ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан тамашийна гIо


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан гуманитарийнн ковра, Марс12, 2014
Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан гуманитарийнн ковра, Марс12, 2014

Украине гуманитарийн гIо эцна бIеннаш машенаш хьажийна Оьрсийчоьно, ткъа Малхбузера пачхьалкхаш иза Кремлан керла питана хила там бу бохуш саготту ю.

ЦIечу ЖIаран а, ЦIечу Ахбеттасан а дуьненаюкъара гIодаран цхьаьнакхетаралла цецъяьлла ю, Оьрсийчоьно Украине гуманитаран гIо хьажийна бохучух. Малхбузерачу хаамийн гIирсашкахула цу юкъараллин векало Лоьрш Андрес динчу дIахьедарца, масех де хьалха шина пачхьалкхан барт хиллера, ЦIечу ЖIаран а, ЦIечу Ахбеттасан а дуьненаюкъара гIодаран цхьаьнакхетаралла декъа а йолуш, Оьрсийчоьно Украине гIо хьажор ду аьлла.

Бакъду, и гIо цуо ЦIечу ЖIаре дIа а делла, ткъа оцу гIодаран юкъаралло ша Украине дIакхачон дезаш а, цигахь цуьнан белхахоша дIасадекъа дезаш а дара. Амма уггаре а хьалха Оьрсийчоьнан векалша ЦIечу ЖIаре шаьш Украине хьовсош долчу сурсатийн а, молханийн а, кхинболчу гIирсан а цIераш тIехь йолу документаш дIадала дезаш дара. И кехат Оьрсийчоьно дала-м тешна а ца деллера, бохуш, чIагIдо Лоьрш Андрес, хаане а Украине оьрсаша гуманитаран гIо хьажийна бохург а хаамийн гIирсашкахула бен ца хиъна шайна.

Ала догIу, Кремло тIеман тийсадаларша лаьцначу Украинин кIошташка гуманитаран гIо хьажор ду бохург дийцаре даьккхина масех де а ду. Малхбузерачу тергамхоша а, политикан куьйгалхоша а и коста даьржича дуьйна схьа дийцаре даьккхира, схьахетарехь, Оьрсийчоьнан куьйгалхой, гIо даран акцих пайда а эцна, Украине тIеман ницкъашца чугIорта а, и мохк биснарг а бекъа а Iалашо кхобуш болчух тера ду, бохург.

Цхьа могIа пачхьалкхийн куьйгалхоша дIахьедарш а дира цу хьокъехь. Иштта, масала, оршот сарахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Обама Баракас а, Италин премьер-министра Маттео Ренцис а шаьшшина юккъехь хиллачу телефонан зIенехь билгалдаьккхинера, нагахь санна муьлха а цхьа гуманитаран гIо Оьрсийчоьно Украине хьажош хилахь а, тIаккха иза Киеван официалан резахиларций бен дийцаре дойла а дац, аьлла.

Цул совнаха, оршот сарахь кху тIаьхьарчу масех кIиранахь дуьххьара Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца телефонаца зIене ваьллера Еврокомиссин куьйгалхо Баррозу Жозе Мануэл а. Цуо хаийтинера Путине, Кремло Украинехь муьлха а тайпа тIеман жигаралла гайтахь, - хуьлда иза гуманитаран бахьанаш юхьара а лаьцна, я муьлха кхин цIано а ялош, - иза Малхбезено могуьйтур долуш хIума ца хилар. Иштта Еврокомиссин куьйгалхочуо дIахаийтира Путинна, и саннарг цуьнан пачхьалкхено дахь, Малхбузенан санкцеш кхин а шогайохург хилар а.

Ткъа оццу оршот дийнахь Украинин президентаца Порошенко Петроца шен хиллачу къамелехь Баррозус иза 2,5 миллиард еврона гуманитаран гIо Евроберто Украинина дийр долуш хиларх тешийра.

Делахь а, Малхбузено мел кхайкхамаш барх я кхерамаш тийсарх, шинари Iуьйранна Москохана уллора Украине гуманитаран гIо эцна 280 кир лелон машен новкъаяьккхина Оьрсийчоьнан бохамийн министралло. И цара хьош долу гуманитаран сурсаташ, хьахийна ма-хиллара, ЦIечу ЖIаро талла а теллина, сертификаци йина я къобалйина яц.

Венерчу Малхбалерчу Европин институтан Iилман белхахо волчу политологна Чапханов Русланна хетарехь, сел каде Оьрсийчоь Украинехь бохам ловчу нахана гIо дан гIертар цуьнан цу нахах дог лазар дац, шен идеологин а, политикан а Iалашонаш кхабар ду. Уггаре а хьалха, „Кремло шеца берш тесна ца буьту“ боху месседж яржорхьама.

Чапханов Руслан: „Суна хетарехь, маьршачу адамех дог лазар дац цу хIуман бахьана. Гуманитаран гIо оьшуш Оьрсийчохь а бу шортта нах. Шаьш боккъал а гIодан гIерташ белахь, цара и гIо дуьненаюкъарчу цхьаьнакхетараллашка дIа а делла, цаьрга дIасадоькъуьйтур дара. Ши бахьана го суна цигахь – я шаьш оцу Украинехь долийна питанаш бахьана долуш юхьIаьржа ца хIитта гIерташ, цигахь цхьа хIилла дан гIерта уьш. Я шаьш шайна тIаьхьахIиттина шайн агIончаш дIа ца тоссийла массарна а дIагайта гIерта уьш“.

Ткъа цу юкъана карарчу хенан коьрта хаттар хилла дIахIоьттина, оьрсийн гуманитаран колонна Украинин дозанна тIе кхаьчча, цуо кхин дIа хIун дийр ду бохург. ХIунда аьлча, шинари дийнахь Киевехь лерина дIаяхьначу брифингехь Украинин президентан администрацин куьйгалхочун гIовс волчу Чалый Владимирс дIахьедар дира, шен пачхьалкхан Iедало оьрсийн машенаш дозанал сехьа йовлуьйтур яц, аьлла, - нагахь санна и гуманитаран машенаш ларйеш цаьрца оьрсийн эскархой я бохаман министраллин векалш хилахь.

Чалыйс иштта элира, и кир дозанал дехьа даккха цхьа некъ бу – иза дозанехь охьа а даьккхина, талла а телина, ЦIечу ЖIаран машенашна тIе а доьттина, оццу ЦIечу ЖIаран белхахойн гIоьнца бохам ловчаьрга дIакхачон Оьрсийчоь резахилар. Цуо дийцарехь, цу балхана жоьпаллехь ду дуьненаюкъарчу ЦIечу ЖIаран, ЦIечу Ахбеттасан Украинера дакъа, ткъа эшахь, цунна гIоьнна Женевера оцу сохьта схьакхача кийча кхин а цу юкъараллин векалш а бу.

XS
SM
MD
LG