ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказехь рогIера тIом болийна Оьрсийчоьно


Къилбаседа Кавказ -- Оьрсийчоьнан эскарш даьхкина юха а тIемаш бан, Дагестан, 01ГIа2012
Къилбаседа Кавказ -- Оьрсийчоьнан эскарш даьхкина юха а тIемаш бан, Дагестан, 01ГIа2012

Къилбаседа Кавказехь гΙаттамхошна дуьххьал дIахьочу операцешкахь юха а дакъалаца долийна Оьрсийчоьнан тIеман министралло. И болх цо сацийна лору масех шо дара. Цхьаболчу тергамхоша иза къобал ца до. Цо маьршачу нахана керла зенаш дарна кхоьру уьш...



Къилбаседа Кавказехь лаьттачу гIаттамхойн боламца полицин чоьхьарчу эскаро а, кхечу дакъоша а латтобен къийсам тоаме ца хеташ, уьш ца ларабо, аьлла, бина Оьрсийчоьнан тIеман министралло и сацам. Карарчу беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна цо регионе кхийсина дуккха а эскарш.

И хаам гIарабаьккхинчу Инарла штаберчу хьостано билгалдоккху, тIеман эскаро шен Iалашонна тIехь болх бийр бу, полицица а, чоьххьарчу эскаршца а уьйранаш а йолуш, бохуш.

ТIеман министралло регионехь яржош керла, цхьанненна а а хууш йоцу кеп ю иза я тIемалой катоьхна дIабаха дагахь ду экскарш, хууш дац. Амма ши де хьалха Дагестанерачу Буйнакск-гIалахь, цхьана петар чуьрчу тIемалойн тобанна дуьхьал дIаяхьана лерина операци йирзира 4 эскархо а вуьйш, масех лаза а веш.

Шаьш эскархоша лечкъа ца до,шайн коьрта Iалашо гIаттамхой ма-хуьллу сиха байъар юйла. Цундела хуьлучух тера ду эскаршлахь лаккхара зенаш а.

«Новая газетан» журналист, тIеман комментатор Измайлов Вячеслав реза вац тIеман эскарш юха а Къилбаседа Кавказехь дIахьочу операцешна юкъаозорна. Ша а эскархо хиллачу цо билгалдоккху оьрсийн эскарша дийриг церан конституцин Iалашонашца догIуш цахилар.

Измайлов: «Оьрсийчоьнан дозанаш чохь тIеман министралло цхьа а хIума дан дезаш дац. Цхьана а террорна дуьхьал латточу операцешкахь дакъалаца а ца деза цо. Нохчийчохь эскаро тIом бар чIогIа вон хIума дара. Суна ишшта хета. Эскаран декхар дац иза. Со эскаре сайн къомана дуьхьал тIом бан вахана вацара сайн хенахь. Суна пачхьалкхан гIароллехь латта лаьара. Полицин чоьхьара эскарш ма ду, эшахь, пачхьалкхехь къепе латто кхобуш. Иштта хилча, стенна оьшуш ду уьш?»

ТIеман эскар а, полици а, чоьххьарчу гIуллакхийн министраллан эскар а цхьана а тоьхна, регионехь бисинчу тIемалойн доь дайъа гIортаран бахьана ду кхетачех. Тергамхошна чIагIдарехь, 2014 шарахь Сочи-гIалахь дIахьон йолчу Iаьнан Олимпиадана кечам баран барамашна юкъанислуш ду пачхьалкхехь кхерамзалла чIагIъяр. Измайлов Вячеслава а дузу иза хиндолчу оцу спортан къийсадаларшца. Цунах цецвала оьшуш дац, боху цо.

Измайлов: «Сочи Къилбаседа Кавказехь ю, ю Гуьржийчоьнна уллехь а. Олимпиадехь дакъалоцур долчу бIеннаш пачхьалкхашкарчу тоьллачу спортхошна кхерамазалла хΙоттон еза . И кхерамазалла Iалашъярхьама, суна хетарехь, дуккха а хIума ду деш. Иза вайн цхьана пачхьалкхехь дина Iаш а дац. Изза массанхьа а до. Сочера кхерамазалла массо а хΙуманал хьалхайолуш ю».

Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурашна цара гIаттамхошна дуьхьал бечу тIемашкахь гIодеш хир ду хIинца дуьйна дIа эскарш бохучунна официало комментари ца йоцкъачунна. Оцу гIонна башха резаболчух а тера дац Къилбаседа Кавказера хьаькамаш.

Меттигерчу Iедалша дикка хан ю шайн куьйга кIелхьара низамхой тIемашка хьийсабен. Цара жамIаш а дохьу. Амма оцу жамIех луш болу мах а бу тIех лекха. Наггахь операци а ца йоьрзу дакъалаьцначу меттигерчу полисхойх цхьаъ-шиъ ца леш. Ткъа цуьнан кхин цхьа бахьана а ду, боху гIарабовла ца луучу тергамхоша - цхьаболу нохчийн низамхой, шаьш-шаьш хьалхабовла гIерта гIаттамхошна дуьхьал тIом бечу хенахь. Царна майралла гайтича, Iедалшкара ахча а, машенаш а, мидалш а хуьлу.
XS
SM
MD
LG