ТIекхочийла долу линкаш

Пачхьалкхан Думин биста кхаччалц гIотту школехь муьлха яздархой Iамо беза боху тема. ГIаттийна иза интернетехула хIинца а. Оьрсийн литературера нийсса ялх яздархо берашна вовзийтича тоаме ду, и ялх ву дерриг а дуьнено лоруш, аьлла хета, масала, кинорежиссерна Шахназаров Каренна.

Оьрсийчохь политикан тIегIанахь, Пачхьалкхан Думин биста кхаччалц, кест-кеста гIотту школехь муьлха яздархой Iамо беза боху тема. ГIаттийна иза интернетехула хIинца а. Оьрсийн литература хьоьхуш тоаме ду нийсса ялх яздархо берашна вовзийтича, кхин сов хьашт а дац, и ялх ву дерриг а дуьнено лоруш, боху, масала, кинорежиссерна Шахназаров Карена.

Шахназаровна хетарехь, уггаре а тоьлла литература ю оьрсийниг. Амма пачхьалкхехь хьашт дац иттаннаш яздархой берашна бовзийта гIерта, тоаме ду нийсса 6 вевзича.

Гоьваьллачу режисеро бахарехь, оцу ялхамма кхиийна, кхиабо ерриг а Оьрсийчуьрчу къаьмнийн кхетам. Уьш бу Пушкин, Лермонтов, Гоголь, Достоевский, Толстой, Чехов. Кхиберш бовзийта гIерташ, бераш хьийзо а ца оьшу, боху Шахназаровс.

Мел бакъ-харц ву хьоьхучу литературан барам шен кепехь гушволу кинорежиссер а, цуьнца ойла йоькъурш а?

Литература муха хьехна хенан йохаллашкахь?

Сталинан заманера Брежневн замене кхаччалц школаша бовзуьйтуш хилла яздархой Жуковский, Грибоедов, Пушкин, Гогол, Лермонтов, Тургенев, Некрасов, Толстой Лев, Чехов, Островский Александр, Горький, Белинский, Чернышевский, Островский Николай, Фадеев, иштта цхьамогIа Советан зама язйина яздархой а.

Амма ца хилла царалахь Достоевский, масала. Ца хилла иштта «Детин зама» олучу муьрера прозаикаш, поэташ а – Пастернак, Блок, Гумилев, Ахматова. Iамош хилла иштта кхечу къаьмнийн литературехь Iедал хесточу яздархойн кхолларалла а – Джабаев Джамбул, Стальский Сулиман, Айни Садреддин, кхиберш а.

Муьлха яздархой бу тахана Оьрсийчуьрчу берашна бовзуьйтуш, муьлхарш бац? Нохчийчохь оьрсийн литература хьоьхучаьрга хаьттира Маршо Радионо. Лакхарчу классашна хьоьхучу Джаблаева Зараа довзуьту иза.

Джаблаева: «Регионалхойн литература яц программехь. Ас сайн лаамца, дешарца доьзна доцчу сахьташкахь Iамайо берашна оьрсех боцчу яздархойн кхолларалла. Гамзатов Расул, масала. Цуьнан абйташ муха еша еза гойту ас берашна. Иза вуно тов дешархошна. Церан алссам хаа лаам гIотту. Беран даго тIеоьцу къаьмнийн литература».

Иштта, литература хьехна ву Нохчийчохь Муртазалиев Идрис а. Иза вац реза Нохчийчуьрчу школашкахь литература Iамош бовзуьйтучу яздархойн могIаршлахь беккъа оьрсийн бен бацарна.

Муртазалиев: «Оьрсийчьурчу кхечу къаьмнийн яздархой – бац уьш Iамош. Шарахь 1-2 сахьт дала йиш ю, дешарца дузуш а доцуш. Масала, Шекспир санна болу классикаш а бац Iамош. Суна гергахь, хIора а къоман классикаш бовзийта безара берашна. Нохчех ас Iаморверг вара Айдамиров абузар, гIалгIайх – Базоркин Идрис».

Кхо шо хьалха Пачхьалкхан Думехь айира тема: яздархойх мила ву берашна вовзийта хьакъ? Куприн, Лесков, Толстой Алексей, Ахмадулина, Окуджава, Высоцкий, Астафьев, Довлатов – уьш стенна ца Iамабо, дешаран министр вохо веза даржера, аьлла гIевттира цхьаболу депутаташ.

Оьрсийн литературах шена хетачуьнца мел бакъ ву кинорежиссер Шахназаров Карен? Цо ма-бохху, вуй те дуьненна а мехала цIерш яьхна ялххе а оьрсийн яздархо?

Европерчу Iамеркан школехь дешна а, доьшуш а ду Тамаева Маликин кхо бер. Иза ша кхузахь институт яьккхина а, берашна ма-оьшшу дешарца гIодан хаарш долуш а ю. Цо довзуьйту, мел меттиг дIалоцу Европерчу школийн программашкахь оьрсийн яздархоша.

Тамаева: «Кхо берд у сан кхузахь, Европехь, школехь. Цара коьртачу декъанна Iамораш а, соьга хоьттурш а Европера яздархой хуьлу, я Британин, Iамеркан. Оьрсийн яздархойх Iамош верг, ингалса матте а ваьккхина, Толстой Лев ву. Пушкин, Лермонтов а хоттуш хуьлу соьга бераш. Кхин оьрсийн яздархойх цара хоттуш цхьа а ца хуьлу. Вайн нохчий хиларе терра, нохчийн яздархой а буьйцуьйту классашкарчу берашна цаьрга.

Туркойчохь сан гергарнаш бу. Цигахь школашкахь церан бераша мелла а алсам Iамайо оьрсийн литература, Пушкин а, Лермонтов а, кхиболу а яздархой туркойн маттахь. Амма кхузахь кхин башха ца Iамайо оьрсийн литература».

Шахназаров Карена хьоьхург хила а тарло нийса. ХIораннан шен-шен бу хьежам, мила ван веза шеца кхетаман, хьекъалан, хаарийн некъахь цхьаьна – Пушкин, я луларчу гIалара поэт Иванов, Петров, Сидоров, я хьенан роман йовзар пайде ду я зуламе ду.

Вуно дукха нехан, къаьсттина оьрсех доцчу къаьмнийн интеллигенцин, сагатдо, масала, хIун меттиг кхочу школо лучу хааршлахь оьрсех боцчу, амма похIма долчу яздархошна бохучо.

Хаа еза оьрсийн яздархойн кхолларалла. Ткъа хIунда ца еза йовза оьрсийн берашна 100 сов къам дехачу пачхьалкхерчу кхечу къаьмнийн литература? Оцу хаттарна жоп ца ло Шахназаровс.

Халахета, масала, гIезалойн я нохчийн яздархойх стагга а цо а, кхечу хьехамчаша а ца хьахийча школехь бовзийта безачу яздархойн могIаршлахь. Масала, хIунда ца оьшу Москох доьшучу беранна Айдамиров Абузар вовза, я Бисултанов Аптин байтех марзо эца?..

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG