ТIекхочийла долу линкаш

Кремлана муьтIахь хилча...


Оьрсийчоь -- Президент Путин Владимир а, премьер-министр Медведев Дмитрий а Кремлехь Оьрсийчоьнан Де даздеш, Москох, 12Ман2012

Оьрсийчоь -- Президент Путин Владимир а, премьер-министр Медведев Дмитрий а Кремлехь Оьрсийчоьнан Де даздеш, Москох, 12Ман2012

Нохчийчоь Кремлана юьззина мутΙахь юйла гайтира Кадыров Рамзана Оьрсийчоьнан Цаязаран Дийнахь. Соьлж-ГΙаларчу даздаршка лаамехь-лаамза дΙаоьзнера ярташкара белхалой, хьехархой, бераш. Муха туьду иза могΙарчу бахархоша?


Дукха хенахь дуьйна а дуьненахь зеделла хIума ду, муьлхха а гулам-цхьаьнакхетар, даздарш дIадахьа хьовсархой-публика оьшуш хилар. Беза-баккхий хьеший а кхойкхуш, шаьш кест-кеста цхьаьнатухучу конференцешкахь, фестиваль –концерташкахь, дIахьочу бен-бечу даздаршкахь, хьовсархойн къоьлла ца хуьлуьйтуш, керла-керла кхиамаш бохуш схьабогIу кху тIаьхьарчу шерашкахь меттигера Iедалдай.

Цунна къеггина тоьшалла дира чекхдаьлла Оьрсийчоьнан де билгалдаккхаро. Урхаллехь болучара масех де хьалха барта диначу омрица, кху Мангалан-беттан 12-чу дийнахь дукха адам тIеоьзнера Соьлжа-гIала : массо тIегIан Iедалан гIуллакхъхой, юьртабахамашкара белхахой, хьехархой, лоьраш, дешархой…

Йиллинчу хенахь адам Соьлжа-гIала дIакхачо декхарийла бинарш бара кIоштийн гIантдай а, юьртдай а, цхьацца хьукхмат-урхаллийн куьйгалхой а. Цу кепара халкъ дIа а гулдина, даздина нохчийн коьртачу шахьарахь Оьрсийчоьнан рогIера дезде.

Амма, жима а, воккха а башхалла а йоцуш, нохчашлахь кIезиг бахархойн бу, и хIун де ду, стенна даздо хууш. И хIун де ду, аьлла, хаьттича, дуккха а беламе жоьпаш хазадо дукхахболчу вайнаха.

Оьрсийчоьнан дезачу дийнан хьокъехь могIарерчу наха лучу жоьпаша ма-гайттара, нохчашна гергара хеташ, цара шайн лоруш, церан дог-ойла хьаеш, лераме дац кху беттан I2-гIа де. Соьлжа-гIала дIагулдинчу эзарнаш адамех шайн лаамехь баханарш дукха бу ала хала ду.

«Кхузахь йолу акхалла кхечанхьа хуьлийла а дац, Европа-м ас йийца а ца юьйцу. Сайн чоьтах автобус а лаьцна, шина ишколера ткъе итт стаг, чохь са долуш хилчахьана, милла а бен вац, вигина –кх ас гIала, дагIахьара шу, бохуш, дехарш а деш. Ас уьш ца бигинехь, со балхара воха везаш вар-кх. Иштта хIоттийна ду-кх кхузахь гIуллакх».

И къамел динарг ву цхьана ишколан директор. Цо дийцарехь, кхузахь, цхьа мехала низам санна, Iедалехь болучара чIагIдина, дахаре дерзийна бакъдерг ду, муьлххачу а хиламе, нагахь цигахь мехкан куьйгалхо хир велаххьа-м, ирх-пурх а, ур-аттала иза могIарера концерт бен яцахь а, цига хьовсархой кхачор, нохчашлахь ма-аллара аьлча, "лергаш а ,бIаьргаш а» тIекхиор. Цу декъехь, Нохчийчоь санна кхиамаш баьхна мохк Къилбаседа Кавказехь хьовха, сила-а йолчу Оьрсийчохь а карон хала ду.

Оьрсийчоьнан дийне могIарерчу бахархойн хьажам мухха белахь а, официалан кхайкхорехь, Мангал-беттан 12-гIа де Оьрсийчоьнан оьмарехь шатайпа зил-доза къасто, голатуху, башха де ду. И сийлахь де герга кхачорехь, боху Iедалан мукъ карахьболучара, Оьрсийчоьнан цхьаалла ларьярехь, вайнахе ирсе дакъа кховдийначех цхьаъ Кадыров воккханиг а ву, цо юьхьарлаьцна, дахар чIагIден, кхоллараллин некъ кхиамца дIахьош цуьнан кIант а ву.
XS
SM
MD
LG