ТIекхочийла долу линкаш

Кхелашка харцонаш цалелор доьху Нухажиев Нурдис


Нохчийчоь -- Адамийн бакъонийн тергояран Оьрсийчоьнан президентан векал Нухажиев Нурди, 24Тов2005

Нохчийчоь -- Адамийн бакъонийн тергояран Оьрсийчоьнан президентан векал Нухажиев Нурди, 24Тов2005

Оьрсийчоьнан президентан цΙарх Нохчийчохь адамийн бакъонийн терго ечу векала Нухажиев Нурдис лецначу къилбаседа кавказхошца Оьрсийчоьнан кхелаша лелае харцонаш ялхош кехат дахьийтина пачхьалкхан Лакхарчу кхелан куьйгалхочуьнга Лебедев Вячеславе.



Хууш ма-хиллара, Оьрсийчохь жимма а хIума даьлла кавказхо набахти кхачош ву. Цу декъехь къаьсттина эшам хуьлчех бу нохчий. Цунна даре до говзанчаша –эксперташа а, адамийн бакъонашларьярхоша а, цхьаболчу Iедалдайша а.

Мел кIадбоццу хIума а даьлла, вайнехан стаг лацарх, талламхойн зераш дIадерззалц, арахь а вита тарлушшехь, цунна маршо ехкарх, кху деношкахь леррина Москох Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелан хьаькаме Лебедев Вячеславе кехат яздина адамийн бакъонашларъярхочо Нухажиев Нурдис.

Хууш ма-хиллара, иза Къилбаседа Кавказан Юкъараллин кхетошонехь бакъонашларъечу комиссин куьйгалхо а ву. Шега дуккха а бахархойн леткъамаш кхочу боху Нухажиевс. Церан хьесап даро гойту, цо кхеторехь, Къилбаседа Кавказера схьабевллачу бахархошна а, кхийолчу кIошташкарчарна а юкъахь, цаьргара цхьаъ даьлча, йоккха башхаллаш тергаллуш хилар.

Цу хьокъехь къастам боллуш низам делахь а, талламхочун, кхелахочун, прокуроран хьажам-ойлане терра беш бу сацам. Вуьшта аьлча, кхел хиллалц набахтехь бахкораш кавказхой бу дукха хьолехь. Герггарчу барамехь ишта яздо ша Лакхарчу кхелан хьаькаме Лебедевга дахьийтинчу кехат тIехь Нухажиев Нурдис.

Цо билгалдоккху "муьлххачу а зуламна бехке беш болу нохчий Оьрсийчоьнан кIошташкахь чубухкуш хилар, уьш Нохчийчу дIа а бахана, къайлабовла тарло боху бахьанаш а хIиттош. Хьесапе оьцуш дац лаьцнарг цхьана билггалчу меттехь вехаш, доьшуш я болх беш хилар а, массара а иза диканца валхош хилар а.

Суьдехь бен стеган бехк къасто йиш йоццушехь, и чохь валлорца талламхоша а, прокурораша а, церан мотт-ишаршца суьдхоша а гойту, шайн бала цакхачар а, бендацар а. Уггар хьалха церан бала ца кхочу, нагахь бехк боцуш и лаьцнехь, мел тIеIаткъам бан тарло цу хиламо цуьнан психика-синхаамна а, кхолламна а…"

Ишта яздо шен кехат тIехь Нухажиев Нурдис. Цунна хетарехь, цхьаберш чубохкар, ткъа кхиберш, дов хатталц, озабезамца маьрша битар доьзна ду, стаг муьлхачу къомах ву бохучу хаттарца.

Нагахь чу ца воллахь, Нохчийчу дIаваха тарло куьгбехке лоруш верг боху хIума а бух болуш ца лору Нухажиевс. «Моьттур ду Нохчийчоь я Къилбаседа Кавказан республикаш кхин пачхьалкх ю, цигахь бехкениг лаца йиш йоцуш ву», - боху бакъонашларьярхочо.

Нухажиев Нурдис Москох хьажийначу кехатах цхьа тIаьхьало а йолуш, бахархошна гIо хиларе сатесначех ву Невран кIоштара вахархо Бавди.Цо дуьйцу.

Бавди: «Нурдис арабаьккхина некъ чIогIа бакъахьа хета суна. Харцонаш дукха ю. Даьлларг мел кIезиг хIума делахь а, "нацмен" (кегийчу къаьмнех - М.Р.) хилчахьана, чохь валлаво, ткъа кхиберш кхел хатталц мукъа буьту.

Свердловске кIантана тIаьхьа вахана, кхо бутт а баьккхина, веъна сан доттагI. Хаза нехан санна харж йина цо и харц Iедал бахьанехь. Цигахь доьшуш ву цуьнан кIант. Кегийрхой леташ, нохчий бу моьттуш, хIара тIевахана, ткъа уьш оьрсий хилла. Iа а ца велла, кхо гIо дина уьш дIасакъастош. ТIуртIаз а ваьлла вехначу цхьамма хIара а леташ вара алар бахьанехь, шина баттахь чохь валлийна кIант.

Дов хаьттинчул тIаьхьий бен ара а ца ваьккхина…Ишта масалш дукха ду.

Ставропол мехкан Пятигорскехь сан вешин кIант а, цуьнца кхин пхи-ялх нохчий а, гIали чохь хелхабевлла аьлла, иза хилла а доццушехь, чубухкучуьра бевлла, цIеранаш тIаьхьабовлар бахьанехь дIахецна…

Суна цундела хаьа Нухажиевс арадаьккхина гIуллакх мел пайдехьа ду. Дала аьтто бойла цуьнан. Эшахь тхо накъостий а ду-кх, "гIарчI-аьлла" дIахIитта».

Тергамхоша а, могIарерчу бахархоша а даре а деш, чIогIа лазаме, хийла нохчочунна тIехIоьттина хIума ду Нухажив Нурдис шен кехат тIехь гIардаьккхинарг. КIезиг бац царалахь цу декъехь харцо кхийдийнарш. И кехат чот-хьесапе а эцна, Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелан хьаькам Лебедев Вячеслав нийсо толийта аравала сихлур вац аьлла хетарш а бу дуккха а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG