ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремло эмбарго кхайкхийна ах-дуьненна


Оьрсийчоьно ша юьззина эмбарго кхайкхийна Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкара а, Европан Бертера а, Астралера а, Канадера а, Норвегера а кхочучу кхачанан сурсатийн доккхачу декъанна. Жижиган, чIеран, стоьмийн, хасстоьмийн, шурин, нехчан, кхечу кхачан импорт сацор дозу цIеяьхначу мехкаша Оьрсийчоьнна дуьхьал Украина бахьанехь санкцеш кхайкхорца.

И хаам баржийна еарийдийнахь Оьрсийчоьнан премьер-министра Медведев Дмитрийс Iедалан кхеташонехь. Сурсаташ оцу мехкашкара эцар сацадо хIинццехь, иза шарна лерина а ду, бохура Медведевс. Ткъа Вашингтонна хетарехь, Кремло йоккхучу гIулчо Оьрсийчоьнан дуьненца лагIъелла зIенаш кхин а алсам лагIйийр ю. Медведевс элира, шаьш цул совнаха доьхкур Малхбаленна Оьрсийчоьнан стигалхула Азе кеманашка некъаш байтар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG