ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоь дуьхьало ян ца хIутту Юккъерчу Азехь шен меттиг дIалоцучу Китайна


Туркменистан -- Туркменистанан а, Китайн а байракхаш карахь лаьтта белхалой Galkynysh йолу газан станци схьайоьллучу церемонехь дакъалаца вогIучу Китайн куьйгалхочуьнга хьоьжуш, 4Гезг2013

Туркменистан -- Туркменистанан а, Китайн а байракхаш карахь лаьтта белхалой Galkynysh йолу газан станци схьайоьллучу церемонехь дакъалаца вогIучу Китайн куьйгалхочуьнга хьоьжуш, 4Гезг2013

Цхьана къахьегаран Шанхайн Вовошахтохараллан саммит тIекхочуш иттаннаш миллиардаш долларш барамехь энергетикехула берташ бина Китайно еа Советан пачхьалкхана юкъахь хиллау Юккъерчу Азера республикашца. Цу берташа мелла а лахйина Оьрсийчоьнан цу регионехь Iаткъам бан йолу таронаш. Амма Кремл хIумма а ца хилча санна Iад Iаш ю.

Кремл цхьа а реакци а йоцуш Iад Iийра Юккъерчу Азехь йолчу еа пачхьалкхехь энергетикехула, миллаирадаш долларшна берташ а беш, лелаш Китайн куьйгалхо Си Цзин Пин а волуш.

Советан пачхьалкхана юкъайогIуш хилла Юккъерчу Азера республикаш Москох Iуналлера йовла аьтто боцуш ехаш яра. Ткъа цара доккхуш долу мехкадаьтта а, газ а Оьрсийчухула юхкуш яра. Амма Китайно хадийна царна гонах тесна тIийриг. Цо алссам кредиташ а лоцарна, мехкадаьтта дIатотту биргIанаш еш инвестицеш а хьажайо цига.

Туркменистанехь Си Цзин Пина барт бира 2020-чу шаре кхаччалц цигара Китайна юхкучу газан барам кхузза алсам баккха. Казахстанца цо дуккха а берташ бира 30 миллиард доллар барам хир болуш. Узбекистанехь бинчу бертийн барам бара 15 миллиард доллар хиллал. ГIиргIазойчу 3 миллиард доллар барамехь инвестицеш хьажо барт а бира Китайн куьйгалхочо.

Маслов Алексей Азехь хуьлург толлучу лаккхарчу экономикан школан куьйгалхо ву. Цо иштта туьду хилларг.

Маслов: «Официалан кепара цхьана а тайпа ша саготта хилар ца гойту Оьрсийчоьно. Амма, цхьа а шеко а йоцуш, суна хетарехь, Китайно деш дерг Оьрсийчоьнан лаам лелачу метте юкъагIортар ду».

Энергетикехула бина берташ шалха тохар ду Оьрсийчоьнна дина долу. Цара, цкъа делахь, цу регионехь Оьрсийчоьнан политикан Iаткъам гIел бо. ШолгIа делахь, цара ницкъ гIел бо Оьрсийчоьнан энергетикан гигантийн, оьрсийн мехкадаьтта а, газ а Китайна оьшуш хилар лахдеш.

Ткъа хIунда Iаш ю Оьрсийчоь, паргIат а яьлла? Аналисташна хетарехь, цуьнан бахьана геополитакаца доьзна ду.

Рар Александр Германереа Оьрсийчоьнехула а, Юккъерчу Азехула а волу эксперт ву. Цунна хетарехь, Оьрсийчоьнан президенто, китайхой цу регионе а битина, яьккхинарг тактикан гIулч ю, шен ницкъ болчу лулахочуьнца дика юкъаметтигаш хилар лардеш.

Рар Александр: «Суна хетарехь, иза хала бина харжам бара. Амма иза бина. Цуьнан аьтто бац НАТО-ца а, Малхбузенца а геополитикан тIом а беш, изза тIом Юккъера Азе бахьана долуш, Китайца а бан».

Юккъерчу Азехь Оьрсийчоьнан лаамаш цхьаьнабогIуш бу Китайца кхерамазаллин хаттаршкахь. Оьрсийчоь а, Китай а цхьаьнатухург ду, 2014-чу шарахь ОвхIанистанера коалицин эскарш арадаьхча, радикалан ислам даржа мегаш хилар.

Цу хаттарехь Кремлна Цхьана къахьегаран Шанхайн Вовошахтохаралла, шена юкъахь Китай а йолуш, шен бертахо го аьлла хета Рар Александрна.

Рар Александр: «Суна хетарехь, Оьрсийчоь кхетта, Китай санна ондачу пачхьалкхо гIо а ца деш, цу регионехь террорахошца шега къийсам латталург ца хиларх».

Аналисташна хетарехь, Китайн арахьара политика, цо юккъерчу Азехь лелош дерг, дIоггара зене дац Оьрсийчоьнна, Пекин Малхбузене хьажна доцуш, адамийн бакъонаш ларйон идеологин агIонча йоцун дела.

Китай тешаме бертахо ю Оьрсийчоьнан Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин кхеташонехь. Цу пачхьалкхо даиман а кхаж тосу цигахь Оьрсийчоьна ма-тассара, цу кепара Оьрсийчоь дуьненаюкъарчу хаттаршкахь бакъйеш. Ткъа иза ю Путин Владимира юьхьарлаьцначех уггаре а коьрта Iалашонех цхьаъ.
XS
SM
MD
LG