ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Герзхоша дIавигина Соьлж-ГIалара вахархо лоьхуш бу гергарнаш 


Вуьйцург ву 28 шо долу Соьлж-ГIалара вахархо Миназов Ризван. Шоьтан буса шен чура иза дIавигина герзаца хиллачу наха, хаам бо «Кавказский узел» портало.

Цо яздарехь, Миназовн гергарчу нахана иза ницкъаллин структурийн белхахоша лачкIийна аьлла хета.

«Кавказский узело» яздарехь, Миназов Новран кIоштахь хиллачуьнца воьзна хила мега аьлла лаьцна, хаам бина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера хьостано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG