ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчохь а, Советан Iедал доьхначул тIаьхьа юхаметтахIиттинчу кхечу пачхьалкхашкхахь а, зорбан гIирсаша дела денна дийца а дуьйцуш, кхелашкахь толлуш ду деза зуламаш дарна бехке бечу нохчийн девнаш. Царна тIе тидам берзийча, хетало, дерриг а дуьне ду нохчийн къам хIаллакдарехьа къахьоьгуш - девнашка ийзорца, емалдарца, олий.



2,5 миллион гергга зулам дина Оьрсийчохь стохка. Уггар кхераме ларалуш ю Забайкалье, цигахь 1000 вахархошлахь 15-ммо дина зулам. Массанхьачул а кΙезиг бара, статистико бахарехь, зуламхой Нохчийчохь – эзарна юккъехь ши стаг, Забайкальехьчул ворххΙаза кΙезиг.

Зуламалла зуьйчу хьукматийн терахьаш иштта делахь а, Оьрсийчоьнан телевизионех а, газетех а теша Ιаьмначу халкъан кхетамехь массарел дера а, зуламе а вахархо ву пачхьалкхехь, дахначу шерашкахь а санна, нохчо.

Шарахь миллионашкахь Оьрсийчохь юьйлучу къизаллашлахь, тешнабехкашлахь, ямартлонашлахь журналисташа къолама юьххье оьцург а, политикаша дестадой дийцаре доккхург а, националисташа тΙехдеттарг а хуьлу кавказхочуьнгара, дукхачу хьолахь, нохчочуьнгара даьлларг.

Цул совнаха, кавказхочо дина зе-зулам дуьйцуш, ца Ιа веккъа иза динарг а айвой, дуьйцу цуьнан дерриг а къам юкъа а хьакхош, къоман амал а цуьнан санна маьттаза хиларх хьажархо-ладогΙархо-дешархо а тешош.

Пачхьалкхо ша ца хеддаш халкъана латточу хаамашлахь, гайтамашлахь стенна гойту кавказхо оццул дера, ирча бохучу хаттарна жоп кест-кеста лоьху политологаша а, социологаша а, этнографаша а. Ткъа жоьпаш мухха а хилахь а, цхьа къаьмнаш вукхарна хьалха сийсаздар Оьрсийчоьнан дуккха а институташна, Ιедалан хΙукматашна оьшу стом а хилла лаьтта кху ткъеха шарахь.

Карарчу заманахь Оьрсийчохь а, Советан Ιедал доьхча юхакхоллаеллачу кхечу пачхьалкхашкахь а кхелаша толлучу девнашлахь уггаре гΙарадевлла ду нохчашка хоттуш долу 6 дов.

ХΙорш ду уьш: Тбилисехь – гурахь Дагестанан дозанехь, гуьржаша нохчийн гΙаттамхойн тоба хΙаллакйича, каравахначу Чатаев Ахьмадан дов; Украинерчу Одессехь – оьрсийн президент Путин Владимир вен кечамбеш хиларна бехке вечу Осмаев Адаман дов; Москох – «Невский экспресс» цΙерпошт эккхийта гΙортарх долу массех къоман векална тΙехь еш хилла, деношкахь йирзина яьлла кхел; журналист Политковская Анна ер толлуш лецначу нохчийн а, кхечу къаьмнийн векалийн а дов; Пятигорскехь – 17 шо хьалха Буденновск-гΙалина тΙелатар деш дакъалацарна бехкевечу Хабаев Мовлдин дов.

Царех лаьцна тоннашкахь арадийлина газеташ, террабайташкахь дийцина интернетехь, дуккха а хΙиттийна теле-радиодийцарш. Оцу йоллучу а информацин бос доккхачу декъанна Ιаьржа бу – и нах а, уьш хьехош, церан къам а емалдо хаамийн гΙирсаша.

Чатаев Ахьмад

Ког а, куьг а доцчу Чатаев Ахьмадах вайзаман Бенойн БойсгΙар вина гуьржаша. Лопота-чΙожахь 12 нохчо а вуьйш, лаьцначу цунна гонаха кху беттанашкахь леллачу инзаречу харцоно дика гайтина Саакашвили Михаил пачхьалкхан президент хила мел хьакъдолуш стаг ву а, цуьнан дешан мах мел бу а. Иштта бу дуккхаъчу гуьржийн политикаша, Лопотахь лелларг хьахош, шаьш хадош болу мах.

Гуьржийчоь -- Глдани-набахтера закъалтах арахецна Чатаев Ахьмад, Tбилиси, 6ГIу2012

Гуьржийчоь -- Глдани-набахтера закъалтах арахецна Чатаев Ахьмад, Tбилиси, 6ГIу2012

​Тбилисина гена йоццуш лаьттачу Глдани-набахтин лазартнера ша араваьккхича дийцира шегара хьал Чатаев Ахьмада.

Чатаев: «Баркалла массарна а, суна хаьа, журналисташа а со мукъавоккхуш дакъалаьцнийла. Сан дов дΙадоьдуш ду, сан бехк болуш цигахь хΙума а дац. Суна журналисташа яздийриг бен, хууш хIума а дац цкъачунна – хилларг ас айса а ца кхетийна дуьззина. Хан яьлча гучудер хир ду-кх.

Со муха Ιедалийн каракхаьчна аьлча, сан накъосте зΙе а тоьхна, соьга дийхира, нохчийн тΙемалой бу ломахь, цаьрца барт беш гΙо дахьара, тΙом боцуш доьрзийла лаара шайна, аьлла. Ас нохчашца къамел дира. Цул тΙаьхьа, со гуьржийн ницкъахой болчухьа вахча, ас цаьрга дΙаэлира нохчаша бохург, кхидΙа цаьргара жоп лардеш Ιара со, жоп суна цара герз тохарца делира».

Дукха хΙума къастанза дисина Лопота-чΙожарчу Лапанкури-юьртана гергарчу ломан хьуьнхахь хиллачух. Цхьадолчу хьостанаша бахарехь, Ιедалан ницкъашна а хууш, цаьрца бертахь а долуш, маситта баттахь лаьттина паьнказхойх а, Нохчийчуьрчу кегийрхойх а вовшахкхетта герзахойн тоба оцу хьунчохь.

Чатаевс дечу тоьшаллица а догΙуш, Австрера шен доьзалх бΙаьргтоха веъна, Тбилисехь Ιаччу юкъанна карийна иза Саакашвилин гонна. Ницкъаллин цхьана урхалло дехна цуьнга Лопотарчу нохчийн тΙемалошца бартбеш юкъарло лелор. Амма дΙа а кхаьчна, тΙемалошца дийцаре а ваьлла, церан лаам шайга бийца иза шайна тΙевеъча, снайперан тоьпаца виллина Чатаев гуьржаша.

Цул тIаьхьа, тешнабехк а беш, эзарнашкахь тΙе маса тоьпаш йиттина хΙаллакбина нохчий. Хилларг хилла даьлча, иза иштта дерзарна шена бехк буьллу политикаш меттахбевлча, Саакашвили Михаила, шен ницкъаш пачхьалкхан кхерамзалла Ιалашъеш бара, амма шаьш нохчийн декъий бусулба дино ма-хьоьхху лаьтте дерзор ду, элира. Ткъа оцу тΙехь а бира тешнабехк. Ши кΙира Лапанкурехь тΙом хиллачул тΙаьхьа даьлча, гучуделира байъинарш гуьржаша Тбилисерчу аэропортана герггарчу майданахь къайлаха лаьттах Ιиттанийла.

Маршо Радионо Гуьржийчоьнан Ιедал нохчашца оццул аьхаза стенна хьаьвзина аьлла шайга динчу хеттаршна жоьпаш, Саакашвили бехке а веш, делира гуьржийн массех политико. Тбилисерчу «Кавказан конфедераци» олчу юкъарлонан куьйгалхочо Кесрилишвили Заала иштта элира.

Кесрилишвили: " Хилларг, йинарг йоккха юьхьIаьржо ю. Саакашвили а, цуьнан цIухIарш а бу и зулам динарг. Тхан нах гуламашка бевлира оцу хьокъехь. Массара а бохура соьга, со Конферецин коьртехь хиларна, хаалаш, и тешнабехк бинарг вайн къам доцийла, цуьнан мостагIий буйла. Гуьржашна тIе эхь даийтина цуьнан политикаша. Сан кийрахь а ду тезет, суна боккха Iаткъам хилла. Ас къинтIера бовлар доьху нохчашка. Къинтера довла суна, къинтIера довла суна, къинтIера довла суна".

Гуьржийчоьнан парламентехь кхерамзаллин комитетан куьйгалхо ву Сесиашвили Борис. Цунна а хета хиллачунна бехке Саакашвилин Михаил а, цуьнан го а.

Сесиашвили: «Суна хетарехь, дерриг а Ιедало лелийна хΙума ду. Тхуна иза тхан цΙарна тΙедоьжна Ιаьржа томмагΙа ду. Тхо гΙертар дац я жоьпаллех хьалха довла а, я хилларг лачкъон а. Хилларг юьхьдуьххьал дΙаала дезаш ду: хΙун хилла. КъинтΙера нах баха безахь, иза уггаре хьалха дан деза».

Шех доглозучара закъалтна ахча охьадиллича, Глдани-набахтера аравалийтина гуьржийн ницкъаша, бехк-гунахь а доцуш, шаьш чов йина Чатаев Ахьмад. Амма, гарехь, цунна тΙехь герзан низам талхорна бехке веш кхел йийр ю – кисинара шаьш ши граната яьккхина боху ницкъахоша, ткъа Чатаевс – уьш шена, шегахь хилла йоццушехь, тΙеязйина боху.

Осмаев Адам

ГΙарадаьккхина дуьйцучех ду Осмаев Адама, ткъе цхьайтта шо долчу нохчочо, шелахочо, Путин Владимир вуьйш хилла, Украинерчу Одессера Ιедалхой сема ца хиллехь, бохуш айдина, хIинцца хатта долош долу дов.

Украина -- Лоцуш, украинан ницкъахоша йиттина, ларш яра Осмаев Адаман юьхь тIехь, Одесса, 4Чил2012

Украина -- Лоцуш, украинан ницкъахоша йиттина, ларш яра Осмаев Адаман юьхь тIехь, Одесса, 4Чил2012

Цигахь а ду эзар хаттар. Одессе а хиина, муха кечдо Москох дан деза эккхийтар? Осмаевна а, цуьнан накъосташна а муха хиина, шаьш лаьцначул тΙаьхьа масех бутт баьлча Путин рогΙехь президентан гΙента хуур вуйла? Цо Москох, президент эккхийта кечлуш, герз пхи шо гергга хьалха лаьттах стенна доьллина? Лоцуш украинахойн ницкъахоша йиттина батт этΙор, Одессехь, петар чохь ларамза иккхинчу бомбанна тΙе стенна хьаькхна талламчаша?

КΙира даьлча хатта долор ду Одессехь Осмаев Адаман дов. Цуьнан адвокатца Черток Ольгица хилира Маршо Радион къамел.

Черток: «Со реза яц юьхьанца бинчу талламийн башхаллина. ЦхьамогΙа гΙалаташ ду даьхна – 11-тта ду и гΙалат. Ас дехнера талламаш дΙабахбар. Суна суьдхочо юха а лаьцначунна цкъа тΙеяха бакъо луш кехат делла. Европан адамийн бакъонаш Ιалашъечу низамашца ца догΙу иза. Соьгара сайна луъучу, оьшшучу хенахь со Осмаевна парггΙат тΙекхача магош йолу бакъо дΙаяьккхина. ХΙоразза а тΙекхача бакъо еха дезаш нисло сан.

Лоцучу хенахь видеогайтам боккху ницкъахоша. Осмаев лоцуш баьккхинчу гайтамо хоьуйту цунна низамхоша йиттанийла. Массо а телевизионашкахула баржийна и гайтам. Амма ца бахийтина девнан гΙуллакха юкъа. Ца бахийтина, цо низамхошкара яьлла харцо гойтуш йолу дела. Ас дехнера и материалаш сайга кхачийтар – кхочуш ца дина. Осмаевна тΙехь гуш хилла чевнаш иза лоцуш йина хилар бакъдо оцу видеогайтамо».

«Сапсан» эккхийта гIиртинарш

КΙира хьалха дирзина «Сапсан» олу Петарбухара Москох лела цΙерпошт эккхийта гΙоьртина аьлла левеш хиллачу веаннан дов. Уьш Кавказ-Имаратан декъашхой а бара, цуьнан цΙарх эккхийтар дан гΙерташ а бара аьлла бу Москох-гΙалин кхелан сацам.

Оьрсийчоь - Петарбухара Москох лела "Сапсан" цIерпошт эккхийта гIортарна бехке бинарш, Mоскох, ГIадужу-бутт, 2012

Оьрсийчоь - Петарбухара Москох лела "Сапсан" цIерпошт эккхийта гIортарна бехке бинарш, Mоскох, ГIадужу-бутт, 2012

Хамжуев Исламна 18 шо хан тоьхна набахтехь такха, Эдельбиев Мурадна – 16 шо, Умаев Мурадна – 17 шо, Невлютов Фяритна – 15 шо. Вий а Москох футболах ловза леларца вевзаш хилла вовшашна. Ткъа эккхийтар дар «Вконтакте» олучу интернетерчу социалан машанехь дийцаре деш хилла цара, бохуш, чΙагΙдо Федералан кхерамзаллин урхалло.

Чувоьллинчу веаннах цхьаммо а тΙе ца эцна шена ша Кавказерчу гΙаттамхошца зΙенехь хилар. Ца вийна цара стагга а. Цул совнаха, шаьш кечйина оьккху коьчал, цΙерпоштанна буха йилла юхьанца хилла ойла а хийцина, дохко а бевлла, иза дΙакхуссуш, хьуьнха яьхьна къайла а яьккхина цара. Цундела царна ца йогΙуш тоьхна оццул лакхара хенаш бохуш бу адвокаташа бен леткъамаш. Амма кхерамзаллин урхалло – ФСБно – дозаллийца дуьйцу, ша нохчаша бохьучу рогΙерчу боккхачу бохамах кΙелхьара яьккхина Оьрсийчоь, бохуш.

Политковская ер толлуш

Политковская Анна ер толлуш лаьцна ву нохчийн совдегархо Гайтукаев Лом-Ιела а, Хьалха-Мартанара вежарий МахмудовгΙар – Рустаммий, ИбрахΙиммий, Джабраиллий, Хаджикурбанов Сергеййий.

Цаьрца декъахь а волуш, ша полисхойн урхаллехь хьаькам хиларх пайда а оьцуш, Политковская Анна йоьду-йогΙу некъаш, раж а зийна, иза зуламхошна довзийтина ларалучу Павлюченков Дмитрийна 11 шо кхайкхийна кхело набахтехь даккха пΙераскан дийнахь.

Павлюченков талламчашца уьйре вахар а, шен лаамехь бакъдерг дийца лууш хилар а юьхьара а эцна, шакъастийна теллира цуьнан бехк. Амма Политковская юьйш цунна кхаьчна дакъа зер а, кхелехь дов хаттар а дΙадаьхьира журналистех а, тергамхойх а хьулдина, кхел къевлинчу хьолехь. Гучудаьлларг ду Павлюченковс ша журналистка юьйчу новкъа ваьккхинарг совдегархо Гайтукаев вара алар. Кхин хууш хΙумма а дац.

Оьрсийчоь -- Журналист Политковская Анна юьйш дакъалацарна бехкебо талламчаша вежарий МахмудовгIар, Mоскох, 2011

Оьрсийчоь -- Журналист Политковская Анна юьйш дакъалацарна бехкебо талламчаша вежарий МахмудовгIар, Mоскох, 2011

Хууш дац, хьан гΙаттийна, хьенан лаам кхочушбеш йийна Политковская. Зулам дарцана Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цΙеяха йолийра цхьаболчу бакъоларъярхоша.

Амма зулам толлучу Гарибян Петроса аьттехьа а ца дуьту Кадыров Рамзан оцу зуламна герга хилар – журналист юьйчу муьрехь Кадыров президент хила кечлуш вара, цундела иза ейтар цунна оьшуш дацара, иза тΙехь цхьа а томмагΙа а доцуш кхача везаш вара шен дарже, аьлла ю Гарибяна Кадыровна луш йолу алиби.

Вежарех МахмудовгΙарех, кхел йоьрзучу кхача дагахь а яцахь а, зулам кхочушдархой бу олуш ду прессехь. Бехкевацаран презумпци а йицйина. Ткъа шаьш МахмудовгΙара а, церан адвокаташа а дуккха а тоьшаллаш даладо, шаьш зуламан декъахь ца хилар чΙагΙдеш. Амма хьан йийна Политковская, аьлла, хаьттича, хаамийн гΙирсаша шайна чудиллинарг хазадо могΙарчу Оьрсийчоьнан бахархоша – нохчаша йийна, олий.

Политковская Анна юьйш ша декъахь хилла хилар даре а дина, шена хан кхайкхочу кхелехь Павлюченков Дмитрийс иштта дешнаш элира шена хьалха Ιечу журналистан шина бере.

Павлюченков: «Анна Стерпановнин берашка ас сайна адамаллин къинхетамбар а доьху, цаьрга сайна къинтIера довлар а доьху».

Хабаев Мовлди

Буденновск-гIала дΙалаьцна Ιийначу нохчийн тΙемалойх шена каравеъна 28-гΙа стаг левеш, оьрсийн Фемидано тΙаьххьара кхел дΙаяьхьира кхо шо хьалха. ХΙинца рогΙера 29-гΙаниг а ву хан тоха кечвина Пятигорск-гΙаларчу Ставропол-мехкан кхелан декъо левеш - Махьма-ГΙалара 41 шо долу Хабаев Мовлди.

Оьрсийчоь - 19960чу шарахь Буденновск-гIалина тIелатар деш дакъалацарна кхеле озийна Хабаев Мовлди, Пятигорск, 4ГIу12

Оьрсийчоь - 19960чу шарахь Буденновск-гIалина тIелатар деш дакъалацарна кхеле озийна Хабаев Мовлди, Пятигорск, 4ГIу12

Шена бехке дечу пхеа-ялх зуламах цо тΙеоьцург цхьаъ бен дац –ша харц паспортаца ваьхна хилар. Иза ша я зулам дан лерина а, я Ιедалх хьуллуш а даьккхина дацара, ХьаьжцΙа воьдуш аттта хилийта даьккхинера, чΙагΙдо Хабаевс.

Хилла вац ша цхьана а кепара, боху цо, Буденновскна тΙелеттачийн декъахь.

Кхузахь кхин цхьа хΙума а ду Хабаев Мовлди бехках хьалха ваккха торуш – 17 шо даьлла Буденновскана нохчийн тΙемалой тΙелеттачул тΙаьхьа. Яьлла зама йоккха хиларна, Оьрсийчоьнан бехктакхаран низамо ца магадо Хабаев жоьпе озон. Амма иза дохош некъ карийна талламчашна. Цара чΙагΙдо, Буденновскера схьавеъначул тΙахьа нохчийн тΙемало Ичкерин ШарΙан кхелехь болх беш хилла, бохуш. Оцо бакъо ло нохчочунна кхел ян. Ткъа иза аьттехьа а дац иштта – нохчий набахтешка текхо марзбеллачара кхоьллина туьйра ду, боху Хабаевн адвоката а, бакъоларъярхоша а.

Делахь а Ставрополан а, ерриг Оьрсийчоьнан а зорбано-м Хабаев Мовлдих, кхелал хьалха а оьккхуш, вина зуламхо – иза Буденновскехь хилла а ву, цигахь нах байъина а ву, яздо журналисташа, балош бух а боцуш, шайггара.

Темирханов Юсуп-Хьаьжа

Кху муьрехь иштта девзачех а, хезачех а ду, полковник Буданов Юрий вер теллина а даьккхина, Москох кхеле валийначу Темирханов Юсуп-Хьажин дов.

Кхелан чоьнаш чохь хилла а воцу тергамхо а цецвоккхуш ду оцу девнехь лела хΙуманаш.

Темирханов, ша Буданов вийначул тΙаьхьа, ведда, юьстах а ваьлла, ягийна бохуш юьйцучу машенах терра, изза ноьмар а, билгалонаш а йолуш, шолгΙа машен а карийна. Ткъа иза муха нисделла гойтуш долу тоьшаллаш чоьте эцар а, шалха машен коьллинарш кхеле кхайкхар а доьху Темирхановн адвоката Мусаев Мурада. Кхочуш ца дина и дехар.

Оьрсийчоь - Юрий Буданов верна бехкевеш, кхеле валийна Темирханов Юсуп-Хьаьжа, Moскох, 2012

Оьрсийчоь - Юрий Буданов верна бехкевеш, кхеле валийна Темирханов Юсуп-Хьаьжа, Moскох, 2012

Зераш деш низамо къастаде тΙедахкарш талхийна талламчаша, иза ледаршка даккха деза боху адвоката, кхел реза ца хилла цунна а.

Кхеле валийначу цхьана дийнахь, нахана ца гучу хьелашкахь, Темирхановна йиттина, тΙехь сакхташ дитина гΙаролхоша. Иза ца теллина я прокурораша а, я кхело а.

ТΙаьххьарчу ладегΙаршкахь лебинчу нахера, Буданов вийначу меттера къайлаволуш Темирханов вайна царна, я цунах царна кхин стаг тарвелла боху тоьшаллаш дохуш яра кхел. Цхьаболчара ехха месаш а йолуш вара боху шайна гинарг, вукхара иза кΙунзал вара боху.

Талламчаша кхоьллинчу зулам кхочушдаран фабулехь лелаш ду яьгначу машен чохь йисинчу бедарна тΙехь карийна чо Темирхановн коьрта тΙера бу бохург. Амма муха карабо иза кхоччуш яьгна лоручу машен чохь, кхеташ дац.

Дов таллар муха дΙахьош ду, ша мел реза ву кхелехь лелачунна довзийтира Маршо Радиона Темирханов Юсуп-Хьажин адвоката Мусаев Мурада.

Мусаев: «Тхуна схьагучу хьолехь башха дегайовхо хила меттиг яц. Суьдхочо дуьйцучуьнга хьаьжча а, цуьнан лере хьаьжча а, оцу кхелан чоьнехула лелачу полицине хьаьжча а …хIора тхан къамелаш хуьлучу дийнахь чухиина Iаш хуьлу цхьацца, шишша талламча. Шайн хирриг дан гIерташ лелаш хуьлу-кх хIорш.

Масала, хIокху пачхьалкхан низамехь муха хила дезаш дара? Оцу чохь суьдхо ву, цхьанне а агIонехьа а воцуш, тхо ду, адвокаташ, дехьа агIор прокурораш бу. Оцу прокурорний, адвокатний юкъара къовсам бу оцу суьдхочо къастон безарг.

Амма тхан къовсам прокурорца а, суьдхочуьнца а бу, хIунда аьлча, суьдхо прокурорехьа волундела. Цул тIаьхьа оцу кхелера арадевллачул тIаьхьа полицино лелае харцонна дуьхьало ян а езаш нисло тхан. Иштта, вериг а цхьаьна а кхетта, шайн хирг дан гIерта хIорш. Амма хила-м Дала диннарг бен а хир дац».

Вай юьхьанца билгал ма-даккхара, ши миллион ах миллион зулам до шарахь Оьрсийчохь. И дийраш, кхеташ ду, пачхьалкхерчу шайн дукхалле хьаьжжина, оьрсий бу. Амма хаамийн гΙирсаша хΙотточу мокхачу суьрто бахархошна хоьтуьйтург ду зуламан дай доккхачу декъанна кавказхойх, уггаре хьалха нохчех бу бохург.

И сурт хийца деза телевизионашкахь, хаамийн кхечу гΙирсашкахь, аьлла, долийра кхо-биъ бутт хьалха Кремлан векалша. Амма хийцаделла дац, я хийцалуш ду ала а дац. Оцу бакъдолчух чекх а хьожуш аьлча, дуккха а нахана, шайлахь кавказхойн хилла ца Ιаш, оьрсашна а хетарг ду, къаьмнаш вовшашна дуьхь-дуьхьал латторо ло Кремлана Ιедалан мукъ ондда шен карахь латто ницкъ а, халкъера бакъо а, бохург.

Ткъа хьал иштта дΙадодахь, хинйолчу тΙаьхьенан сурт бΙаьрла го, олийла дац. Оьрсийчоьно кавказхошна, ша аьлча, нохчашна гонаха кхоьллина маьттаза васт даьржаш ду Европехь а. Цуьнан тоьшаллин масалш гучудуьйлу массо а аьлча санна нохчийн мухΙажирш бехачу мехкашкахь Ιедалша царна дуьхьал лелон йолийначу харцонашца.

Эрна ца олуш хилла нохчаша дукха зама хьалха дуьйна а, шаьш-шайх а боьлуш: «Какой нации?» - «Декъаза наци».

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG