ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан президентан цΙарх Нохчийчохь адамийн бакъонаш шен тергонехь латточу Нухажиев Нурдис шен даржан цΙе хийцар доьху меттигерчу а, Оьрсийчоьнан а парламенташка. Цунна хетарехь, бакъонашна тΙехьажархочух оьрсашха «уполномоченный» олучул комиссар алар товш хир дара.


Хенан цхьа юкъ мосазза ели, ног етташ, ламанах духдуьйлучу шовданах тера, къар ца луш, комаьршша, керланиг юкъадало а, федералан Iедалан галдаьлларг нисдан а тохало Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларьяран векал волу Нухажиев Нурди.

ХIинца цуьнан урхалло дIасабаржийначу хаамца, заманан лехамашца догIуш, шен метта хир ду, пачхьалкхехь шуьйра пайдаоьцуш долу ширделла «уполномоченный» бохучу дешан кхетаман меттана адамийн бакъонашларьяран комиссар аьлла цIе хийцича.

Цу кепара хийцамбар парламентан кхеле а диллина, дийцаре дайта дагахь ву Нухажиев Нурди. Цо кхеторехь, «комиссар» боху латинийн дош дуьненахь тIеэцна, шуьйра пайдаоьцуш, яккхий таронаш йолуш, Iедалан даржашкахь хилла нах билгалбеш лелла ду заманан йохаллехь.

«Адамийн бакъонашларьяран комиссар аьлла цIе тиллар бахархошна а товр долуш, бIегIийла хетар долуш хIума ду, стенна аьлча, цу цIарца йоьзна хастаме агIонаш, доьналлин, турпалаллин масалш хилла Оьрсийчоьнан исторехь. Тахана а «комиссар» бохучу кхетамах шуьйра пайдаоьцуш бу дуккха а пачхьалкхашкахь».

Нухажиевн иштта дIахьедар хааме даьккхина бакъонашларьечу урхаллин хьостано. Цунна хетарехь, цу "уполномоченный" бохучу дешан маьIна мелла а дайдеш, цунах пайдаоьцуш дукха хьукхмат-урхаллаш ю карарчу хенахь Оьрсийчохь. Уьш алсам хиларо, цу институтан мах байбеш, бахархой тилбан а тарло, Нухажиевс бахарехь.

Шайн урхаллина комиссариат аьлла цIе тиллича, и йовзар лакха а долуш, цуьнан шатайпаналла юьсур ю, Нухажиев Нурдина хетарехь.

Керла юкъадалор, нохчийн парламенто тидаме а эцна, дийцаре маца до а, я тергаме оьцур ду-дац а хууш дац. Ткъа бахархошна хетачух аьлча, царалахь кIезиг бац цIе хийцаро ян гIоле яц аьлла хетарш. Царна хетарехь, уггаре хьалха хийца догIург адамийн бакъонашларьечу урхаллин белхан кеп а, чулацам а бу. Иштта хьажам болчех ю Соьлжа-гIалин кIоштан яхархо, ворхI беран нана Зулай а.

Зулай: «ЦIе хийцинера аьлла, тIекхетар долуш хIун ду? КIадда а дац-кх. Дукха харцонаш ю лелаш, ткъа и бакъонашларьярхой дош ала хIуьттуш а бац. Нах хьийзош бу. Лоций, милла а дIавуьгу, гергарнаш бу хьаннашка кхуьйлуш, доьзалхошка схьакхойкхуьйту, бохуш. Хийла цIенош дагош нах кегийна меттигаш ю-кх.

Бехк-гуьнахь а доцуш хьийзабо-кх нах. Дас-нанас бохуьйтуш ма бац уьш хьуьнха. Церан дан хIума ма дац. ХIинццалц схьа царна гIо деш, дош ала хIуттуш а вац и уполномоченный ву бохург. Кхечанхьа долчунна-м сема хуьлу иза. Кху чохь долчунан-м бац бала. Маца талур ду-м хаац хIара хьал. Хийца езарг соьга хаьттича цIе яц, болх бу».

Зулайн агIончаш махкахь кIезиг бу ала а дац, шайна хетарг гIарадаккха тахана кху чохь церан некъ бацахь а. Цара далочу тоьшаллашца, кIоршаме адамийн бакъонаш талхор кхузахь, массо вола а воьлла, могIарера гIуллакх ду. Жоп деха да воцуш,олалла деш лору цара кхузахь ницкъаллин структураш, шайна луъург лаца а лоцуш, шайн дог-ойлане хьаьжжина, бахархошна тIеIаткъам а беш.

Хийла масалш ду гIаттамхойн гергарчарна ца богIу, низамо магош боцу ницкъ бина, аьллачунна кIелхьара бевлла доьзалхой бахьанехь, хIусамаш ягоран биста кхаччалц царна таIзар дина а. Амма, юкъараллехь гIара а даьлла, цхьа масал дац, меттигера, Нухажиев коьртехь волу бакъонашларьярхой юкъа а боьлла, хьасартне хьийза низамхой къепе бехна а, куьгбехкечуьнга жоп дехна а.

Делахь а и бохург данне дац Нухажиев Нурдин урхалло бахархойн хьашт-дезарш листарехь, де эшначунна орцах яларехь дакъа ца лоцу бохург. Дакъалоцу. Амма и дакъалацар шатайпа ду. Иза коьртехь волу урхалла жигара хьаьвза, масала, махкал арахьа. Оьрсийчоьнан кхечу кIошташкахь нисделлачунна.

Хийла меттигаш яьхкина, Оьрсийчоьнан цхьана кIоштан набахтехь нохчочуьнга ца богIу ницкъ беш, харцо кхийдина, аьлла, Нухажиевс шен векалш а хьежош, низамо ма-хьоьхху бакъо а, нийсо а толийтина. Иштта хийлазза жигара хьийзина и бакъонашларьярхо, къоман аттонна федералан Iедал самоне доьхуш, арз-дехарш деш а. Бакъду, Нохчийчохь тергаллуш дерг, Iедалца йолу юкъаметтиг ларьеш, цуьнца лераме чекхволуш, кхин дIоггаре ахкаме дуьллуш дац кхузарчу бакъонашларьечу урхаллин хьаькамо.
XS
SM
MD
LG