ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Азербайджанерчу маьIданийн декъаяхана Оьрсийчоь


Азербайджан - Путин Владимир а, Алиев Ильхам а маьхкадаьтта а, газ а йохкарца боьзна барт чIагIбечу цхьанакхетарехь, 13Мар2013
Азербайджан - Путин Владимир а, Алиев Ильхам а маьхкадаьтта а, газ а йохкарца боьзна барт чIагIбечу цхьанакхетарехь, 13Мар2013

Оьрсийн пачхьалкхан долахь йолчу, уггар йоккха маьхкадатта доккхучу Роснефт компанино а, Азербайджанан Iедалан долахь йолчу SOCAR энергин компанино а барт чIагIбина пачхьалкхашна арахьа маьхкадаьтта а, газ а йохкаран хьокъехь. Оьрсийн президент Азербайджане ваханчу муьрехь куьйгаш яздина цу бертана кIел.

Бакох, шинарин дийнахь оьрсийн а, азербайджанийн а президентийн Путин Владимиран а, Алиевн Ильхаман а дагадовларшна юкъахь куьйгаш яздира маьхкадаьтта а, газ а йохкарца боьзначу бертана кIел.

МаьIданийн бахамаш болчу Азербайджанехь Оьрсийчоьно дакъа лацаран гIулч санна лоручу бертан ма-барра чулацам цхьана агIоно ца буьйцу. Оьрсийчура ца оьцуш, Азербайджанера маьIданаш эца ойла йолуш Европан Барт а бу.

Алиевс билгалдаьккхира, шинарин дийнахь чIагIбина болу барт, энергетикера цхьанабелхан «керла мур» бу аьлла.

Роснефто динчу дIахьедаро бахарехь, шина агIонан барт хилла маьхкадаьттан а, газан а проекташ кечъяран хьукхмат цхьаьний кхолла. И проекташ Оьрсийчохь а, Азербайджанехь а кхочушъйина ца Iаш, кхечу пачхьалкхашкхахь а дIакхехьа дагахь ю ши агIо.

Хаамийн гIирсаша хьалхуо дийцинера, Таркхойн хIурда тIехь Азербайджано газ йоккхучу Абшеронехь дакъа яха лууш яра Роснефть, бохуш. Амма бертаца иза хьаха ца дира.

Дагадовларш чекхдевллачул тIаьхьа, Путина а, Алиевс цхьаний дIаяьхьначу зорбан-конференцехь оьрсийн президента энергетикица доьзначу хаттарех лаьцна хIумма а ца элира. Таркхойн хIурдаца доьзна хаттаршна тIебахийтинера боккха тидам, элира цо.

Путин: Таркхойн хIурдан регионца йоьзна проблемаш ерзорна тIехьажийна бара дагадовларийн коьрта тидам. Иза машаре а, цхьанабелхан а регион хиларе сатуьйсуш ду тхо. Дуккха а проблемаш ю къастоза йисина. Кхерамазаллин хаттарех а, дозанаш къасторах а, Таркхойн ХIурдан биологин башхалла-шуьйралла ларъярца а, ишта дIа кхин а. И массо хаттарш къасторг хиларх чIогIа дог дохуш ду тхо.

Путина ишта Азербайджане дехар дира, Эрмалойчоь а, Азербайджан а девнехь латточу Ломан Карабахца доьзначу хьолана политикан некъ лаха, аьлла.

Путин: Дагадовларшкахь оха дуьненаюкъара хаттарш а хьахийра. Цу юкъахь дара, кхеташ ма хиллара, Ломан Карабахан проблема а. Суна билгалдаккха лаьа, политикан гIирсашца бен ерзалур йоцу проблема, мелла а сиха къастон Iалашонца Оьрсийчоь къахьоьгуш хилар.

Ялх шарахь дIаа, схьа а герзаш диттинчул тIаьхьа, 1994-чу шарахь чекхдаьллера и къастаза дисина дов. Шерашкахь Европан Кхерамазаллин а Цхьаьнабелхан а Организацино тIе а хьожуш, дIадаьхьначу дагадовларша цхьа жимма прогресс йина.

Алиевс элира и «дов историн бакъдолчунна а, дуьненаюкъарчу низамийн а, дуьненаюкъара сацамийн а буха тIехь дерзон дезаш ду», аьлла.
XS
SM
MD
LG