ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоь: цамгарш, ислам, герз


Дагестан -- "Ислам - дин ду, террор яц, хьиджаб - духар ду, герз дац" аьлла йоза ду ХIинжа-ГIаларчу цхьана хIусаман керта тIе яздина, 06Ман2010

Дагестан -- "Ислам - дин ду, террор яц, хьиджаб - духар ду, герз дац" аьлла йоза ду ХIинжа-ГIаларчу цхьана хIусаман керта тIе яздина, 06Ман2010

Кхо коьртан лазам бу таханлерчу Оьрсийчоьнан, цигарчу социологаша дийцарехь. Бахархойн доккхаха дакъа могуш дацаррий, бусулбанийн терахьаш сиха кхуьуш хиларрий, шо шаре мел долу герз оьцу нах совбийларрий. Оцу кхаа балано кестта гΙелдийр ду Оьрсийчоьнан пачхьалкхалла, лахбийр бу цуьнан ницкъ, дуьненан цуьнга болу сий-ларам, бохуш ду Ιедалх йозучу а, йозуш йоцчу социологин центрша доху орца.




Лоьрех чекхбевллачу бахархойх 65 процентехь карийна лазарш я могашаллина кхераме долчу кепехь нах бахар, кхачанца аьхаза хилар, хΙу цΙена дацар.

Оьрсийчоьнан могашаллин министралло далочу терахьаша гойту 17 миллион гергга вахархо лоьрех чекхваьккхина хилар, шайлахь кхоалгΙа дакъа бераш а долуш. ХΙора 15-гΙаниг ву, боху министран гΙовса Яковлева Татьянас, гипертони йолуш, ткъа рак кхетта ву хΙора 200-нна юкъахь цхьа стаг. Доцца аьлча, халкъан кхоалгΙа дакъа бен ца ларало могуш.

Бахархойн оьмар яцлуш хилар а бу Оьрсийчоьнна боккха коьртан лазам. Халкъан могашалла лакхайоккхуш бечу белхан хьалхара гΙулч хΙора стаг лоьрийн Ιуналле эцар ду, боху Яковлева Татьянас.

Ала деза, Европаца дустийла а доцуш, медикийн тергонах хаьдда беха Оьрсийчоьнан бахархой. Лоьраша даима а санна зуьй бахархой, масала, Финляндехь, Японехь. Цундела оцу шина мехкан аьтто баьлла нехан хеназа баларш 60 процентна а лахдан.

Берийн цамгарш а ю Оьрсийчохь кхераме лакхара. Дуьззина могуш ларалучу берийн дакъа дац 25 процент бен, ткъа дуьненчу долу хΙора шолгΙа бер ду, муьлхха а хилла а, шеца цхьа сакхт долуш.

Оьрсийчоьно, аьлча а, цунна коьрта хьакамаш латточу «Цхьааллин Оьрсийчоь» партино кхеторехь, шолгΙачу меттера бала бу пачхьалкхана ислам. Дешаран а, Ιилманан а министран гΙовса Каганов Вениамина деношкахь оцу партин дайшна хьалха къамел деш хазийра и гΙайгΙа. 11 процент берашна лаьа школехь шайна ислам Ιамадойла, аьлла, гΙарабаьккхира цо бусулба дино шена бохьу аьлла хета кхерам.

Иштта далийра цо кхин терахьаш а – 46 процент берашна лаьа шайна керста дин Ιамадойла. Амма коьрта тидам, хьал дикачех дацар къадош, гулбеллачара тΙехьажийра исламна тΙегΙерташ Оьрсийчохь хΙора итталгΙа бер хилар.

Оьрсийчоьнан, статистикаша дийцарехь, кхозлагΙа коьртан лазам бу халкъ бут батте мел болу герзах къовлалуш хилар.


«Герз лелон бакъо» шех олучу боламан координатора Бутина Марияс далочу терахьашца, ах миллион стаг ву Москох шен дола, Ιедало а магош, герз даьккхина, аьлча а, эцна.

Стенна оьшу бахархошна герз бохучу хаттарна жоп луш, Бутинас боху, «нахана кхерамзалла яц, вайн хьалхарчу меттехь ду Евразехь адамаша вовший дайъарца».

Ток туху коьчалш а, бΙаьргех хидоккху газ яржае гΙутакхаш а парггΙат эцало Оьрсийчохь. Травматикан тапчанаш лицензи хилча юхку. И тайпа герзаш дезарш тΙех сов бу аьлла хетачу Ιедалша тΙаьххьарчу муьрехь алсам даьхна иза эца оьшу кехаташ, хьелаш – хΙинца кΙиранашкахь дешарх чекхвала веза герз эца дагадеанарг.

Герз нахана карадогΙу некъаш гатбан беза аьлла, деношкахь къамел дира прессехь Москох мэрехь кхерамзаллин кхеташонан гΙатден гΙовс а, лерринчу ницкъийн, «Альфан», ветеранийн гонехь куьйгалхочун гоьнча а волчу Гончаров Сергейс.

Иштта бу Оьрсийчоьнан кхо коьрта лазам, кхоъ боккха бала халкъан терго ечу а, цуьнгара хьал зуьйчу а эксперташна а, говзанчашна а гарехь: галъялла могашалла, чухьадда хьийза ислам, герзах дулалуш адамаш.

Дуккха а буьйцу и кхо лазам хаамийн гΙирсашкахула а, интернетехула а. Бакъду, бац барт цаьрга болу хьажамаш балхочарна а юкъахь.

Къоьлла гΙодах а йоьлла, коррупцино охьа а таΙийна дехачу, дела денна адамаш вовшашна цатемаш а беш дехачу хьелашкахь хьалхарниг – могашалла – хуьлийла ю ала дац.

Исламе болу хьажам – Оьрсийчоьнан рогΙера лазам – къаьсттина гара болу нехан кхетамехь. Хаамийн гΙирсашкахь, интернетехь и хьахош, оьрсаший, бусулба нахий вовшашца лоьлхуьйту девнаш тергал ца дича ца Ιалучун могашалла а талхор йолуш ира го сурт. Ши агΙо, къовсаме яларцана, девнан маьттазчу къамеле юьгуш тема ю могΙарчу нехан дин дийцар. Аьттехь а яц шех тлеранталла олуш йолу хΙума.

Оьрсех болчу дуккхаъчу политикаша ислам даьржаш хилар зулам ларахь а, иза ца Ιамийча ца долу берашна чохь а, арахь а, боху бусулба динан дайша. Изза элира Маршо Радиоца къамелехь Къилбаседа Кавказан коьрта муфтис Бердиев ИсмаьΙала а.

Бердиев: «Оьрсийчоьнан бусулба динан урхалло дехар дира президенте Путине школашкахь берашна дин Ιамор юкъадаккхар доьхуш. Изза доьхура керста динан дайша а, изза доьхура жуьгтийн а, хΙиндойн динан дайша а. Цу тΙекхачале дуккха къийсамаш латтийра оха, оьший школашкахь деккъа керста динан лард Ιамор, дийцаре деш.

Оха, бусулбанаша, бохург ду, деккъа цхьа дин Ιаморехьа а ца доккхуш, дуьненан кхуьй а дин хьеха деза берана. ТΙаьххьара компромисе даьхкина тхо, хьоьхурш динан дай а боцуш, могΙара хьехархой хир бу, аьлла. Коституцехь дац динан да школе а вогΙий, хьеха хΙуттуш, дин пачхьалкхах дΙахадийна ма дуй. Цундела даьхкира-кх тхо оцу компромисе.

Кегийрхой синкхетам лаккхара хила беза, иза массарна а хаьа. Тхуна иза хазахета. Стенна аьлча, халкъ дуьззина могуш дац, динан хаарш цуьнца дацахь. Динах дерг дерриг а хаа дезаш ду, иза ло-кх школашкахь».

Ткъа кхозлагΙчу балано – герзаца нах къовлабалар, иза эцар совдаларо гойту мел кΙаргъелла, яьржина адамашна юкъара гамонаш, мел хецавелла хьийза зуламхо, мел кхераме ву стаг стагна.

Оцу кхаа а лазарх Оьрсийчоь мукъа ца ялахь, цара йохор ю пачхьалкх, бохуш ду статисташа а, политикаша а, массо а кхетамчохь волчу вахархочо а доху орцанаш.
XS
SM
MD
LG