ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан махкахойн терахь кху тIаьхьарчу шерашкахь дуьххьара алсамдаьлла


ТIаьхьарчу масех шарахь Оьрсийчохь дуьненчу долучу адамийн терахь алсамдолуш далара, ткъа адамаш далар лахлуш дара. Ткъа дIадахначу 2013-чу шарахь эххар а Оьрсийчура махкахойн терахь алсамдала доладелла. Иза хилла коьртачу декъана Къилбаседа Кавказера къаьмнаш бахьана долуш а, беллачеран терахь лахдаларна а.

2013-чу шеран 11 баттахь Оьрсийчохь дина 1 миллион 743 эзар бер. И терахь алсам ду, беллачаьрца дуьстича 23 эзар стагана. Советан Пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа дуккха а шерашкахь белларш алсамбара динчу берел а. Амма 2012-чу шарахь демографин гайтамаш дIанисбелира цхьатерра.

2013-чу шеран жамIаш схьаэцча, динчу берийн терахь хьалха санна дисина, амма махкахь нах балар лахделла 1,1 %. Цу кепара демографица доьзна хьал тодала доладелла. Иза мехала ду, хIунда аьлча инзаре боккхачу махкахь бахархойн терахь, мигранташ а ца балош, алсамдер ду бохучух тешаш дукха нах бацара.

Цу кепара даханчу шарахь Оьрсийчоьнан бахархойн терахь алсам даьлла 300 эзар стагана. Оьрсийчоьнан статистикан комитето далочу терахьашца, карарчу хенахь Оьрсийчохь вехаш ву 143 миллион 700 эзар стаг. Вуьшта аьлча 2 миллион стаг алсам ву 2009-чу шарахь уггаре а ледара гайтамаш болчу хенахь хиллачул а. Цу шарахь Оьрсийчоьнан махкахойн терахь дара 141 миллион 900 эзар стаг.

Делахь а таханлера Оьрсийчоьнан бахархойн терахь лахара дуьсуш ду уггаре а лакхара хиллачу гайтамашца дуьстича. 1992-чу а, 1993-чу шерашкахь Оьрсийчоьнан махкахой терахь дара 148 миллион 500 эзар стаг.

Оьрсийчохь цхьамогIа къаьмнаш ду, билгала аьлча, 10 къам ду, тIаьхьарчу хенахь алсам дебаш долу. Царна юкъахь бу гIумки а, даьргIой а, лязгой а, суьлий а, якуташ а, гIалгIай а, нохчий а, эрмалой а, буряташ а, хIирий а.

Жимма алсам долуш ду махкахь бераш дар а. Карарчу хенахь хIора 1000 зуда схьаэцча цаьрна кхочу 1469 бер. Уггара боккха и гайтам бу гIалгIашна юкъахь а (2257 бер), нохчашна юкъахь а (2196 бер), даьргIахошна юкъахь а (1975 бер), ткъа иштта якуташна а, буряташна а юкъахь. Уггара ледара хьал ду цу агIора оьрсашна юкъахь (1405 бер).

Росстато далочу терахьашца гуш ма-хиллара, бахархой тIекхеташ бу Къилбаседа Кавказехь дехачу къаьмнашна юкъахь. Уггаре дукха бераш деш йолу меттиг ю ГIалгIайчоь, тIаккха Нохчийчоь, кхолагIчу меттехь ю ала мегар ду Дагестан.

Нохчийчохь долу хьал гойтуш ду ала мегар ду, масала, ТIехьа-Мартан кIоштIахь дечу берийн терахь. Цигарчу хьолах лаьцна дийцира Маршо Радион дехарца меттигерчу ЗАГС-ан белхахочо Ларисас.

Лариса: «Бараш дарехь вайн республика даиман а хьалхарчу меттехь яра. Тхо цкъа а дацара (цу хьокъехь) латкъамаш беш. Бераш дар лакхара ду вайн республикехь.

Амма кху шара ТIехьа-МартантIерчу ЗАГС-о регистраци йина 1500 бер даран. Делахь а, 2012-чу шарца дуьстича, жимма лахделла кху шара бераш даран терахь».

Нохчийчохь динчу берашна юкъахь божарий алсам бу аьлла хетахь а, масала, ТIехьа-МартантIехь 2013-чу шарахь динчу берашна юкъахь йоьIарий алсам бу бохуш дуьйцу Ларисас.

Лариса: «Статистике хьажча, зудабераш алсам хуьлу. Амма дукха йоккха башхалла яц. Цу тIехь сагатдан ца оьу. Мехкарий хьалакхуьуш бу».

Оьрсийчура демографи юьйцуш говзанчаш билгалдоккха махкахь бераш дар хIинца а лахара хилар. Карарчу хенахь хIора зудчунна кхоча 1,7 бер. Ткъа пачхьалкхара бахархойн терахь лах ца далийта оьшу хIора зудчунна кхочучу берийн терахь 2,2 хилар.
XS
SM
MD
LG