ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоь Оьрсийчоьнан дакъа ца хета оьрсашна


Оьрсийчоь -- Москох "Къаьмнийн ДоттагIалла" фонтан, 2013

Оьрсийчоь -- Москох "Къаьмнийн ДоттагIалла" фонтан, 2013

Оьрсашна шайн къоман башхалла ю аьлла хетачух (лаьцна) таллам бина кху деношкахь ВЦИОМ олучу Оьрсийчохь юкъараллан хетарг толлучу центро. Социологаш къатсо хьажнарг дара Оьрсийчурча бахархошна шаьш муха го а, царна шайх къам деш дерг а, шаьш вовшах къастош дерг а хIун ду аьлла хета а. Гучудаьлларг милла а цецвоккхур волуш ду.

Маларчаш дIабаьхча, оьрсашна уггаре а шайн лулахой хила ца лууш берш муьлш бу аьлла хета шуна? Оьрсийчура юкъараллана хетарг толлучу центро (ВЦИОМ-о) бинчу талламца уьш бу боьрша стаге маре баха кийча болу божарий. И нах хIуа а хилча а шайн лулахой, я шайн белхан накъостий хила ца лууш бу 51 процент Оьрсийчура бахархой.

ВЦИОМ-о бинчу талламехь дакъалоцуш вара 45 регионерчу 137 меттехь веха 18-шаре ваьлла 1600 стаг.

Советан пачхьалкх йоьхча къоман идея билгал ца яккхалуш якххийн дискуссеш ю дIайоьлхуш Оьрсийчоьна политикан элитан декъашхошна юкъахь. И тема къаьсттина иръелла кху тIаьхьарчу хенахь Путин Владимиран Iедалшна дуьхьал болу нах жигаралла гайта буьйлабалар бахьана долуш.

ТIедогIучу кIиранах кхаа дийнахь Путин Владимир а, Оьрсийчоьнан Iедалехь лаккхарчу даржашкахь болу нах а, Оьрсийчоьнехула болу дуьненаюкъара эксперташ а, Оьрсийчоьнан Православин Килсан патриарх Кирилл а «Валдай» клубан рогIера цхьаmнакхетар дIадахьа дагахь бу оьрсийн къоман башхалла ю аьлла хетарг дийцаре деш.

Оьрсийчохь уггаре а къовсаме хаттар а хилла дIахIоьттина боьрша нах боьршачу наха маре эхар, иза кегийрахошна юкъахь даржор махках доьхкуш долу низам тIеэцначул тIаьхьа.

Цу низаман дуьхьал болчу наха чIагIдо, махкахь иза тIеэцар доьзна ду консерваторийн ойланаш йолчу а, православин динехь болчу а, ярташкахь бехачу а нахана юкъахь Кремл шена гIортор яр алсам даккха гIертарца.

Кремлан Iалашо ю аьлла хета царна, и низам нийса дац бохуш болу либералан оппозицин тобанийн дакъашхой махках хаьдна, Малхбузехь мехала хеташ долу харц хIуманаш даржо гIерташ болу, могIарерчу оьрсийн харжамхойх хаьдда болу нах бу алар.

ВЦИОМ-о бинчу талламан жамIаш гайтарехь, Оьрсийчоьнан юкъаралла вуно чIогIа йоькъуш долу хаттар ду цу оьрсашна мигрантех а, Къилбаседа Кавказерчу бахархойх а хетарг. Талламца а догIуш, 44 процент оьрсий бу украинахой къомах оьрсий бу аьлла хеташ, нагахь уьш шерашкахь Оьрсийчохь бехаш балахь. Оццу хаттарна жоп луш, нохчий а, дагестанахой а, гIалгIай а оьрсий бу ала реза бу 7 процент Оьрсийчура бахархой.

Цунах кхета хала ду аьлла хета, масала, махкал арахьарчу эксперташна, Украина а, Оьрсийчоь а тайп-тайпана пачхьалкхаш хилар а, ткъа нохчий а, Дагестанера къаьмнийн векалш а, гIалгIай а Оьрсийчоьнан паспорташ долуш хилар тидаме эцча.

ВЦИОМ-ан куьйгалхочо Фкдоров Валерийс Шинарин дийнахь хиллачу зорбан конференцехь элира, шена хетарехь, коьрта юкъаралла йоькъуш долу сиз ду Оьрсийчоьнан яккхийчу гIаланийн а, юккъерчу Оьрсийчура а бахархойн а, Къилбаседа Кавказера бахархойн юкъаметтигаш. Иза уггаре а кхераме хIума ду бохуш вара иза.

«Цу нехан юкъаметтигаш дIанисъян аьтто балахь, нагахь вай кхета аьтто балахь Къилбаседа Кавказера республикийн бахархой вай санна Оьрсийчоьнан махкахой хиларх, ткъа цхьаболу цу республикашкара бахархой яккхийрачу гIалашкахь хьакъ ма ду лела буьлалахь, дуьхь-дуьхьала даха мега вай, таккха вай кхетар ду коьртаниг хьо муьлхачу къомах ву бохург дац, коьртаниг хьо муха стаг ву бохург хиларх аьлла, бохуш вара Федоров.

ВЦИОМ-о бинчу талламца, 57 процент респонденташ Нохчийчоь Оьрсийчоьнан территори яц аьлла хеташ бу. Дагестан хьокъехь изза аьлла хеташ бу 54 процент цу талламехь дакъалаьцна нах. 57 процент оьрсий шаьш Оьрсийчоьнан бахархой хеташ бу. 35 процент наха цу хаттарна жоп луш аьлла шаьш шайн билггал йолу гIалан я эвлан бахархой бу аьлла.

ВЦИОМ-о бинчу талламехь дакъалаьцнарш бу 77 процент керстанаш а, 6 процент бусулбанаш а, 6 процент атеисташ а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG