ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Барт-м мичахь бара!"


Оьрсийчоь -- !612-чу шарахь полякех Москох Iалашъеш хьаьвзинчу Мининний, Пожарскийний ЦIечу майданахь хIоттийна хIоллам, Москох
Оьрсийчоь -- !612-чу шарахь полякех Москох Iалашъеш хьаьвзинчу Мининний, Пожарскийний ЦIечу майданахь хIоттийна хIоллам, Москох

Оьрсийчохь а санна, Нохчийчохь а даздеш дара дахана кΙиранде Оьрсийчоьнан Цхьааллин де санна. Ιедалша дуккха а къахьийгира нехан оцу дийнахь политикан само совйоккхуш, къаьмнийн барт хьехош. Амма, масала, нохчашна-м хIинца а ца хаьа и х1ун де ду. Оцу тамашечу хиламан къайле йостуш, бахархошца къамелехь хилира Маршо Радио.




Массо тайпа хаамийн гIирсех шуьйра пайда а оьцуш, Iедалан мукъ карахьболучара хастаме дешнашца декъалбина нохчий «Къоман цхьаалла" цIе йолчу Оьрсийчоьнан дезачу денца. Iедалдай а, массо тIегIан министрш а боцуш, цу декъалдаршна юьстах ца висна Къилбаседа Кавказан федералан гонан куьйгалхо Хлопонин Александар а.

Диъ бIе шо хьалха Минин Козьма а, Пожарский Дмитрий а коьртехь болуш, меттахбевллачу Москохан бахархоша мостагI махках ваккхар Оьрсийчоьнан исторехь голатуху де лору Хлопонина. Иза дегайовха ву Оьрсийчоьнца цхьаьна Къилбаседа Кавказ а баккхийчу кхиамашка кхочур ю аьллла.

Вайнах цу дезаденца декъалбарехь юьстах ца бисина ур-аттала диндай а.

«Нисса 400 шо хьалха, 1612-чу шеран, Лахьан-беттан 4-чу дийнахь вайн дай цхьаьнакхетта шайн а, шайн сийлахьчу Даймехкан а кхоллам нисбан а, ирсе хилийта а. Тахана Оьрсийчоь - иза инзаре йоккха пачхьалкх ю, шена чохь тайп-тайпана къаьмнаш а дехаш, тайп-тайпана динаш а долуш. Вайн массо а барт-машарца дехаш ду. Ницкъала, хала зама еъначу хенахь вешан Даймохк ларбан, мостагI эшон вайна гIо до къоман цхьаалло».

Цу денца нохчийн декъал а беш, ишта дIахьедар хааме даьккхина мехкан куьйгалхочун динан хьехамча а, юкъараллин а, динан а цхьаьнакхетаршца зIе латточу департаментан хьаькам а волчу Тевсиев Бай-Iелас.

Хаамийн гIирсашкахула цу кепара кхайкхош делахь а, дукхахболчу бахархошна хууш дац кху беттан доьалгIа де дезде санна билгалдаккхаран бахьана. И хIун де ду? Стенна лоруш ду иза Оьрсийчохь дезде ? Цу хеттаршна делла жоьпаш, кхето хала доцуш, доца дара.

Къоман цхьаалла цIе йолчу дезачу дийне ишта хьажам бу масала СоьлжагIалахочуьнан Мамедан.

Мамед: "Барт-м мичахь бара?! И Де гIазакхаша массо а къам шена реза а ду, шеца а ду алархьама юкъадаьккхина. Ткъа дан-м дац иза нахана цхьа а дезде. ГIазакхашна шайна а ца хаьа, дукхахболучарна, и стенна оьшу а, хьун динчунна даздеш ду а".

Оьрсийчохь мукъаденош а кхайкхийна, билгалдаьккхинчу дездийно, къаьмнашлахь барт а беш, тахана халкъалахь цхьаалла дебайо, шорйо аьлла чIагIьелла ойла-хьажам берш дукха бу ала хала ду.

Гарехь, Оьрсийчоьнан Iедало шен бахархойн дегнашкахь и беркате цхьааллин ойла кхион, бегашена а доцуш, вуно дукха гIулчаш яха езар ю. Стенна аьлча, таханлерчу Оьрсийчохь, Iилманчаша дийца эшна а доцуш, цхьааллин метта, къаьмнашна юкъахь гамонаш, девнаш, цабезамаш лаьтта.
XS
SM
MD
LG