ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарийчоь: Iамеркан Конгрессо керла андий санкцеш йохуш ю ГIажарийчоьнна доьхьал


Кхин дIа а ГIажарийчоьно арахьа духкучу маьхкдаьттан барам лахбан Iалашо йолу санкцеш яхарца йоьзна, керла низаман проект йийцаре еш бу Iамеркан низамашкховдорхой.

Республиканхоша урхалла деш йолу Iамеркан конгрессменийн хIусам дагахь ю, гIажарша духкучу маьхкдаьттан барам цхьана шарахь дийнахь 1 миллион баррелна тIебалон. Кхаьжнаш тахана я еарин дийнахь таса мегаш ду. Дийцарехь, иза тIаьхьатта а мега.

Низамашкховрхоша иза сихха къобалдан мега. Цул тIехьа иза сентаршка дIа лур ду къастадайта.

ГIажарийчоьнан заррат программина доьхьал анддий санкциш йохур ю цу низаман проекто.

ГIажарийчоьнера маьхкадаьтта оьцучарна тIеIаткъам бийр бу, маьхкадаьтта кехченхьа лохуьйтуш. Амма оцу низамо Китай а, Инди а оьгIазаяхийта кхерам боккху. ХIунда аьлча, уьш бу ГIажарийчуьра уггар дукха маькхадаьтта оьцурш. Цул сов, цо хьалабоккхур бу дуьненара маьхкдаьаттан мах а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG