ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIонконгехь "ваша" лору Сноуден


Иттех сов демонстрант веанера тахана ХIонконгехь йолчу Iамеркин консулатана хьалха, Централ Талламан Агенталлин белхахо хиллачу Сноуден Эдвардана маьршо ло бохуш. Баьхкинчара "Сноуден тхан ваша ву", бохуш, маьхьарий биттира, айъинчу плакаташа тIехь Сноуденан сурташ а гойтуш. Телпонашна а, интернетан базанашна а тIехь еш йолу мониторинг гучуяьккхинера Къоман Кхерамазаллин Агенталлин (NSA) контрактор хиллачу Сноудена. Тахана иза ХIонконгехь лечкъаш ву, ша Iамерке, Iедална хьалха хIотта, вухаверза дагахь вац бохуш. Reuters video

XS
SM
MD
LG