ТIекхочийла долу линкаш

Карара шо Оьрсийчохь дIакхайкхийна ду "Экологин шо" аьлла цIе а тоьхна. Iедалан массо а тIегIанехь терго ян езаш хилар тIедожийна цу гIуллакхна. Горга стоьлаш а, конференцеш а, кхеташонаш а лерина ю шо чекхадалале экологи йийцаре а еш дIаяхьа.

Къилбаседа Кавказан Iаламца хьал, шо шаре мел долу телхаш схьадогIуш ду, бохуш говзанчаша дуьйцу дукха хан ю. Къаьстина Нохчийчохь хишца дерг чолхе хилар ду бохуш дIахьедарш до эколога Головко Александра. Цо Маршо радиога дийцира, цуьнан бахьнех а, хила тарлучу тIаьхьалонех а.

Головко: «Къилбаседа Кавказехь а, Нохчийчохь а и хьал бохаман герга дахана ду. Доьзна ду иза цхьа хан хьалха мехкадаьтта даккха долорца. Мехкдаьтта схьадаьккхича кхоллаелла есалла хьалаюьзна лаьтта бухара хиш. Цундела Къилбаседа Кавказера хиш дукълуш ду. Цунна бахьан ду, лаьтта бухара хиш уьш дузуш ца хилар. Цул сов, шалаьмнаш а дешаш ду. Иштта, хин йистошкара дитташ хокхуш хилар а ду цхьа бахьана. Ша дерриг адамо беш болу Iаткъам бу иза».

Тахана Къилбаседа Кавказера мехкаш, къаьстина Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а, Дагестан а цхьацца цамгарш дебарца хьалхарчу метигашкахь ю. ЦIе ца йоккхучу цамгарца Нохчийчоь къаьстина ю. Дукхачу декъан цунна бехке дерг махкахь долу Iалам а, тIамо бехдина хиш а ду, аьлла хета шена элира эколога Головко Александра.

Головко: «Дицдан ца деза Нохчийчоьно ши тIом лайна хилар. Лаьттах дIовш дIадоьлла. Иштта мехкадаьттан чкъор а ду бехке. Цундела махкахь мел долу хи даьржина а, мокха басахь а ду. Цу чуьра микроэлементаш а, туьха а дIадолу. Ткъа, иза молу нах цомгуш лаьтта. Могашалла йоьзна ма ю ахь молучу хих. Цундела катоьхна метта дало деза мел долу хиш. Иштта хинайистошкахь дитташ а ден деза. Цара IиндагI латтадо хинна, тIаккха иза хIаваъехь дIаса ца даьржа. Дитташ а, хи а ши доттагI ду. Цара вовшна гIортор йийр ю. Вай Iаламан низамаш оцу Iаламца дIа ца нисдахь, цхьа а хийцамаш хир бац. Мелхо а вон хир ду. Халахеташ далахь а, вайн бIаьргашна хьалхахь кхоллалуш ду хIара сурт».

Хи ша охьадогIучу хенахь, нийса аренгахь а хьийза а хьийзаш хуьлу. Иза Iаламан низам ду. Оцу хьовзаро хи дийна а, пайдехь а латтадо, аьлла хета Головко Александран. Соьлж-ГIалахь, масала керла резиденци еш Соьлж-хинан харш тай тоьхча санна нисдина дIахIоттийна. Иза аьттехь дан мегар дацара, боху эколога Головко Александра. Иштта цо дарба а дуьйцу, телхина а, дукълуш долу хиш дендан.

Головко: «Хинан меандраш шаьш ма хиллара йита еза. Меандр-иза хин харш ду. Дукхачу хинан харш ша текхарган дегI санна хьевзина хуьлу. Хи сиха ца доьду, цундела иза тIех а ца долу. Дан дезарг- хиш тIехь тIулгех хилакъоргаш ю. Хиш дукхачу хьолехь кIорга дац. Цундела аьхкан заманахь уьш буха кхаччалц дохло. Ткъа 15 градусал дохделча саззаца даьржа иза. Кхечу дашца аьлча-цомгуш хуьлу. Хинан йохаллехь хилакъоргийн цхьа каскад йича бухара иза шийла лаьттар ду. Иштта, хьаьар а ду, кислородах дузур а ду. Кхечу дашца аьлча-хиш денлур ду. ХIинца чIогIа гIийла ду уьш. И болх бу царна тIехь наха бан безаш. Цигахь харж ян езаш хIума дац, нехан лаам хилчхьана. ТIаккхий бен хиш ларлур дац, тIаьхьа тIедогIучу чкъуран».

Ша буьйцу болх Iедалера дукха ахча оьшуш а бац. Нехан ницкъаца а далур ду иза, боху Головко Александро. Нагахь санна кху шина шарахь иза ца бахь, кхераме зил хадийна лара мегар ду боху хинан говзанчас.

Головко: «Коьртаниг: массарна а лууш ду хи лардан а, шайн берашна хIара оазис йисийта а. Амма цкъачунна-м республика хинйолчу гIум-аренах тарлуш ю. Дагестанехь гиний шуна? Таркхойн хIордан уллехь ю иза, хиш а кIезгаделла-ахгIум-аре санна ю. Цундела вайн кхин хан яц. И болх кху аьхка боло безаш бу. Кху шарахьий, тIедогIучу шарахьий вай и болх бола ца бахь, кхана тIаьхьа хира ду. ТIаккха вай миллиардаш чудеттахь а, Iаламан ницкъаца къовсадаларх аьтто бер бац. Iаламца барт бан беза, цо бохучунна тIехь. Вай ду цуьнах доьзна. Вайн ма-хуьллу дуьххьара и зен. Кхин цхьа хIума а ду билгалдаккха дезаш: Соьлж-ГIалахь дитташ дара. ТIом балале иза уггаре а «баьццара» гIала яра. ХIинца йолчу бетоно а, еса майданаша а экологи хIаллакйо. Кхузара цамгарш а ю. Вайна хууш ма ду, адамийн могашалла йоьзна ю, иза вехачу хьолах».

Карарчу шарахь экологин гIуллакхан аьлла ерриге а пачхалкхехь дайа лерина ду 238 миллиард ахча. МеттахIотталур дуй цунах хIаллакдина Iалам, ала хIуттуш дукха нах бац.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG