ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ахь айхьа ца хастийча, хьо хьан хастор ву?!


Оьрсийчоь -- ГIалгIайчоьнан, Нохчийчоьнан куьйгалхой Евкуров Юнус-Бек а, Кадыров Рамзан а,29Тов2012
Оьрсийчоь -- ГIалгIайчоьнан, Нохчийчоьнан куьйгалхой Евкуров Юнус-Бек а, Кадыров Рамзан а,29Тов2012

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека, Оьрсийчохь кавказойн цIе язъян Iалашо йолуш, акци йолийна интернетехь. Евкуровн лаамца cийлалле баьхна буьйцур бу тоьлла кавказхой. Ткъа кавказхойх гIоьртина хΙума дуй те церан дика кΙентий, мехкарий Оьрсийчоьнна ца бовзар, къилбехьара бахархой цунна цабезар?





Евкуров Юнус-Бека, "Живой журнал" олучу интернет-машанерчу шен блогехь бина и кхайкхам. Интернетхошка цо дехна, уугаре дикачу кавказхойн лаьцна дуьйцуш хилар. Вайлахь дукха бу Iилманчаш, профессорш, кхиболу хьекъалчаш. Вай ваьш буьйцуш, дIабовзийта беза уьш пачхьалкхана, бохура кхайкхамо.

Дукхан хан ялале блогерша йолийра яха дикачу нехан цIераш. Кавказхойх болу хьехархой, Iилманчаш, спортхой , инарлаш бара буьйцуш.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун хьехамчас Цечоев Беслана бахарехь, и акци йолаяр деккъа дIа Евкуров Юнус-Бекна дагадеана хIума ду. Дукха нах цунна тIе а тайна, иза дIахьош гIо а лаьцна, элира цо Маршо Радиога.

Цечоев: «ГIалгIайн а, нохчийн а, кхидолчу Кавказан къаьмнийн а сий долуш дуйла а, царна юкъахь хьекъал долуш а, дешна а нах буйла хаийта дина ду иза. Вон хIума лелочу нахал диканаш кхузахь дуккха а алсам буйла хаийта дина ду иза. "Оьрсийчоь" олучу хIокху йоккхачу пачхаьклхехь, вайна генахь бехачу нахана ца хаьа кавказхошлахь мел дукха бу турпалхой , Iилманан нах. Иза царна довзийта дагахь йолийна акци ю иза».

Оьрсийчуьрчу бахархошна шатайпа го кавказхошца йолу юкъметтиг пачхьалкхехь телхаш схьайогIуш хилар. Царах ву, масала, хIара, Николай цIе йолу Москохара вахархо.

Николай: «Кавказхой ма бац, кегдина лергаш а долуш, цIен костюмаш йоьхна леларш. Суна хетарехь, наха кавказхой тIеэцар, уьш бовзар, хийцалур ду, Каваказе парггIат лела церан аьтто ма хиллинехь. Курорташка нах эха буьйлабелча, тIаккха шаьш кхетар бу. Бахаман токхо лекха йолчу Москох а, кхечу яьккхийчу гIаланашкахь а нахана къола дича, ойла яьржа, кавказхой зуламхой бу олий. Суна хетарехь, иза хийцалур ду кестта. Интернет а, телехьожийлаш а кхуьуш ма ю».

Кхечу тергамхошна, къаьмнийн юкъметтиг, къаьстана кавказхошца телхина хилар бахьан го, Iедалан хьукматаш болх беш ца хилар. Евкуровийн акцино а иза гойтуш ду, аьлла хета, Анастасия цIе йолчу Москохара яхархочуьнна.

Анастасия: «Евкуровн акцино гойту, вайн пачхьалкхехь ницкъаллин хьукматаш болх беш йоцийла. Москох иза дика го. Цхьаьнхьа цхьа зулам дича, дукха сиха даьржа, иза динарш кавказхой бу, олий. ТΙаккха, ша лайн межарг санна, деста иза. Цхьаммо яздо, иза кавказхошна дина, олий. Цунах теша нах. Оцу хIуманна тΙехь болх бан безара. Беламе ду, вайх лаьцна тайна хΙуманаш вай ваьш дийца деза бохург. Кавказхой, цхьа боцу бехк шайна тIе а оьцуш, бехказа буьйлуш санна нисло.

Изза бала цхьана кавказхошна тΙебазбелла ца Ιа. Юккъера Азерчу нахана, китайхошна, Ιаьржа чкъор долчу нахана тΙехь а бу. ХIун дан деза ца хаьа оцу хIуманна. Кавказхой Оьрсийчоьнан бахархой ма бу, амма дукха нах цунах ца кхета. Бахархошлахь лелаш ю-кх ксенофоби. Иза цхьана Евкуровн акцица эшалур яц. Цирк ю-кх...»
XS
SM
MD
LG