ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петарбухарчу бохамо ксенофоби гIаттийна юха а


Мел баледер ду Петарбухахь дина зулам кавказхошна?

ХIинццалц мелла а кхерамзаллехь баьхначу Петарбухан бахархошна боккха Iаткъам хилла эккхийтарх. Делахь а, цара доьналлица тIеэцна и бохам – вовшашна чай луш, воьхначун къамелца дог тедеш, цIаваха аьтто боцург буьйса юккъеяххалц шайн машенашца дIабуьгуш…

Ца дирзина дIовш ца тухуш а. «Варшавский экспресс» кинотеатрехь ОМОН-хой хьийзина славянхойх боцу нах арабохуш, цхьаццанхьа пассажираша автобусашна чуьра аратуьйсуш хилла оьрсех терабоцурш.

Террорист ву аьлла хеттачуьнца лелийна кеп а ю пачхьалкхара хьал гойтуш. Низамхоша сурт даржийра зуламан да хила тарлучун. «ДАIИШ-хо хила мега, этнографин персонаж ю иза», дьржира социалан машанашкахула коьртахь пес, юьхь тIехь маж йолчу стагах лаьцна.

Сарале къаьстира Iедал галдаьллийла – лаца кхайкхийнарг ша веара полице, хиира иза бехкевоцийла. Амма цул тIаьхьа кеманца иза Петарбухара Башкортостане, шен цIаваха воьлча, гонахарчу наха цунах «вахьабит» вира, сардамаш дийхира, кеманчу ца хаийтира.

РогIехь даржийра шолгIачун, бехке хила тарлучун сурт. Иза Казахстанера вара, тIехьаьжча хипстер а хеталуш. Теллира, бехкевоцуш карийра.

Де-буьйса даьлча къастийна эккхийтарна бехке хила тарлушверг – ГIиргIазойчуьрчу Ош гIалара схьаваьлла, 1995-чу шарахь вина Оьрсийчоьнан вахархо Джалилов Акбарджон.

Оцу юкъанна Life кхиина, «Петарбухарчу эккхийтарна бехке хила тарлург, ша метрочу воссале маьждигахь хилла» аьлла хаийта.

Вахьабиташ хьахош юхьанца хаам баржийчхьана дуьйна боьхна хьийза Къилбаседа Кавказера бахархой. Вевзаш волчу адвокато Мусаев Мурада шен Фейсбукан агIонтIехь яздо: «Петарбухара эккхийтар толлуш лохуш бу боху бусалбанаш а, Юккъерчу Азера схьабевлларш а. Суна царех виъ карийна. Эккхийтар дича зен хилларш бу уьш- дарбан цIеношкахь а Iохку».

Шена Москохарчу петарара аравала бIегIийла дац тахана ,боху, Оьрсийчоьнан арахьарачу гIуллакхийн министраллан института Кавказан проблемийн а, регионийн кхерамзаллин а Центран белхахочун Ярлыкапов Ахьмада.

Цо ша дийцарехь, Петарбухахь хиллачух тера бохам иккхича, иза ца хIутту юкъарчу транспортца дIасаваха – ца лаьа, ша славянех тера вацаре терра, цхьаьннан агрессина тIеIоттавала.

Дукхаболучара нийса кхетадо дерриг а, амма цхьана кандаьллачо уьстагIо талхадо-кх жа.

«Хьашт доццучохь ца лаьа-кх бахьана дала…Бакъду, тахана аравала дезаш-м ву со, - бохура Ярлыкаповс Маршо Радион "Кавказ.Реалии" проектца къамелдеш.

Иза цец ца волу кавказхошка а, Азин бахархошка а нах гома хьежарх – «ехха зама ю иза юкъарраллана чудуьллу». Цунна хетарехь, карарчу муьрехь кавказхой гезбахар малделла, амма «чухиина деха нехан кортошца».

Кавказхой шаьш а бу террорхошкара дуьйлу зулам ловш. ХIунда аьлча, боху Ярлыкаповс, пачхьалкхо уьш а, азиаташ а алссам хьийза мел бин а, бахархой цаьрца вон мел хили а, алсамдер ду цара терроран зуламаш бакъдар, боху Ярлыкаповс.

«Террорхошна оьшург юкъаралла дакъошка екъар ду, адам кхерор. Кинотеатршкахула къестамаш а беш, нах луьттучу ОМОН-о террорхошна гIодо», аьлла хета экспертна.

Ярлыкапов тешна ву, къаьмнаш доькъучийн позицина Кремл официалехь дуьхьалхIотта еза, Iедалан белхахошка дайта ца деза цо и тайпа къамелаш бохучух.

Кавказхой бац хиллачух хIинца Iаткъам хираш, азиаташ бу, элира Петарбухан парламентан депутато Вишневский Бориса.

Ткъа муха къастор бу гIалин бахархоша кавказхой азиатех, "Кавказ.Реалиино" хаьттича, шена хуур дацара, масала, азиаташ дагестанхойх къастон, элира депутато.

Ксенофоби, цунна хетарехь, соцур ю иза яржочарна луьра тIаIзар духьулдаьккхича.

Адамаша дийриг дозу царна хIума дезаршций, шайн дериг дарна уьш кхерарций,

аьлла психологаша, «маршо шайгара йоккхур юйла хиича, совцур бу цабезам адамашлахь баржораш а», - боху Вишневскийс.

Эккхийтар хиллачул тIаьхьа петарбухахой кхоьру метрох, цу чохь шайна рогIера зен хиларна, ткъа кавказхой – шайна цабезам дуьхаьлбаларна.

XS
SM
MD
LG