ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла санкцеш кхайкхо мегаш ю Оьрсийчоьнна


Украина -- Украинин а, Евробертан а, Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а байракхаш.
Украина -- Украинин а, Евробертан а, Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а байракхаш.

Украинерчу Мариуполехь ракеташ йиттина нах байъинчул тIаьхьа Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш яхаре кхойкхуш ю Малхбузера пачхьалкхеш.

Украинин Мариупол гIалина Град цIе йолчу яккхий тоьпийн ракеташ Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа даханчу шота дийнахь йиттира. 30 маьрша стаг вен а вуьйш, иттанашна чевнаш а еш дина долу и къиза тIелатар меттигерчу нехан цIеношна тIе а, автобусан социйлана а, махлелочу базарна тIе а динера.

Град ракеташ ишттачу машаречу меттигашна тIе еттарх а кхета мегар ду, цу зуламна тIехьа лаьтташ берш муьлш бу бохучух – хIунда аьлча, Мариуполехь хиллачуо Нохчийчура тIемаш лайначеран иэсехь карладоккху, оьрсийн эскархоша Соьлжа-гIалин базарахь а, социйлашкахь а, майданашкахь а, лоьрийн цIеношкахь а, нехан хIусамаш-м йийца а ца оьшура, - доцца аьлча, маьрша нах гул-гуллоче йиттина хилла Град а, Ураган а цIе йолу яккхийн тоьпийн ракеташ.

ХIетахь а яра Кремлан куьйгалхойн цу къизаллех лаьцна шаьш дуьйцучохь ялош цхьа кийтарло – уьш оьрсийн эскархоша дина дац, муьлш бу а ца хуучу зуламхоша дина ду, я нохчийн тIемалоша шаьш дина, нахана и зуламаш оьрсаша дина моттийтархьама, олий.

Дуккхаъ ду Украинехь Оьрсийчоьнехьа а, гаррехь Оьрсийчоьно кхобуш а бу сепаратисташа лелориг цу пачхьалкхан куьйгалло а, эскархоша а Нохчийчохь лелийначуьнца цхьаьнадогIуш, шен Ночийчохь шардина долу куьгйоза мискъаразатталла ца хийцина Кремло Украинехь а ала мегар долуш.

Цундела цецволийла а дацара, ша шех „Донецкан халкъан республика“ олучу тобан векалша Мариуполехь ракеташца нах байъинарш шаьш дац, Украинин эскархой бу, аьлла дIахьедар дарх. „Мариупол гIалин гуонахьрачу гIаттамхошкахь и тайпа арттиллерин системаш ян а яц“, - аьлла яздина цара шайн официала дIахьедарехь.

Бакъду, хIинца цу тайпанчу кхардамечу дIахьедарех тешаш стаг ца висна. Ца теша царех Украинера хьал шайн тидамехь латтош болу Евробертан пачхьалкхийн куьйгалхой а. Иштта, Румынин президента Йоханнис Клауса официала дIахьедар даржийна, Мариуполехь маьрша нах байъарна сепаратисташ хилла ца Iаш, Оьрсийчоь а ю бехке, цу сепаратисташна герз а, кхин долу гIо а латтош йолу, аьлла. Румынин куьйгалхочун сайта тIехь билгалдаьккхина ду, Кремлан дуьхьал керла санкцеш яха а еза, уьш хьалхалерачел шогох хила а еза, аьлла.

Иштта Полшин президента Коморовский Бронислава а дIахьедина, Евроберто кхин а шогох йолу санкцеш юккъеяха еза Оьрсийчоьнна дуьхьал, аьлла. „Мариуполехь хиллачун Малхбузено луш долу жоп буьрса хила деза“, - элира цуо оршот дийнахь Варшавехь ша дIаяхьначу пресс-конференцехь.

Германин бундестагехь а дара кху деношкахь Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш яхар дийцаре деш. Карарчу хенахь урхаллехь йолчу кериста-демократийн партин цIарах немцойн-украинхойн тобин куьйгалла деш волчу Вельман Карл-Георга Бундестаган гуламехь элира, „Оьрсийчоь Украинехь тIеман конфликт марсайоккхуш ю, сепартисташна даккхий герзаш а, йагорг а, сурсаташ а, техника а латторца“, аьлла. Цу кепара цуо Малхбузенна кхин некъ ца буьту, шеца кхин а луьрачу санкций маттаца къамел дар бен, элира цуо.

Кхузахь хьахон догIу, масех кIира хьалха Европехь Оьрсийчоьнна дуьхьал йолу санкцеш хIинца эххар а малйан мегар ду боху аьзнаш дека доладелла хилар. Цхьаьна агIор, и ойла яржош болчу наха далил санна даладора, санкцеша а, мехкадаьттин мах охьабаларо а Оьрсийчоь тоъалла гIелйина, бохург. Вукху агIор, цара иштта чIагIдора, Парижехь террорхоша тIелатар динчул тIаьхьа Малхбузе Оьрсийчоьнца террорхошна дуьхьал къийсам барехь цхьаьнаболх ца бича ца йолу, цундела а юха яха еза санкцеш, бохург.

Делахь а, дукхахболчу аналисташна тамаша хетар, Шарли Эбдо журналан тIелатарца доьзна Европехь террорхойх кхерар алсамдаьллера аьлла, Оьрсийчоьй, Малхбузей вовшашна юха а герга йодахь. Европерчу стратегикаллин талламийн институтан белхахочуо Асхабов Хьамзата ма-аллара, и тIелатар хилале а хийлаза гIиртира Оьрсийчоь Евробертан кулуарашкахь ша йоцуш террорхошца къийсам дIабахьа Малхбузенна хала хир ду бохург чIагIдан. Амма Украинера Кремлан леламаший, террорхошца болу къийсамий – уьш бен -бен ши проблема санна тIеоьцу Европано, бохуш, дуьйцу цуо.

Асхабов Хьамзат: „Украинин, Оьрсийчоьнан юкъаметтигаш дикчу агIор хийцаелла ала меттиг бац. Оьрсийчоь и Парижера тIелатар хилале а гIиртира хийла, Малхбузене, къаьстина Евроберте, ша декъа а йоцуш террорхошца къийсам шуьга лелалур бац, вай цхьаьна болх бан беза цу къийсамехь бохург кховдо. Амма цара и аргумент хIинцалца башха тергал ца еш юьтуш ю. Ши хIума – Парижера тIелатарий, Украина бахьана долуш юккъеяхна йолу санкцеший бен-бен ши хIума санна тергалдеш ду Европехь “.

Мариуполехь а, Донецкехь а Кремлан гIоьнца лелаш болчу сепаратисташа шайн тIеман жигаралла алсам яккхар бахьана долуш Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш юккъеяхар генахь доцийла хаийтина цу юкъана Цхьанатоьхначу Штаташ а.

Iамеркан финансийн министр волчу Лью Джейкоба динчу дIахьедарца, Вашингтонехь кхин а шортта таронаш ю, Оьрсийчоьнан экономикана керла зенаш дан. „Вайна гуш ду, санкцеша шайн болх беш хилар а, цара Оьрсийчоьнан экономика лестош хилар, вайн-м кхин ду дуккхаъ некъаш, санкцеш шорйан. Вай кхин а алсамох гIулчаш яха кийча хила деза, Оьрсийчоь Минскера барт кхочушбан ца йолалалахь“, - элира цуо журналисташка шинари дийнахь.

Тергамхошна хетарехь, Лью Джейкоба юьйцучу керлачу гIулчанех цхьаъ хила мега, Iамеркано оьрсийн банкаш дуьненаюкъарчу трансакцеш яран SWIFT системах дIахадор. Нагахь санна цара иза дахь, Оьрсийчуьра массо а банк кхечу пачхьалкхашка ахчанаш я дIа ца дахьийталуш, я цигара ахча схьа а ца эцалуш юьссур ю. Изза хир ду иштта онлайн бэнкинг олучу системица интернетухала трансакцеш ечу могIарерчу Оьрсийчоьнан бахархошна а.

XS
SM
MD
LG