ТIекхочийла долу линкаш

Сноуден Эдвард: Iамеркана зуламхо, интернет-жигархошна турпалхо


Китай - Iамеркан Къоман Кхерамазаллин Агенталлина тIаьхьарчу деа шарахь болх бина волу Сноуден Эдвард ву Гардианна интервью луш, 06Ман2013

Китай - Iамеркан Къоман Кхерамазаллин Агенталлина тIаьхьарчу деа шарахь болх бина волу Сноуден Эдвард ву Гардианна интервью луш, 06Ман2013

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Iедалан тIехьажаран къайлаха программех лаьцна дийцина волу Сноуден Эдвард Хонг-Конгера хьешан цIийнера ара а язвелла, дIавахана шинарин дийнахь. Цкъачунна и волу меттиг хууш яц. Хьалхуо иза дIахьедар дан кхиънера, шуьйрачу барамехь дешан маьршо лоручу муьлххачу а пачхьалкхехь тхов-кIело еха дагахь ву ша, аьлла. Оьрсийчоьнан Iедалша шаьш кийча хилар заийтина. Оцу юкъанна, Вошингтон ю иза сихонца схьа а лаца, схьало бохуш.

Нагахь санна Сноудена шайга «тхов-кIело ехахь, цуьнан гIуллакхе хьовсур» ду аьлла «Коммерсант» газете оьрсийн президентан зорбан-секретаро Песков Дмитрийс. Сноуденна политикан тхов-кIело ехарна гIортор еш дIахьедарш дина оьрсийн парламентарийш а.

29 шо долу Сноуден Стигалкъекъа беттан 20-чу дийнахь ваханера ХIонконге, Британерчу Гардиан газето Iамеркан Къоман Кхерамазаллин Агенталлин телефонан зIена а, интернетера хаамашна а тIехьажаран программех лаьцна дийцинчул тIаьхьа. Шен цIе йийцина де даьллачул тIаьхьа иза ХIонконгера хьешан цIийнара ара а язвелла, дIавахнчул тIаьхьа, цуьнан лар йовш ю.

Сноудена Гардиане елла информаци, Iамеркан Къоман Кхерамазаллин Агенталлица цхьанаболх бечу Booz Allen Hamilton-ехь болх беш каракхаьчна ю цунна.

ОьгIаза яхана Вошингтон юх-юхаа дIахьедарш деш ю, иза сихонца схьаван, бохуш. Iамеркан Къоман Талламан Агенталлин директоро Клэппер Джеймса бахарехь, Сноудено доккха зе дина Iамеркан кхерамазаллина. Цхьанатоьхначу Штатийн Юстицин министралло хаам бина, къайлаха информаци хааме яларан хьокъехь бехк-такхаман гIуллакх долийна, аьлла. Амма, хIара ду аьлла, хIумма а, билгал ца даьккхина.


Гардианна тIера даьккхина сурт, 10Ман2013

Гардианна тIера даьккхина сурт, 10Ман2013

​Нагахь санна Сноуден хIинца а ХIонконгехь велахь, 1996-чу шарахь цо Iамеркица бинчу экстрадин бартаца а догIуш, иза дIавала дезар ду.

КIайчу цIийнан а цхьаьна сингаттам боккхуш, Сноудена хааме даьккхинарг ду, Федералан Талламийн Бюрон тIекхочийла ду Microsoft, Yahoo, Google, Facebook, PalTalk, AOL, Skype, YouTube и Apple лелочу нехан информацина. Цо дийцинчунна тIе а тевжаш, Гардионо яздина Verizon зIенан оператор декхар ю, кхелан лерринчу сацамца къайлахчу сервисашна шайн клиентийн къамелаш дIадала.

Шена кхераме делахь а, Сноуден реза хилла шен цIе гIараяккхийта. Цо дIахьедар дина, ша кийча ша лелочух жоп дала, аьлла. Iамеркахочунна хетарехь, цо динарг эхье хIума дац.

Балхахь хиларх пайда а оьцуш, ша гулбина хаамаш гIарабахар, шен декхар хета жимачу стагана. ХIинца цу тIехула оццул йоккха гIовгIа яьлча, цIа вахаваларх шек ву иза.

«Сноуден къоман турпалхо ву. Къайлаха тIехьажаран программех лаьцна цо бинчу хаамашца доьзна цо дина хила тарло а, дина а зуламаш гечдан деза», бохучу петицина Iамеркехь хIинцале куьг таIийна 23 эзар стага.

Цхьана баттахь цуьнгахьа 100 эзар Iамеркахочо куьг яздахь, и гIуллакх официала кепара тIелаца дезар ду КIайчу ЦIийнан администрацин.
Сноуденехьа гIортор еш дIахьедар дина WikiLeaks сайтан редакторо Ассанж Джулиана а.

Cноуден Эдварда динарг мехала лору интернет лелорхоша. Цара дийцарехь, цхьаннена а къайле яц, ишта я вуьшта, социалан машанаш хIете-вете а къайлахчу сервисийн толлу аре юйла а, цу тIе мел туху сурт а, информаци а цара гулъеш юйла. Iамеркехь цу сацамна кхелан леррина сацам оьшучу хенахь, кхечу, юкъараллин тIехьажар доцчу пачхьалкхашкахь иза цхьа кхелан сацам боцуш, диллина деш бу бохуш яздо, интернет-жигархоша.

Масала, Путинан Оьрсийчохь долчу Мининформсвязан №9 омарца а догIуш, «талламан-лехаман гIулллакхш дIакхехьа зIенийн, интернетан а операторшна тIедахкаршца а» догIуш, ФСБен доза доцу бакъо луш ю телефонашка ладогIа а, информаци схьаэца а.

2008-чу шеран Дечкен беттан 16-чу дийнахь дуьйна болх бечу цу омарца а догIуш, ур-атталла, зIенан операторна а ца хууш, шена ма-тов информаци схьаоьцу ФСБехь болх бечара. Къоман Кхерамазаллица иза дозахь а, теша хала ду, информаци зуламе ерзор яц бохучух.

Советан заманахь баьхначарна вуно дика дага догIу, телефонехула ладаме хIума ца дийцарий. Ур-атталла, шайн чохь къамел дечу хенахь а, цхьа гIовгIа яккхара, телевизион латайой я, хи охьа доуьйтуий.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG