ТIекхочийла долу линкаш

Моз санна мерза дарж дита атта дац


Оьрсийчоь -- Дагестанан куьйгалхо Магомедов Мохьмадсалам, Коммерсант-газетан сайтайн агIо, 08ГIад2012

Оьрсийчоь -- Дагестанан куьйгалхо Магомедов Мохьмадсалам, Коммерсант-газетан сайтайн агIо, 08ГIад2012

Гергарчу хенахь Кремло хийца мегаш ву Дагестанан куьйгалхо Магомедов Мохьмадсалам. Цунах лаьцна хаамаш баьржина цхьамогIа Оьрсийчурча хаамийн гIирсашкахь.

Царах цхьаъ ду Коммерсант-газета. Цу тIехь зорбане яьллачу материалан авторна Мурадов Мусана хетарехь, Кремл Магомедовна реза цахилар хила мега, иза Дагестанан куьйгалхо, массо а харжамхоша дакъа а лоцуш, харжа веза аьлла хеташ хилар.

Магомедов Мохьмадсалам шен даржера дIавоккхуш ву аьлла хаамаш мосуьйттоза хьалха а баьржинера зорбанехь бохуш, дуьйцу Маршо Радион дехарцу цу хIоьтинчу хьолана комментари йинчу Коммерсант-газетан корреспонденто Мурадов Мусас.

Мурадов Муса: «Магомедов Мохьмадсалам хуьцуш ву боху хабарш доладелла дикка хан яра. Стохка, шо чекхдолуш, иза а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхо а, ГIебартойн-Балкхаройчоьнан куьйгалхо а хийца мегаш ву аьлла дийца долийра. Амма, вайна хууш ма хиллара, уггаре а чолхе хьал Дагестанехь ду. Цундела иза шен хан чекх а ялале хийца мегаш ву аьлла дара.

Дагестанера хьал чолхе хилар тIемалой хилар а, герзаш детташ хилар а хилла ца Iа. Iедалан даржехь хиларх болуш болу пайда къуьйсуш дуккха а, кланаш олуш йолчу тобанаш ю цигахь. ТIаккха, иза меттах ваккхар а доьзна дара стохка ГIадужу-баттахь Москох Дагестанан халкъийн альтернативан гулам аьлла вовшахкхетар дIадахьар дара.

Мохьмадсаламана реза боцу нах бара цигахь гулбелларш. Иза дIаваккха бохуш, кхайкхамаш а бира цара Кремле. Цундела иза цхьа ларамаза доладелла хIума дац».

Коммерсант-газето бинчу хаамца, Дагестанан куьйгалхо Магомедов Мохьмадсалам Оршот дийнахь Москох кхаьчна, шен аьттто балахь, президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхета дагахь. Оьрсийчоьнан куьйгалхочуьнца иза дийцаре дан дагахь ву ша даржах вохо мегаш ву аьлла, даьржина хабарш. Амма Кремлехь цу тайпа цхьанакхетар хир ду бохург хьехаош дац. Мурадов Мусас дуьйцу.

Мурадов Муса: «Оха къамел динчу наха дийцарехь, иза кхузахь, Москох, ву Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхетар лоьхуш. И хабар ду. Амма тахана, я кхана аьлла кхайкхийна хан яц. Амма шен хан чекхъяллац ша витийта гIертар ву аьлла, хета суна иза».

Кху деношкахь оццу Коммерсант-газетана ша еллачу интервьюхь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека дIахьедар дира, регионаш кийча яц массара а дакъа а лоцуш, кхаж а тесна, шайна куьйгалхой харжа аьлла. Нагахь иза дахь юкъаралла йоьхна дIаер ю аьлла хета Евкуровна. Ткъа муха дара цу хьокъехь Магомедов Мохьмадсаламана хетарг? Мурадов Муса.

Мурадов Муса: «Массо а наха дакъа а лоцуш, харжамаш хилийта лууш ву ша аьлла, хьалхе дуьйна дIакхайкхийнера цо. Цхьаболчу наха дийцарехь, эксперташна хетарехь, цо иза аларна, иза дуьхьал даьлла хила а мега цунна».

Коммерсант-газетан корреспондент Мурадов Муса дуккха а хан ю, журналист болх беш волу. Оьрсийчоьнан Къилбаседа Кавказехь а, кхечу регионашкахь куьйгалхой хоржуш а гина цунна дуккхазза а. Иштта кхераме ду те цигахь харжамаш бар аьлла, шега хаьттича, Мурадов Мусас иштта жоп делира.

Мурадов Муса: «Цхьайолчу республикашкахь и харжамаш болуш къийсамаш хулуьш бу. Кхарачой-Чергизойчохь а, ГIебартойн-Балкхаройчохь а, кхийолчу республикашкахь а, дуккха а тайп-тайпана къаьмнаш дехачу меттигашкахь, шай-шайн стаг хьалхавакхха гIерташ къийсамаш хуьлу. Амма иза хилахь а, дукха зенехь ду аьлла-м ца хета суна иза. Дукхах болчу нахана а ца хета, суна а ца хета».

Нагахь Кремло баккъалла а Дагестанан куьйгалхо хийца сацам бахь, мила хIотто мегаш ву Магомедовн метта аьлла, хаттар кхоллало. И дарж дIалаца лууш болу нах дуккха а бу Дагестанехь бохуш, дуьйцу Мурадов Мусас.

Мурадов Муса: «Иза цара хуьйцуш хилахь, цуьнан метта харжамаш хиллалц аьлла, дIахIоттош верг хаьлха дуьйна политикехь вевзаш волу Абдулатипов Рамазан ву. Амма и меттиг дIалаца лууш Дагестанехь а, цул арахьа а бевзуш болу нах бу. Каримов Сулейманан, дуьненна а вевзаш волчу бизнесхочуьнан, цIе а йоккху».

Дагестанан куьйгалхочуьнан гоннна цхьа а бух бу аьлла ца хета Магомедов цу даржера дIаваккха. Иза куьйгалле веанчул тIаьхьа дуккха а дикачу агIор хицамаш хилла аьлла, хета царна. Царах ду махкхахь дуккха а къаьмнаш доллушехь церан барт боьхна ца хилар а, дин бух тIехь тайп-тайпана ойланаш йолчу нахана юкъахь дийцарш долор а, тIемалой машаран дахаре берзо гIерташ Iедалша къахьегар а.
XS
SM
MD
LG