ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вешан цIахь а хьошалгIахь санна


Оьрсийчоь -- Москох, 13ГIад2013
Оьрсийчоь -- Москох, 13ГIад2013

Кавказера а, кхечу мехкашкара а схьабевллачу нахаца йолу оьрсийн юкъаметтигаш кхоччуш галйовлуш ю Оьрсийчоьнан коьртачу шина гIалахь Москох а, Петарбухехь а.

Москох Бирюлево-кIоштIахь хилла къепедацарш дIа а дерзале, Дагестанера зуламхой лецна шаьш аьлла, хаам бина Петарбухерчу полицин куьйгалхоша. Цу наха динарг хIара ду аьлла дуьйцуш дацахь а, полицино бинчу хаамо сурт кхуллу уьш цхьа онда зуламхой болуш санна.

Петарбухечу суьдо лаца бакъо елла Дагестанера схьаваьлла волу 7 стаг. Царна бехке дуьллуш ду гIалин юккъехь, герз а кхуьссуш, харцхьа лелар. Цуьнах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Петарбухехула йолчу урхалло.

«Кавказский узел» интернет-агенталло дийцарехь, баханчу беттан 14-чу дийнахь Петарбухехь лаьцнера Дагестанехь вина волу 7 стаг. Цу хенахь уьш бехке беш бара, травматикан тапча а кхуссуш, цхьана нахах тийсабалар. ХIинца хиина царах цхьаъ гIарол дечу кампанин белхахо хилар.

Лаьцначарна юкъахь ву тIеман латарехула чемпион а, дехкарш а доцуш латарехула чемпион а, боксах латарехула дуьненан чемпион а.

Хилларг билггала хIун ду кхеташ дац, полицино динчу рапорташка ладоьгIча. Амма билгалдоккхуш ду и нах лоцуш дIаяьхьна хилар дукха шуьйра операци. Масала, царах цхьаъ лаьцна лерринчу полицин тобан декъашхоша корехула чу а лилхина. Кхин шиъ лаьцна бакъйолчу шпионийн детективехь санна, и шиъ чохь волчу машенна улле машенаш а тийсина.

Цхьаболчу хаамашца, дагестанхой дов даьлла хилла "Пойзон" а, "Кваренги" а бараш ларйечу гIаролхошца. Дагестанерчу бахархойн яьххьаш ца тайначух тера ду цу ресторанин неIаршкахь лаьтташ хиллачу нахана.

Мухха делахь а, сурт хIоттало цу кепара бакхийн ницкъаш тIе а оьзна, и нах лацар уьш Дагестанера хиларца доьзна ду аьлла. Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, цаьргара схьаяьккхина 2 травматикан тапча а, 25 патарма а, 2 бейсболах ловзуш лелош йолу гIаж а, резянкин чхьонкар а, 5 гIоьмаш а, ткъа иштта, Кавказера нах лоцуш хуьлуш ма хиллара, "экстремизман билгалонаш йолу литература" а.

«Коммерсант» газетан корреспондент Мурадов Муса Москох веха дуккха а хан ю. Цу кепара Iедалша хIиттон сурт баккъалла а долуш ду цу гIалахь? Оццул дукха зулам дан арабевлла Кавказера схаьбевлла нах бу Москох аьлла хаьттира цуьнга Маршо Радионо.

Мурадов Муса: «Кхузара хаамийн гIирсийн куьйгалхоша а, царна Iуналла дечу Iедалхоша а чIогIа къастадойтуш ду Кавказерчу стагера муьлхха а даьлла зулам. Кхузахь бехачу кхечу наха лелочул галдаьлла лелош хIумма а ду аьлла ца хета суна цара».

Дагестанан куьйгалхо Абдулатипов Рамазан шен хенахь Оьрсийчоьнан къаьмнийн юкъаметтигашкахула министраллан куьйгалхо хилла ву. Цунна хетарехь, Оьрсийчура Iедал хIинца а болх беш ду Кавказ йоккхучу хенахь юьхьарлацна хиллачу кепашца а, барамашца а.

Абдулатипов Рамазан: «Вуно халахеташ далахь а, и кепаш хIинца а Iедало урхалла деш йолу принципаш санна болх беш хуьлу. Иза хилийта мегар долуш дац. ХIунда аьлча, вай дукха хенахь дуьйна цхьана пачхьалкхехь дехаш ду. Вай дукха хенахь дуьйна цхьа халкъ ду».

Тахана Оьрсийчоьнан Iедалера дукхах болу политикаш Мурадов Мусан хенара нах бу. Уьш а бу, интернационализман кепаш хIун ю а хууш, Советан Пачхьалкхехь кхиина нах. ХIун дан деза къаьмнийн юкъаметтигаш аттачу яха аьлла, шега хаьттича, Мурадов Мусас элира.

Мурадов Муса: "Вай вовшашца юкъаметтагаш алсам мел лелайо, вовшен вай дика мел довзуьйту вовшен ларар алсам дера ду вай. Иштта вовшийн гIиллакхаш девза вайна, тIаккха вай уьш лардо».

Амма цкъачунна Оьрсийчохь хIуттуш долу хьал нисса бIостанехьа ду. Иза кхана-лама толур ду ала хIуттур болу нах дукха къIезиг хир бу цу махкахь.
XS
SM
MD
LG