ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан депутаташна таIзар дан сиха дац КIайн ЦIа


КIайн ЦIийнан сайт тIехь йолу петици

КIайн ЦIийнан сайт тIехь йолу петици

Кхаарин дийнахь ГIура-беттан 26-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташоно дийцаре дийра ду Iамеркехь тIеэцначу «Магнитскийн акт» цIе йолчу низамна жоп луш Оьрсийчохь кечдина низам. "Яковлев Димийн низам» аьлла долу документ даханчу ПIераскана дийнахь тIеэцна Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо.

Цу низамца а догIуш, Iамеркан бахархошна доьхкуш ду Оьрсийчура бобераш шайн доьзалшка эцар. "Магнитскийн цIейозанна" юкъа ьоха беза и низам тIеэцна болу Оьрсийчоьнан депутаташ аьлла петици уккчйина Iамеркин президентан администраце эзарнаш наха. Цунна хIинцале а жоп делла КIайн ЦIийно.

«Магнитскин цIейозанна» юкъа боберашна дуьхьал низам тIеэцна болу берриг а Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутаташ тохахьара аьлла дехар гучудаьллера кху беттан 21-чу дийнахь Iамеркан КIайн ЦIийнан сайт тIехь «Вай, халкъ» аьллачу декъехь.

Iамеркан президентан администрацега и петици йийцаре яйта тIебогIучу Дечкен-беттан 20-гIа де тIекхачале цунна кIел куьйгаш таIо дезаш вара 25 эзар стаг. Амма иза дира адамаша ши де а далале. Куьйгаш гулдар сацочу хенахь цу тIе куьг таIийнера 54 эзар сов стага. Хенал хьалха и петици дIа а къевлина Iамеркан администрацино жоп делира цунна гIортор йинчу нахана.

«Цхьаьнатоьхна Штаташ кхеташ ю Оьрсийчоьнан Думо тIеэцна низам бахьана долуш шу саготта хиларх. Нагахь иза болх бан долалахь, цу гIуллакхо доьхкур Iамеркера а, Оьрсийчура а бераш вовше доьзалшка эцар. Цул совнаха цхьанакъахьега новкъарло йийр ю Оьрсийчурча организацашна Iамеркахошца. Оха кхин дIа а гIиттор ду и хаттарш Оьрсийчурча Iедалшна хьалха». Иштта ду петицин авторшна КIайн ЦIийно делла жоп.

Цхьа а дош ца делла Iамеркан администрацино «Магнитскийн низамца» санкцишна юкъабоьлхуш болчу нахах цхьаъ дIатухур ву аьлла. Цу тIехь цхьа юкъара дешнаш ду, Iамерко тIейогIучу хенахь а Оьрсийчохь гражданийн юкъаралла кхиорна гIортор йийр ю аьлла. КIайн ЦIийно иштта дош делла, юрист Магнитский Сергей валарна жоьпехь болчу нахана таIзар дайта а хьовсур ду шаьш аьлла.

«Магнитскийн низамца» а догIуш, кIоршаме адамийн бакъонаш талхош болчу оьрсийн Iедалшхошна дуьхьал Iамеркан Цхьаьтоьхначу Штаташ кхайкхо мегаш ю цхьамоггIа санкциш. Царна юкъахь ду цу нахана Iамерке бахкар дехкар а, банкашкара церан чоьташ дIакъовлар а, царна бахамех пайда эцар дехкар а.

Кху беттан 22-чу дийнахь Iамеркан КIайн ЦIийнан сайт тIехь гучуелира, цу тайппа ала мегар долуш чулацам болу кхин а цхьа петици. Цунна кIеллахь куьйгаш таIийнера 8 эзар ах эзар стага. Ткъа кхин а цхьа даьлча "Эндрю Л." цIе йолчу стага керла петици кечйира КIайн ЦIийне, Магнитскийн цIейозанна юкъа президент Путин Владмир тохахьара аьлла.

Цу идейна гIортор ян кхиийна хIинцале а 12 174 стаг. ЦIерашка хьажча, цунна къел куьйгаш таIийнарш оьрсийн мотт буьйцуш болу нах болчух тера ду, Iамеркехь а, Оьрсийчохь а кхин йолчу а пачхьалкхашкахь бехаш болу. Iамеркан куьйгалле динчу дехарна кIел куьйгаш яздан бакъо ю кхечу мехкашкарчу бахархойн а.

И тайпа петициш гучуйовларо эргIад бахийтина бу Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутаташ. Царна хетарехь, нагахь «Магнитскийн цIейозанна» юкъа Оьрсийчоьнан парламентарийш тохахь шина пачхьалкхан юкъаметтигаш вуно галъевр ю. Оьрсийчоьнан Лакхарчу Чоьнехь – Федерацин Кхеташонехь – дIахьедар дина, цу тайпа петици гучуяларо Iаткъам бийра бац цера буборех лаьцна долу низам тIеэца йолчу Iалашонна, аьлла.

Сенаторш "Яковлев Димин низам» аьлла долу документ тIеэца дагахь бу Кхаарин дийнахь ГIуран-беттан 26-чу дийнахь. РИА Новости агенталло дала до, Федерацин кхеташонан вице-спикер йолчу Орлова Светланас аьлла долу дешнаш. Шаьш кхеро гIерта ца оьшу, кхоьруш цхьа а вац аьлла, дIахьедар дина цу зудчо.

«Вай, халкъ» цIе йолу проект дIайолийна Iамеркан президентан администрацино даханчу шеран Гезгмашин-баттахь, цуьнан гIоьнца мьулхха а Iамеркан вахархочуьнан аьтто хилийта Цхьанатоьхначу Штатийн Iедалшка дехар дан а, Iедалшна цу стага дуьйцург хазийта а.

Оьрсийчура депутаташа боберашна дуьхьал долу низам тIеээцарна оьгIаз бахана нах Оьрсийчохь а бу. Масала, «Новая газета» куьйгаш гулдан доладелла, Пачхьалкхан Дума дIасахецийта лууш болчу нехан. Референдум яхьара аьлла дехарца цхьаьна президенте а, коьртачу харжамийн комиссе а дIадала дагахь ду и куьйгаш газет 2013-чу шарахь Чиллан-беттан Хьалхарчу дийнахь.

Вуьшта, Оьрсийчоьнан низамаша цхьа а бакъо луш яц бахархошна петициш язйина а, референдум йина а Пачхьалкхан Дума дIасахеца.

Оьрсийчоьнан дешаран а, Iилманан а министралло бинчу хаамца, Оьрсийчура бобераш уггара дукха шайн доьзалшка дIаоьцуш берш бу Iамеркахой. 2011-чу шарахь кхечу пачхьалкхашкарчу доьзалша шайн хIусамашка даха дIаэцначу 3400 берах 956 дигина Iамерке. Царах 89 заьIап ду. 1996-чу шарахь дуьйна Iамеркерчу хIусамаша шайн доьзалшка эцна 60 эзар гергга бер. Царах 19 бер делла. Керлачу де-ненан бехкенна кхелхина бераш а ду цу 19-нна юкъахь.

Оьрсийчохь бобераш дIаэцначу доьзалшкахь деллачу берех лаьцна официалан статистика яц. Амма цхьацца билгалонашца хууш ду и терахь иттаннашкахь алчсам хилар.
XS
SM
MD
LG