ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Кавказерчу республикийн куьйгалхошна бахам гулбийраш бу церан зударий


Оьрсийчоь -- Къилбаседа Кавказерчу республикийн куьйгалхошна бахам гулбийраш бу церан зударий.

Оьрсийчоь -- Къилбаседа Кавказерчу республикийн куьйгалхошна бахам гулбийраш бу церан зударий.

Кху деношкахь Оьрсийчура Iедалан дай декларацеш Iора йохуш бу даханчу шарахь шайна хиллачу пайданах лаьцна йолу. Кху тIаьхьарчу масех шарахь шаьш деш ма хиллара, шайн хIусамнаноша а, бераша гулдина рицкъ а довзуьйта цара. Къилбаседа Кавказерчу республикийн куьйгалхоша кечйинчу декларациш гойтуш ду церан хIусамнаноша шайн доьзална алсам пайда беана хилар шаьш хьаькамаш беанчул а.

Цхьаболчу Къилбаседа Кавказерчу республикийн а, кIоштийн а куьйгалхоша Iораяьхьна даханчу шарахь шайна хиллачу пайданах лаьцна йолу декларацеш. Цу гIуллакхан коьрта Iалашо ю коррупцица къийсам латтор. Оьрсийчоьнан Iедалшна хетарехь, Iедалан белхахой шайн бахам гайта безаш хилча, церан аьтто хир бац, шайн даржех пайда а эцна, хьарам бахам гулбан.

Зеделлачо гойтуш ду, Iедалан мукъ карахь болчу нахана иза дукха йоккха проблема хилла ца хилар. Делахь а хIора шарахь даханчу шарахь шайна хилла пайда гойтуш кехаташ Iорадоха цара. Коррупцица къийсам латторан низамца а догIуш и хаарш оьшуш ду ял йоккхучу органашна.

Ткъа хIун чулацам болуш ю и декларацеш? Коьрта жамI ду Къилбаседа Кавказерчу республикийн куьйгалхоша гулбинчул а алсам бахам гулбина хилар церан хIусамнаноша. Цуьнах лаьцна яздо «Кавказский узел» интернет агенталло.

ГIебартойн-Балкхаройчоьнан куьйгалхоша шайн декларацеш зорбане яьхна цу республикан куьйгалхочуьнан интенет сайт тIехь. Иштта ГIебартойн-Балкхаройчоьнан куьйгалхочо Каноков Арсена даханчу шарахь даьккхина цхьа миллион ах миллион сом.

Цуьнан хIусамнанс Канокова Фатимас даьккхина 31 миллион сом. Каноковн долахь ду 6 гектар ах гектар хиллал латтан дакъа а, 725 йиъкIо метр цIа а, гараж а, «Мерседес-Бенц» (Mercedes-Benz) олуш йолу машен а.

Цуьнан зудчуьнан Канокова Фатимин латтанан диъ дакъа а ду, цхьана гектар тIера 5 гертаран тIекхаччалц майда а йолуш, ши петар а ю, ши машен а ю «Ауди» (Audi) а, «Мерседес-Бенц» (Mercedes-Benz) а олуш йолу.

ГIебартойн-Балкхаройчоьнан министрийн кабинетан куьйгалхочо Хасанов Руслана а даьккхина стохка цхьа миллион ах миллион сом. Цуьнан петар ю 197 йиъкIо метр йоккхалла йолу, «БМВ» машен а ю.

Амма Хасановн зуда тIахъаьлла хьоьвзина шен майрелла. Цо стохка даьккхина 31 миллион сом. Иза ду цхьа миллион сов доллар. Цул сов, Iедалан гIантден хIусамненан долахь цхьаъ цхьа гектар, важа цхьа гектар ах гектар майда йолу латтанан ши дакъа а ду, 482 йиъкIов метр чоьнаш йолу цIа а ду, 315 йиъкIов метр майда йолу петар а ю.

Ставропол-кIоштан губернаторна Зеренков Валерийна стохка хилла пайда буьйцуш бу цуьнан официалан сайт тIехь. Цо стохка даьккхина 2 миллион 600 эзар сом. Зеренков да ву 558 йиъкIов метар майда йолчу хIусаман. Цуьнан долахь машен яц, амма латтанан дакъа ду 700 йиъкIов метр.

Ставропол-кIоштарчу низамаш дахаран гуламан депутаташа Охан-беттан 19-чу дийнахь шайн сайт тIехь бовзийтина шайн бахамаш. Шайн долахь бизнес йоцучу депутатийн алап хилла стохка юккъерчу барамехь 2 миллион гергга сом. Амма коммерци лелочу цхьамогIа депутаташ шаьш цулла а къезиг ахча даьккхина хилар гайтина.

Ставрополерчу гуламан куьйгаллехь боцучу депутатех стохка уггара боккха пайда хилларг ву «Цхьаалин Оьрсийчоь» партин векал волу Невиномысскерчу "Арнест" цIе йолчу кампанин вице-президент Гурьянов Владимир – 47, 9 миллион сом.

Уггаре а кIезиг пайда хилла стохка «ИОН» олучу тайнагаш юхкучу туьканийн машан долахойх цхьаъ волчу Николаев Игорьна – 336 эзар сом.
Цхьаболчу депутатийн зударша доьзална алсам пайда беана стохка. Царах ю коммунист-депутат волчу Бражников Евгенийн зуда. Бражниковс 4,4 миллион сом доккхуш, цуьнан хIусамнанас даьккхина 5 миллион 100 эзар сом.

«Кавказский узел» интернет агенталло дийцарехь, Ставропол-кIотарчу депутаташа хаьржинчарах ю "Toyota Camry" а, "Volkswagen Touareg" а олу машенаш.

Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочо Темрезов Рашида даьккхина стохка 830 эзар сом. Цуьнан долахь ду 450 йиъкIов метр цIа. Цуьнан зуда мелла а алсам хьал долуш ю, стохка цо 117 эзар сом бен ца даьккхинехь а. Темрезовн хIусамненан долахь кхо петар а ю, гараж а ю, цхьацца хIума Iалаш е ши хIусам а, цхьа гектар сов латта а ду. Цуьнан иштта ю "Toyota Land Cruiser 200" олуш йолу машен а.

Дагестанан куьйгалхо Абдулатипов Рамазан цу дарже хаьржина дукха хан яц. Цундела цо шен декларацехь буьйцу масийтта меттехь шена хилла пайда. Абдулатиповн декларацица а догIуш, 2012-чу шарахь цо даьккхина 2 миллион 597 эзар сом. Цуьнан белхан алап хилла 2 миллион хиллал сом.

Хьехархочуьнан болх беш Абдулатиповс даьккхина 84 эзар сом. 420 эзар сом ду цуьнан пенси. Банкашкахь ахча латторна Абдулатиповна пайда хилла 83 эзар соьманна. Цуьнан кхин болчу бахамах а, цуьнан гергарчара даьккхинчу ахчанах а лаьцна кхин хууш дац.

2012-чу шарахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека даьккхина 2 миллион 114 эзар сом. Иза 39 эзар соьман кIезиг ду цо 2011-чу шарахь даьккхинчул а. Цуьнах лаьцна дуьйцуш ду цо шен сайт тIехь Охан-беттан 13-чу дийнахь зорбане яьккхинчу деклараци тIехь. Евкуровн хIусамнанас стохка гулбинчу бахамах лаьцна йолу графа яьсса ю. Евкуровн а, цуьнан зудчуьнан а Москох петар ю, амма яц цхьа а машен.

ГIалгIайчоьнан Iедалан гIантдас Чилиев Мусас стохка 1,33 миллион сом даьккхина. Амма цуьнан хIусамнанас оццу шарахь даьккхинчу ахчанан барам бу 15 миллион сом хиллал. Цхьацца петар а, кхин йолу гIишло а йоцург, ЧилиевгIера ю "Мерседес-Бенц С" (Mercedes-Benz C) машен а.

КIезиг пайда хилла стохка ГIалгIайчоьнан Iедалан гIаьнтден когаметта волчу Арсмаков Ахьмадна а (221 615 сом), Яндиев Даудна а (797 662 сом). Цуьнца цхьаьна, нагахь Арсамаковн долахь ши машен ялахь а "Рендж Ровер Спорт" (Range Rover Sport) а, "БМВ Х6" а, Яндиевн долахь яц я петар а, я цIа а, я машен а.

Дукха ледар бахамаш гулбина стохка кхин болчу ГIалгIайчоьнан министрша а. Царах стохка уггаре а кIезиг пайда хилларг ву дешаран министр Кодзоев Руслан. Цо даьккхинарг дац 148 эзар 370 сом бен.

«Кавказский узел» агенталло дийцарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан 2012 шеран деклараци каро аьтто ца болу. Иза гучуяла мегаш ю гергарчу деношкахь.

Амма 2011-чу шарахь Кадыровс зорбане баьккхинчу хаамца, цунна цхьана а кепара пайда ца хиллера, балхахь делла 4 миллион 100 эзар сом ца лаьрча. Кадыровн Соьлж-ГIалахь йолу петар а яц да воккхавийр волуш – 36 йиъкIон метр. Машен йоцуш ю.

Ткъа цуьнан машенаш а, гIаланаш а, герзан коллекцеш а, акхаройн парк а, кхин дерг а Нохчийчоьнан халкъан бахам лоруш хилар билгалдоккху «Кавказский узел» агенталло.
XS
SM
MD
LG