ТIекхочийла долу линкаш

Терроран тIелатар кечдарна 10 шо хан тоьхна ХIинжа-гIалин мэр хиллачу Амировна


Оьрсийчоь -- Ростох кхелехь ву ХIинжа-гIалин мэр хилла Амиров СаьIид, Охан 24, 2014

Оьрсийчоь -- Ростох кхелехь ву ХIинжа-гIалин мэр хилла Амиров СаьIид, Охан 24, 2014

ХIинжа-гIалин мэр хилла Амиров СаьIид а, Каспийск-гIалин куьйгалхочуьнан когаметта хилла Джапаров Юсуп а бехке веш сацам тIеэцна Ростох Къилбаседа Кавказан гонан тIеман кхело. И шиъ бехке вина теракт кечъярна а, герз дохка-эцарна а. Амировна 10 шо кхайкхийна судхоша, ткъа Джапаровна кхайкхийна 8,5 шо.

Талламхоша кечйинчу версица, ХIинжа-гIалан куьйгалхо хилла Амиров СаьIид хилла шен политикан конкурент Пенсийн фондан куьйгалхо а, Дагестанан пачхьалкхан кхеташонан депутат а волу Муртазалиев Сагид дIаваккха кечлуш. Цу Iалашонца цо карахь лело зенитан-ракетан комплекс эцна депутат тIехь волу кема чудаийта дагахь, тIаьхьо иза терроран акт яра аьлла дIа а кхайкхош.

Дагестанехь Iедалан куьйгалхо хийцалуш цу дарже хIотта дагахь хиллера Амиров, шеца и дарж къовса мегаш волу стаг а вийна. Амиров дагахь хиллера, Дагестанехь болчу тIемалоша иза вийна аьлла дIа а хьедина, республикехь паника а яьккхина, Iедалш зуламхошца къийсам латто гIорасиз ду аьлла дIакхайхко. Иза дагахь хиллера ша бен республикан коьрте хIотто стаг вац аьлла массо а тешо.

Цул сов, Амировна бехке диллина 2011-чу шеран ГIура-беттан 14-чу дийнахь Оьрсийчоьнан талламан комитетан ХIинжа-гIалахь волу белхахо Гаджибеков Арсен вер. И зуламаш дар даре ца до хиллачу мэро.

Амиров СаьIид Iедалша лецира стохка Мангал-баттахь. Цу гIуллакхо вуно цецбаьхнера нах. ХIунда аьлча Амиров СаьIид могIарера Къилбаседа Кавказера республикан коьртачу гIалан мэр хилла ца Iара. Цу стага шен Iуналлехь латтош яра Дагестанехь а, цул арахьа а хуьлуш йолу политикан процессаш.

Амировн бизнесан проекташна юкъаозийна бара иттаннаш политкаш а, бизнесхой а. Масала, Гейдар Джемалана хетарехь, Амиров юххера уьйраш лелош вара Оьрсийчоьнан куьйгаллехь болчу нахаца. Ткъа Къилбаседа Кавказ Оьрсийчохь мехала регион хилар тидаме эцча, Джемалана хетара Амиров лацаро вуно вочу доккхур ду аьлла Оьрсийчура политикан хьал.

Амма цкъачунна Джемала сагатдеш хилларг кхочуш ца хилла. Амировн гергара нах ахча-бохча арадаьккхина хьийзинехь а, дукха хан йоцуш вуно ницкъ болуш хилла и стаг 10 шаранна набахте хьажош ву луьрачу хьелашкахь хан яккха.

Ростох хиллачу суьдехь прокурораша дийхира экс-мэрана 13 шо тохар. Оццу гIуллакхехула кхеле озийна вара Амировн гергара стаг Каспийск-гIалин куьйгалхочуьнан когаметта хилла Джапаров Юсуп.

Амировна хан кхайкхош сьудо тидаме ийцира и стаг заьIап (юх лелаш йоцуш) хилар а, цуьнан пачхьалкхо делла совгIаташ хилар а. Джапаровна 8 шо ах шо хан тухуш суьдо тидаме ийцира цуьнан кегийра бераш хилар а, цуьнан хIусамнана цуьнан рицкъах йозуш хилар а.

Амиров СаьIид ХIинжа-гIалан мэран даржехь лаьттира 1998-чу шарахь дуьйна 2013-чу шаре кхаччалц. Цу хенан чохь 10 сов тIелатар а дира цунна иза вен дагахь.

Ростох кхел дIайирзича Амировн адвокато Постанюк Владимира дIахьедар дира, шаьш массо а инстанцешка латкъамаш бийр бу аьлла.

Постанюк Владимир: «Оха, шеко а йоцуш, аппеляцин латкъам а кечбийр бу, кхин болу берриг а латкъамаш а бийр бу тарлучу массо а инстанцешка».

Амиров а, Джапаров а бехке вац, шаьш иза гойтур а ду эххаре а бохушг вара адвокат.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG