ТIекхочийла долу линкаш

Орца дала - Сибрех йоккхуш бу кавказхой!


Оьрсийчоь -- Новкъахула ковранахь боьлхучу кавказхойн машенаш а совцийна, царна йиттина полицино, Сургут, 05May2013

Оьрсийчоь -- Новкъахула ковранахь боьлхучу кавказхойн машенаш а совцийна, царна йиттина полицино, Сургут, 05May2013

Оьрсийчоьнан маьΙ-маьΙнехь лелхачу бухарчу бахархойнний, кавказхойнний дар-дацарех рогΙераниг ду деношкахь Тюменерчу Сургут-гΙалахь иккхинарг. Вовшах а кхетта, оцу гΙала бΙе гергга машенахь боьлху кавказхой совца а бина, царна йиттина полицино. Листа долийча гучудаьлла, цунна оццул шога хьовза бахьана хилла а доцийла. Лецнарш дΙахецна. Амма даима а нислуш ма-хиллара, йиттинарш къинтΙера бохучу меттана, Ιедало хΙинца дестадеш дуьйцу мел зуламе нах бу цигахь беха кавказхой.



Оьрсийчуьрчу дуккха а хаамийн гΙирсаша – караоьцучу а, интернетерчу а газеташа, ерриг пачхьалкх хьожучу 1-чу телехьожийло а, радиоша а Сургутехь кавказхошкара даьлла "талор" довзуьйтуш гойтург а, дуьйцург а хΙара ду: керстанаша марха достучу дийнахь, иттех де хьалха, Сургутна гена доццуш вовшах а кхетта, шайн машенашкахь лула-кулахь беха кавказхой ган арабевлла суьйлий, нохчий, церан хьеший-оьрсий.

Вовшашца барт а бина, шаьш арадевллачара, Сургутехь а севцца, дай-наной доцу а, дΙатесна дитина а долу бераш кхиочу Ιедалан цΙийне а кхаьчна, сагΙа деш, тайнигаш дΙакхачон дагахь а хилла кавказхой. Амма некъ хадийна церан ковранан полицин тоьллачу ницкъийн декъо – Сургутерчу ОМОНо.

Охьабиттина, хоттала а керчош, йиттина 120 сов волчу некъахчунна. Телевизионаша гайтира кегийнехан аьтта батош, Ιаржбина бΙаьргийн гонаш. Полицино, шен хΙусамашкахь ши де а даккхийтина, дΙахецна кавказхой.

Тюменна гергарчу Муравленко-гΙалахь веха Маршо Радиоца къамел дан реза хилла Абзотов ИбрахΙим. Кхушара университетан юридикан факультет чекхйоккхуш ву иза мукъачу кепехь. Белхан меттиг цунна карийна нехан долара машен лелош, ткъа юрипруденцица дозу дарж цунна Ιедалша кхачор ду бохург-м дац аьттехьа а. ИбрахΙима иштта довзуьйту ша вехачуьра хьал.

Абзотов: «Муравленкохь кавказхой алссам бу, бакъдерг дийцича, кавказхойн караяхана яьлла-м ю иза. Деллахьа, цара цхьа а бала-м ца бохьу. Уьш а, гIазакхий санна, россиянаш бу-кх, массо а бу-кх иззаш. Царах терра шайн бехаш бу уьш, белхаш а беш, яа сискал а йоккхуш.

Цкъацкъа нисло, Iедало хьийзабо. Цхьа хIума доллушехь, иза шайнчара динашшехь, провокации еш, кавказхой хьийзабо. Вахьабизм боху хIума дан а дац – шайн ламазаш а деш, рузбане а боьхуш, парггI ат беха нах.

Белхашца вуно ледара ду. Iедалан балха хIотта-м чIогIа хала ду вайнахана, дагестанхошна. Дешар цатоар а ма дац иза. Царна шайна, «кавказхой» аьлча, «лов-в» олий хетта, дIа ца боьду-кх цаьрца болх, ца лаьа царна цаьрца болх бан.

Лулахой чу-тIе а боьлхуш, чIогIа гергарло леладо наха, кавказхой ду олий. дIа а ца тоьттуш. Iаш иштта бун ах, ткъа «лакха» хьала мел волу а, Iедалан белхашкахь берш, царна ца беза-кх. Iедалан нах бу-кх, сан кхетамехь, и дерриг а дохош берш».

Сургут-гΙалин кIоштахь 20 шо ду Теркйистера еъна Маруса еха. Цо а довзуьйту цигахь кавказхошна еттарх дерг а, бухарчуй, тΙебаьхкинчуй бахархошна юкъахΙоьттина цабезам а, шен доьзалера хьал а.

Маруса: «Воккхачун 25 шо ду, жимачун 22 шо ду. Университетехь ву жиманиг, воккханиг эскаре а вахана, цIа а веана. Муьлххачу а метте вахча, балха дIа ца оьцу-кх.

Исламан духар дуьйхина нах гича а уьш ца мега. Реза бац къовладелла вайн зудабер гича а. И духар духу аьлла леладо-кх цара и хIуманаш.

Кхузахь дуьйцург иштта ду. Кхузара дIабоьлху и кегий нах герзаш эцна боьлхуш ца хила, цхьаьнхьа вовшахбетталуш бу вайнах, Нижневартовскера, кхечунхьара къоман нах ган боьлхуш хилла бохура. И ду-кх дуьйцуш дерг.

Цхьа а хIума ца олу Iедало маьждиге леларна. Ма-тов вовшахкхета, оцу цхьана хIуманна проблема яц. Тахана тхо довланза меттиг яц. Хьо дIасавах-ваханчохь, тхуна гуттара вевзачо, проблема хIун ю хаийта йиш-м яц, шу нохчий хилар ю-кх, олу. Нацмен балха ма эца аьллий, омра дуй, тIаьхь-тIаьхьа кхечу къомах берш ца безаш, хьера-м бевлла хIорш».

Оьрсийчоьнан дахар, цигарчу къаьмнийн даима а санна лелха девнаш тергонехь латточунна кхин хΙара аьлла цецвала хΙума а дац Тюмен-махкахь хилларг. Ишттаниг могΙара сурт а хилла лаьтта Советан пачхьалкх йоьхча дуьйна когахΙотта wf nemuei схьайогΙучу Оьрсийчохь.

МогIарчу хIуманех ду Сургутехь иккхинчу инцидентна гонаха Оьрсийчуьрчу хаамийн гΙирсаша, шайлахь цΙарна цΙеяхана телехьовсийлаш а йолуш, даржориг. Масарна а гарехь, бехке бу кавказхой. Стенна боху хаттар хΙоттало дуьйцург листа луучаьргахь.

100 сов хиллачу машенаш чуьра, уьш цΙеххьашха совцийча, карийнарш ю дуккха а тайнигаш – уьш боберашна хьош хилла, дийцарехь. Амма карийна ОМОНна царалахь пхиъ бесболан гΙаж, шиъ пневматикан тапча. ГIожмаш Оьрсийчоьнан низамаша ца доьхку мел елахь а а лелон. Ткъа ши тапча-бахьана, ша меттигерчу полицин куьйгалхочо бахарехь, лело бакъо йолу кехаташ а долушшехь яьккхина долахошкара.

ХΙун даьллачунна йиттина боху хаттар дуьсу жоп доцуш. Амма оьрсийн зорбанна-м карийна цунна жоп. Цо бахарехь, Сибрех кхерамна кΙел ю. Яц иза бΙеннаш энарнашкахь баьржачу китайхоша дΙалацаран кхерамна кIел, бΙеннашкахь бен а боцчу кавказхоша йоккхуш лаьтта-кх.

Муьлхха а бусулба стаг ву прессин кхетамехь «вахьабхо». И цΙе шена тоьхнарг эскарша, полицино, къайлахчу сервисаша, политикаша, Ιедалхоша, доцца аьлча, массо а ницкъаша, цΙергахь вагош зама Оьсийчохь йолун дела.
XS
SM
MD
LG