бутт хьалха гIарабаьккхинера Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, амма иза даре деш дацара Москохарчу къайлахчу сервисо. Таханий бен, цуьнан директора Бортников Александра бакъ ца дина иза вийна хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG