ТIекхочийла долу линкаш

Путинна а, цуьнан ражна а дуьхьал эшарш гулйеш ю цхьана албомехь


Оьрсийчоь -- Путин Владмир, 14Стиг2013

Оьрсийчоь -- Путин Владмир, 14Стиг2013

2011-чу шарахь ГIура-беттан 4-чу дийнахь Пачхьалкхан Думе харц харжамаш хиллачул тIаьхьа Оьрсийчохь юьйлаелира иттаннаш эзарнаш наха дакъа лоцу дуьхьалонан акцеш. 2012-чу шарахь Зазадоккху-беттан 4-чу дийнахь, Путин Владимира толам а боккхуш, президентан харжамаш хиллалц яхйелира уьш.

Цу юкъана язйина ю хIара йиш музыуканто Попов Сергейс.



Ша президент хIоьттинчул тIаьхьа оппозицин боломан лаг къовла волавелла Оьрсийчоьнан президент хIинца а сецна вац. Дуьхьалонан акцешка арабовлу нах сихонца дIахьо полицино. Адамийн маршонаш а, дош ала йолу бакъо а гатйеш низамаш тIеэцна Путинана лаам сихонца чекхбоккхучу Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутаташа.

Официалан пропагандо мостагIий бу аьлла дIакхайкхийна бу жимма а адамаллан ойла йолу нах. Суьдаш тIеоьцу сацамаш а бу политкан бух болуш.

Цу хьолехь 2012-чу шарахь дуьхьалонан болам гIелбелча гучуелира «КIайн албом» аьлла цIе тиллина йолу Путин Владимирна а, цо хIоттийначу Iедалан ражна а дуьхьал йолу эшарийн гулар. Таханлерчу дийнахь цу юкъахь ю 300 гергга йиш.

Оппозицин агIончашна гIортор еш бара цхьаболу яздархой а, артисташ а, поэташ а. Ткъа дукхах болу эшаршлакхархой юьстах бисинера цу гIуллакхана.

"КIайн албом" вовшатхоьхначу Липинский Александр дийцарехь, иза арахецарца кхочуш бина и кхачамбацар.

Липнинский: - "КIайн албомо" кхоччуш дIакъовлур ю и кIайдарг. Иза тхан Iалашо а ю. Музыкан уггаре а хьалхара Iалашо ю юкъараллан климат могаш дар а, сирла ойланаш кхоллар а».

"КIайн албомана" юкъахь дакъалоцуш бу гIарбевлла болу эшаршлакхархой. Царах ву, масала, президентан Путин Владимирна юьхьадуьххьал критика ян ваьхьна волу ДДТ тобан куьйгалхо Шевчук Юрий. "КIайн албомана" юкъахь ю цо язйина «Маршо» цIе йолу йиш.



Путинна дуьхьал йолчу хьалхарчу эшаршна юкъахь ю музыканто Обломов Василийс а, журналисташа Парфенов Леонида а, Собчак Ксенияс а лекхна хIара йиш а.




Музыкан критик Троицкий Артемий а ву оппозицин боламан хьалханчех цхьаъ. Иза юьстах ца висина «КIайн албомана».




Капитан Кенгуру олучу тобано локху хIара йиш.


Ткъа хIара Рабфак тоба ю.



КIайн албоме ладогIа аьтто бу интенетехь кхун адресца: www.soundcloud.com.
XS
SM
MD
LG