ТIекхочийла долу линкаш

«Мемориало» Нохчийчохь Доьза Байначу Нехан Тептар Арахецна


Оьрсийчоь -- Бакъонашларъярхой Локшина Татьяна а, Черкасов Александр а пресс-конференци луш, 11Гез2008

Оьрсийчоь -- Бакъонашларъярхой Локшина Татьяна а, Черкасов Александр а пресс-конференци луш, 11Гез2008

Нохчийчохь доьза байначу нахах лаьцна ша арахецна тептар дийцаре дан Москохарчу шен хIусаме кхайкхина журналисташ, бакъонашларъярхой, политикаш адамийн бакъонаш тергонехь латточу «Мемориал» юкъаралло. Тептаро бовзуьйту шолгIа том болабелчхьана дуьйна Нохчийчохь, доккхачу декъана, къепе латто декхаре йолчу урхаллийн карах доьза байначийн кхолламаш.


Тептар кепа тоххале, Нохчийчохь баккхий тΙемаш лаьтташ а, хΙинццалц а бинчу белхан жамΙ ду зорбане «Мемориало» даьккхинарг. Шех, тептарх, цуьнан чулацамехь долчух а лаьцна Маршо Радионе дийцира презентаци йоьдучу сохьташкахь юкъараллин куьйгалхочун гΙовса Черкасов Александра.

Черкасов: «Хьалхарчу декъа юкъа, ма-торру бацбина, хаамаш бехкина оха 384 стагах лаьцна. И нах байна бу ницкъаллин урхаллаша дIалецначул тΙаьхьа. Оцу тептарца тΙетохар а ду, цу тΙехь а бу 187 хууш доцчу хьелашкахь тΙепаза байначу нахах лаьцна хаам. Тхо тешна ду, уьш хилла ца Ιа байнарш оцу муьрехь. Кхеташ хила деза, оцу хΙора зуламна тΙаьхьа догΙуш ду кхин а дуккха а зуламийн кочар. Аьлча а, стаг лаьцна, вадийна, низам а талхош набахтехь кхаьбна, хьийзийна, кхел а йоцуш вийна, тΙаккха цуьнан дакъа къайладаьккхина. Тхан дуккха а белхахой бара хаамаш толлуш оцу шерашкахь, 2000 -2006-чу шерашкахь. Оцу наха талламаш бира, мел бакъ бу хьалха бина хилла хаамаш къастийра».

Тептаро бовзуьйту нохчийн нехан хΙаллакбина кхолламаш нахала бохуш къахьегначех уггаре йоккха жигархо ю, элира Черкасовс, «Мемориалан» Нохчийчуьра декъашхо Хаджиева Рукъият. Рукъиятца къамел дан аьтто а белира.

Цо иштта бовзуьйту тептаран чуламцам, аьлча а, ша а, шен накъосташа а, кхераме хилар а ца лоьруш, бинчу белхан жамI.

Хаджиева: «Орца доьхуш баьхкинчу нахера схьаэцна хаамаш бара, оха, хΙора хааман лорах нехан цΙа доьлхуш, республикехула чекх а девлла, адамашка ла а доьгΙна, цара схьадийцинчу тоьшаллех хΙоттийна и тептар. Айса динарг эр ду ас. Дуккха а белхахой бара тхан, ас цхьамма 1486 хаам теллира, нах беххаче дΙа а лелаш, ткъа ас 6 шо ду хΙара болх бен. Оцу нахах 971 стаг тΙепаза вайна ву. Уьш, гергарчара дийцарехь, Ιедало чуьра дΙабигина нах бу. Кхин а 112 стаг вийна схьакарийна ву».

Тептар, шеко яц, деша луурш а, и дезарш а дуккха а бевр бу. Ткъа кхераме дацара, тептар арадаларна уггаре хьалха куьг-бехке болу низамхой хΙинца а халкъана тΙехь а лаьтташ, даржашкахь а болуш, уьш Ιорабоху болх дΙабахьа, хаьттича, Хаджиева Рукъията иштта жоп делира.

Хаджиева: «Суна айса бийриг Далла гергахь а нийса болх хета, халкъана дан гΙо дацахь а, сан нахана хилла ма дуй хилларг. ХΙара болх ас барх, цхьанне а вас хила, я кхераме хета деза, аьлла а ца хета суна...Далла дика хуур ду-кх».

Цхьана хенахь дIахазийнарг, цхьана заманахь интернетехула даржийнарг дан а мега. Амма доьза байна нах, церан къаьхьа кхолламаш бовза луучунна боккха аьтто бина арахецначу тептаро. Иза шаьш дагалаьцначу белхан юьхьиг бен а яц, кестта рогΙера кхин дакъош а арадевр ду тептаран, элира Маршо Радионе бакъонашларъярхойн «Мемориал» юкъараллин куьйгалхочо Орлов Олега.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG