ТIекхочийла долу линкаш

Къоман бакъонна дIаделла дахар


Украина-- Джемилев Мустафа (аьрр), Симферополехь митингехь.

Украина-- Джемилев Мустафа (аьрр), Симферополехь митингехь.

ГIирмерa гIезалойн хьалханча, Украинин Лаакхарчу Радан депутат Джемилев Мустафа шайн къам махках даьккхина 70 шо кхаьчначул тIаьхьа юха а кхъийсам дIахьош ву Даймахкахь даха шайна бакъо яккха гIерташ. Оьрсийчоьно ГIирма дIалаьцначул тIаьхьа оьрсаша дихкина цунна шен цIа вахар. Кху деношкахь ПрахIехь хилира Джемилев Мустафа.

Маршо Радион коьртачу хIусамехь хиллачу зорбан конференцехь Джемилев Муслафас дийцира ша Чехийн Республике варах лаьцна.

Джемилев Мустафа: "Сий а, диццадалар а" цIе йолу Европан платформа олучу юкъараллан конференце веана со кхуза. Цигахь суна совгIат лур долуш ду. Иза тхайн сий дар санна лору оха, оццу хенахь иза вуно йоккха моралан гIортор а ю, тхуна еш йолу.

Къаьсттина иза мехала ду тхуна, тхан латта дIалаьцна хиларе терра. Ма дарра аьлча Советан пачхьалкхехь хиллачу рожах терачу рожана къелла нисделла тхо. Ткъа цхьацца долчу хIуманашна тIехь и режим кхин а воха ю. Иза ю оха иттаннаш шерашкахь къийсам латтийна режим. Тахана тхан махкахошна мел хала делахь а, оха доьху цаьрга шайн латтан тIера дIацадахар.

Амма адамаш адамаш ду. ГIирмера дIаоьхучу нехан терахь алсам долуш ду. Иза керла проблема ю. И проблема ю чоьхьара меттиг хийцина болчу нахаца йоьзна. Оха царах мухIажираш ца олу, уьш шайн пачхьалкхан Украинин территори тIехь болун дела.

Берриг а тхан сатийсам боьзна бу тхан латта мел сиха маьрша а даьккхина Украинех юха дIакхетар ду бохучуьнца. ГIирмехь йолчу сайн хIусамненаца аса телефонехула къамел долош девнаца долало иза. Шу, боьрша нах, хIун деш ду цигахь? Маца маьрша дохур ду аша тхо, бохуш хуьлу иза".

Джемилев Мустафан адамалла хилар гойтуш ду цо Нохчийчохь тIом боьдуш шен доьзале а валийна ши къант кхаьбна хилар. Цара ша а, шен хIусамнана Сафинар а шайн да-нана лору бохуш дийцира цо.

Джемилев Мустафа: «Уьш кест-кеста богIу со волчу. ХIора шарахь ца хуьлу иза, бакъдерг дийцича. ТIаьххьара стохка баьхкинера уьш. 6 шо долуш хилла цу берех хIинца ткъаттIа шераш долу товш болу кIентий хилла. Уьш со волчу хьошалгIа баьхкинера. Аса цаьрга хаьттира кхане муха го шуна цигахь аьлла. Цара мехкадаьттан факултет яьккхина цигахь. Соьлж-ГIалахь дIоггара кхане хир яц. Аса хаьттира цаьрга Къилбаседа Кипрехь университетехь деша лаам буй шун аьлла?Уьш хазахетта бара.

Ткъа Гергарчу Къилбаседа Кипран Малхбалера университето хIора шарахь ГIирмера гIезалошна мехаза деша 5 меттиг ло. Амма кху шеран квоташ чекхйевлла хиларна, леррина Кипре а вахана, ректорца барт бира аса, и къентй дIаэцахьара аьлла. ХIинца уьш доьшуш бу Малхбалера университетехь Къилбаседа Кипрехь.

Ткъа кхузахь хиллачух лаьцна шайна хиича цара телефон туьйхира соьга. Дада вайн цигахь тIом бу, тхо цIадахка оьший, бохуш хоьттуш бара уьш. Аса элира, ца оьшу, кIентий, аша деша кхузахь оха цхьаъ дийр ду аьлла. Цара тхох да-нана олу. Сох дада олу, Сафинарх нана олу. Дукха товш къентий бу уьш".

70 шо долчу Джемилев Мустафана Оьрсийчоьнан Iедалша шен Даймехка ГIирме вар дехкар онда тохар а хилла дIахIоьттира. Кху тIаьхьарчу ткъа сов шарахь цуьнан аьтто ца хилира ГIирмера гIезалой махках баьхна де дагалоцуш хиллачу хиламехь дакъалаца. ХIинца юха а цкъа ша толам баьккхина болу шен къийсам дIахьош ву иза ГIирма шайн халкъана юхайерзо гIерташ.

ХIинца цуьнан гIуллакх деана Оьрсийчоьнан президентца Путин Валадимирца. ГIирма юхаерзорехь Джемилевн бертахо ву дукха хан йоцуш Украинин президент хаьржина волу Порошенко Петро. Цуьнан иштта мах хадабо Джемилев Мустафас.

Джемилев Мустафа: «Порошенко Петро уггаре а хьалха дагахь ву Украинин арми чIагIъян. Амма Оьрсийчоьнан армина дуьхьал латта ницкъ болуш иза дIахIотто дуккха а хан оьшур ю, бохуш вара Джемилев Мустафа.

Джемилев Мустафа: «Суна хетарехь, и лаккхара дарж къуьйсуш хиллачу нахана юкъахь Украинин халкъан уггаре а тоьлла харжам бина. Цо хьалхарчу муьрехь толам баьккхина хиларо дуккха а хIума гойтуш ду. Цуьнан хила ма-еззза махкахочуьнан позици ю. Иза шен мехкан патриот ву. Бакъхьара стаг ву иза. Миллионер ву, амма бакъхьара ву.

Бакъдерг дийцича, дуьйцуш хабарш ду, ма хетта хьалхара миллион муха дира, кхин дIа дуьйцур ду олий. Суна Порошенко вевза дуккха шераш ду. Лаккхарчу Радехь тхойшиъ ул-уллехь хиина Iаш вара. Тхан аьтто хуьлу вовшен хетарг дийца а, ала а. Тхуна дика хетарг ду цо инаугураци йолуш а, Варшавехь а, Обамица хиллачу цхьаьнакхетарехь а ша ГIирма юхаерзо хьожур ву алар.

Ала деза, шайн территори йита еза аьлла волу цхьа а президент лаьттар вацара цу даржехь. Иза дерриг а Украинин халкъана хетарг ду ала мегар ду. Ткъа муха кхочуш дийр ду цо иза. Дера цхьана президентах дерриг а дозуш ма дац. Нагахь Украина цунна гIо а ца деш, цуьнан кхачамбацарш а лоьхуш Iахь, шеко а йоцуш, дика жамIашка кхочур дац тхо.

Амма и стаг хадам боллуш хилар а, хьекъал долуш хилар а - арахьарчу гIуллакхийн министран даржехь хилла а ву иза, Лаккхарчу Радехь а ойланца позици лоцуш вара иза - шеко яц. Иза лоруш ву дуьненчохь. Со тешна ву цо шега далуш дерг дийр ду аьлла. ХIун дийр ду цо?

Коьртачу декъана чоьхьара русурсаш вовшахтухур ю. Эскарш чIагIдийр ду. Экономика чIагIйир ю. Оьрсийчоь тхуна тIе ма летира, тхоьга дуьхьало ялур йоций шена билггала хуун дела. 4 шарахь Януковичан режимо ша урхалла деш дерриг а дира мохк ларбан болу аьттонаш дIабаха.

Ткъа хIинца Порошенкос уггаре а хьалха ша динчу къамелехь дIахьедар дира арми чIагIйийр ю ша аьлла. Амма Оьрсийчоьнан армина дуьхьал латта аьтто болуш иза хилийта гергарчу хенахь аьтто бац. Масал далош эр ду аса. Нагахь Оьрсийчоьно шен эскаран хьалташна хIора шарахь, оьрсаша далочу терахьашца, 70 миллиард доллар духкуш делахь, оха дойуш дерг ду цхьа миллиард ах миллиард хиллал доллар.

Цундела кхузахь инзаре шалхо ю. Тхо тIетевжуш дерг дуьненаюкъараллана хетарг ду. Оха сатуьйсуш дерг ду 1994-чу шарахь Украино зарратан герз дIадаларх лаьцна Будапештехь меморандум тIеоьцуш бина барт кхочуш бийр хилар. Цу пачхьалкхаша гаранти елира тхан кхерамазалла а ларйийр ю, территорин цхьаалла а ларйийр ю аьлла. Цара цхьаъ дийр ду аьлла сатуьйсуш ву со. Амма оха а, кху пачхьалкхан махкахоша а, шайна юкъахь оккупацина къеллахь бохкуш болу нах а болуш, тхайга далург дийр ду и де сихха тIекхачийта».

ГIирма дIалаьцна Оьрсийчоьно. Иза цо дIахоьцур ю аьлла цхьа а билгало яц. Делахь а шайн даймохк Украине схьаберзош къийсам дIабахьа кийча ду шаьш, амма ницкъах пайда оьцу некъ хоржур бац шаьш боху Джемилев Мустафас.

Джемилев Мустафа: «Оха баккъалла а тIе ца оьцу, хила мегар ду аьлла ца хета тхуна, хилахь а чоьхьарчу аьтонашца йоьзна йолу, ницкъах пайда эцарца йоьзна вариант. Нагахь, эр вай, Нохчийчохь 90 процент нохчий а, гIалгIай а хиллехь (цига баха ховша бахана нах иттех процент а бен бацара цигахь) ГIирмехь хьал нисса бIостанехьа ду. Кху автономин республикехь 13 процент бахархой а бен бац гIезалой.

Ткъа Севастополера бахархой а лаьрча, тхо кхин а къезиг процент ду. Цундела цхьа а герз а доцуш, ницкъ ца баран принципаш юьхьар а лаьцна даьхначу тхан толам баккха аьттонаш къезиг бу. Тхо иза хирг хилар тешаш дац. Мелхо а тхуна хаьа Кремлехь аьрзонаш хилар оха цу тайпа хIума дийр дацар-те аьлла сатуьйсуш, тхо ГIирмехь дайар дIадоло. Тхо цунна бахьана ца дала гIерташ дехаш ду.

Ткъа муха хила мега тхан стратеги? Аса юха а эр ду. Тхо чIогIа сатуьйсуш ду дуьненаюкъаралла тхайна тIехIуттур хиларе. Суна хаьа Оьрсийчоьнан Федерацин экономика дукхачу хьолахь йозуш хилар, цара юхкучу энергин аьргаллех. 60 сов процент йозуш ю иза.

Нагахь тахана мехкадаьтта черма 110 долларх цара духкуш делахь, иза 80 долларе охьадаьккхича Оьрсийчоьнан экономика йовхарш етта йолалур ю, тIаккха цуьнан аьтто хир бац цу тайпа авантюра олу, тароне а ца хьожуш, цу тайпа хIуманаш лело. Кхин а дуккха а методаш ю. Амма цу гIуллакхана дуьненаюкъараллан дог лазар оьшу».

Дуьненаюкъаралло лелочуьнга а ца хьожуш хIун дан дагахь бу гIирмара гIезалой? Джемилов Мустафа.

Джемилев Мустафа: «Оха тхайн агIор дийр дерг хIун ду? Варшавехь долуш президентаца Порошенкоца оха дийцаре дира и хаттар. Тхо дагахь ду ГIирмица йоьзна куьзган структура кхолла. ГIирман гIуллакхашкахула йолу министралла хир ю иза. ДоггIучура аьлча, тхан дуккха а зеразакъаш ю. Украинин материкан декъера луш ду ГIирме луш долу 80 процент хи. Иза хьажош ду КъилбаседагIирман татол чухула. И татол дIакъевлича хи хир дац цигахь. Ялташ хир дац. Дика хьал хир дац.

90 процент электорэнерги а ю ГIирме хьажош Украинера. Иза дIаяьккхича хIун хир ду хууш ду. Газ а ю Украинехула цига луш. Амма Украино ца йоху и гIулчаш. Цунна ца лаьа цига йоьду енерги сацо. ХIунда аьлча цигахь бехарш шен махкахой хета цунна. ГIирма дIалацарца Украинина дина зе лоруш ду тхо. Цара дIабаьккхина а, лачкъийна а болу бахам, цхьаболчу хаамашца, 3 триллион доллар хиллал мах болуш бу.

Цу хьокъехь дуьненаюкъарчу инстутишкахь а, кхелашкахь а болх бан дезар ду тхан, цунна дуьхьал Оьрсийчоьнан бахам дерриг дуьненехула кхелашкахула схьабоьхуш. Доцца аьлча, тхан декхар ду Оьрсийчоьнна цатемаш бан, иза эххаре а кхетийта ГIирма дIалаьцна латтор иза маьрша йоккхучул а деза хиларх.

Цу теманах лаьцна аса дкуккхазза а дийцина. Брюсселехь НАТО-н штаб-хIусамехь цу организацина юкъайогIучу 28 пачхьалкхан векалш а болуш, цара дийцира санкцийн муьрех лаьцна. Бакъдерг дийцича, ца дийцира тIеман аспект хIинца а юьйцуш яц аьлла. Амма цара со тешийра, шаьш юкъайоху санкцеш бахьана долуш Оьрсийчоь ГIирмера араяла дезаш хир ю бохуш. Цуьнан йита дезар ду ша дIалаьцна территореш.

Аса элира 1979-чу шарахь Советан пачхьалкхо ОвхIанистан дIалаьцначул тIаьхьа а кхайкхийнера санкцеш. Амма тхан 10 шарахь ладоьгIуш Iан дийзира, Советан Союз йохаре хоьжуш. ХIинца а Iан деза-те тхан оццул? Суна гур яц-кх маьрша ГIирма? Со цу хене вера вац элира аса.

Цара элира, хIахIа. ХIинца хиламаш дукха сиха хуьлу. Хьо дийна хир ву цара жамI дохьуш. Цунна тIе тевжина ду тхо. Амма оха а дийр ду тхайга далург.

Джемилев Мустафа вуно онда бала лайна ву шен дахарехь. Иза масалла ду ала мегар ду адамийн бакъонашкахьа, къаьсттина жимчу къоман бакъонашкахьа къийсарехь. Цуьнан дахарx лаьцна дийца аьлла дийхира оха историн Iилманче Вачагаев Майрбеке. Джемилев Мустафа ГIирмера гIезалойн къоман сурт ду бохуш дуьйцу Вачагаев Майрбека.

Вачагаев Майрбек:
XS
SM
MD
LG