ТIекхочийла долу линкаш

Бахархой летта Ростох-кIоштарчу Ремонтное-эвлахь


Оьрсийчоь -- Бахархой летта Ростох-кIоштарчу Ремонтное-эвлахь.

Оьрсийчоь -- Бахархой летта Ростох-кIоштарчу Ремонтное-эвлахь.

Ростох-кIоштIахь Ремонтное цIе йолчу эвлахь, къаьмнашна юкъахь цабезам хилар бахьана долуш, тасадаларш хилла. Леттарш бу Дагестанера а, Нохчийчура а схьабевлла нах а, меттигера бахархой а.


Цкъачунна билггал хилларг хIун ду хууш дац. Цхьаболчу хаамашца меттигерчу кегийрахошна цатайнарг ду кавказахоша шайн мукъам лакхийтар. Ремонтное-эвлахь даьлла дов кIорггера орамаш долуш ду бохуш, чIагIдо цуьнах лаьцна дуьйцучу цхьаболчу зорбанан гIирсаша. И бахьана долуш цу эвлахь латтош ду полицин дакъош.

Оцу меттехь иттанаш шерашкахь бехаш бу Нохчийчура а, Дагестанера а нах. Дукха хенахь дуьйна цигахь юьртбахамаш а, даьхний а лелош Iийна бу кавказхой. ХIинццалц меттигерчу бахархошца бертахь Iийначу царна юкъахь хилларг хIун ду хууш дац. Меттигерчу оьрсаша кавказхой, къаьсттна дагестанхой бехке бо, шайн кгийра нахана а, зудабершна а Iаткъам латтабо бохуш.

Ши-кхо де хьалха кIоштан юккъерачу майданахь вовшахлатар хилла. Сихонца хаам а баьржина школашкара бераш цIа дигира дай-наноша. Гуттар а хьал луьрча даьккхинарг дара шайн накъосташна гIо дан Нохчийчура а, Дагестанера а автобусаш тIехь герзашца нах бог1уш бу бохург.

Хьал, мухха а далахь а, кхин а кIоршаме дала там бу аьлла, кIошта ялийна полицин 40-х декъашхочух лаьтташ йолу тоба. Бахархошка собаре хилар доьхуш кхайкхам бина кIоштан адмнистрацин куьйгалхочо Ганзиков Сергейс.

Хьал тахана, муха ду хаа, официала Iедалшкара чIогIа хала ду. КIоштан администрацехь а, полицехь а, журналисташца къамел данне а ца дира. Амма, Ростох-регионан полицийн декъехь цхьана стага дийцира шена хуург. Иза а, цо масех дош алале, сацийра цуьнан белхан накъосто.

Полицийн белхахо: ХIокху сахьтана цигахь долу хьал Iуналлехь латтош ду. Цигахь шортта нах а бу. Тхан урхаллан куьйгалхочуьнан хьалхара гIовс а, ишшта 40-х ОМОН-хо а ву цигахь. ХIора сарахь тхуна цара хуьлчуьнах лаьцна хаам бо. Тахана а хила безаш бу иза.

Ростох-регионан кхечу кIоштахь вехачу Лоьма цIе йолчу стеган гергара нах бу Ремонтное-эвлахь бехаш. Цаьрца къамел дича и дов шайх хьакхаделла дац, дагестанхой бу цу юккъахь коьрте баьхнарш аьлла, хаам бина шега элира цо Маршо Радиога вист хуьлуш.

Лема: «Со оцу кIоштана генахь вехаш ву. Хала дарацигахь хилларг къасто. Тхайн гергара цхьана кIанте телефон тоьхнера ас. Цо бахарехь, цигара цхьа а нохчо вац боху, къамел дан лууш. Шайца доьзна дов дац иза, дагестанхошца доьзна ду боху цара. Цундела цаьрна ца лаьа иза дийца».

Кавказхошкара хIума даьлча, иза дукха дестадой дуьйцуш, ткъаметтигерчу бахархоша доьхнарг дича, дижош хилар ша оцу меттехь вехачу 23 шарахь дукха гина шена бохуш, кхин дIа а дийцира Лемас.

Лема: «Жима стаг лелаш валахь, дIай-схьай тухуш, хIума Iоттало. Ишшта ду-кх иза. Вайгара цхьа жима хIума доллушехь, дукха сиха айдо-кх цара иза. Ткъа, шайчо, стаг схьа а лаьцна, цо иза вийча а, хIума ца олу. Наггахь, цхьа стаг новкъа валахь, иза кхузара дIавалийта лууш далахь а, айдо».

Кавказхойн а, оьрсийн кIошташкахь меттигерчу бахархойн а юкъаметтигаш гIоьртина хилар хууш ду. Алсам масалш а ду оцунна. Иштта масех бутт хьалха, Волгоград кIоштахь, цигахь дукха хенах дуьйна вехачу цхьана нохчочо тапча а йиттина вийнера кIоштан администрацин куьйгалхо.

Иза динчул тIаьхьа полици ваханера иза. Шен долахь долу латта схьадаккха гIерташ дукха хенахь дуьйна хьийзош вара ша цу стага аьллера цо. Бакъду, оцу девнехь, меттигера бахархой, нохчочуьнан агIо лаьцнера, цо шайна белхан меттигаш лора аьлла.
XS
SM
MD
LG