ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан Газпроман болх толлуш ю Еврокомисси


Полша -- Варшавина герга йолу Газпроман газ дIатотту станци, 13ГIад2010

Полша -- Варшавина герга йолу Газпроман газ дIатотту станци, 13ГIад2010

Европехь дика евзаш ю Оьрсийчоьнан Газпром концерн. Кест-кеста баьржа хаамийн гIирсашкахь цу концерно, шена алсам са яккхархьама, цхьамогIа Европин низамаш дохадо боху хаамаш. ХIинца Еврокомисси официала декъехь и шеконаш талла йолаелла.

Еврокомиссино зорбане даьккхинчу официалан дIахьедарехь билгалдоккхуш ду, Оьрсийчоьнан Газпром-концернан белхашна Iедалан талламаш бар цу концерно Европера монополина дуьхьал долу низамаш хьоьшуш хиларх шеконаш кхоллаяларца доьзна ду аьлла. Цу хьокъехь Еврокомиссино баржийначу официалан хаамехь иштта яздина ду:

"Юккъерчу а, Малхбалерчу а Европехь Газпромо, мел кIезга а кхузза низам а дохош, конкуренци хьешар таллар долийна Еврокомиссино. Цкъа делахь, цу меттигашкахь Газпромо газ йохкар шена санехь долчу агIор декъна, цу кепара Евробертана юккъе йогIучу пачхьалкхашка маьршша газ дIакхачорна новкъарлонаш а еш.

ШозлагIа делахь, концерно Европе кхачочу газан диверсификацина, я вуьшта аьлча, тайп-тайпаналлина новкъарло йина. Цул сов, Газпромо шен клиенташна харцоне мехаш хIиттийна, и мехаш мехкадаьттин мехашца цхьаьна а доьзна“.

Иштта Европерчу Iедалхоша билгалдаьккхина, оьрсийн концерно шен низамца доцучу леламашца Цхьаьнакхетта Европа кхоллаяларан Бертан 102-гIа артикл хьоьшуш долу зулам дина хиларх шеконаш кхоллаялар. И зулам вуно деза хиларна Еврокомиссино Газпромца боьзна болу талламаш сиха дIахьур болуш бу.

Цуьнца цхьаьна Еврокомиссино дIахьедина, ша Оьрсийчоьнца махбаран тIемаш болон Iалашо йолуш яц аьлла. И кхеташ а ду, тIекхаьчна лаьтташ гуьйре хилар а, Европерчу пачхьалкхашкахь ягош йолу газ доккхачу декъехь Оьрсийчура оьцуш хилар а тидаме эцча.

ХIетте а, хIинцалц схьа Европерчу хаамийн гIирсашкахь а, юкъа-кара официалечу Iедалерачу хьосташкара а Газпром концернан леламашна резадацаран аьзнаш хезаш хиллехь а, амма хIинций бен цу Оьрсийчоьнан кхузаманахьлерчу коьртачу герзаца- газца-мах бечу кампанина дуьхьал цхьа а официалан гIулч яьккхина яцара Евроберто.

Бакъду, эххар а Евроберто и тайпа талламаш дIаболор хиларх шеко яцара тергамхойн, хIунда аьлча даханчу шеран гуьйранна Евробертан монополина дуьхьалчу полицин белхахоша Газпромца белхаш бечу немцойн а, чехийн а фирманашкахь талламаш дIабаьхьнера, цу концерно низам дохош хиларан лараш лоьхуш.

Аналисташна хетарехь, нагахь санна, Газпром Европера монополина дуьхьал долу низамаш дохорна баккъал а бехке ларахь, цунна Iаламат доккха гIуда тухур ду, цу концерно шерачохь йоккхучу санах цхьа билггал проценташ Евробертана дIаялар Газпромана тIе а дожош. Ткъа цу процентийн ахчанца долу терахь бIеннаш миллионаш еврошка кхача там бу.
XS
SM
MD
LG