ТIекхочийла долу линкаш

Къуръанан тафсир а экстремизмалле диллахь...


Къуръан а, муьлхьанаш а

Къуръан а, муьлхьанаш а

Бусулба нехан деза денош герга моссаза кхочу даьржа Оьрсийчуьрчу уммин векалшлахь шайна дин лело юьззина паргΙато яцарх долу дийцарш. Бусулба динан ламасташ, масала, гΙурба дер, аьшнашдан буьйлало оцу деношкахь дуккха а хаамийн гΙирсаш. Оьрсийчуьрчу бусулбанашна Ιедало а, оьрсийн юкъараллаша а латтаечу гаттонех а, Европехь царна йолчу маршонех а дерг дуьстича го яккхий башхаллаш.




Къаьсттина шена чохь бехачу ши миллион бусулба нахана гΙело ян йолало Москох ГΙурбан денош гергагΙоьртича. Ιийда дар гΙайгΙане долу нахана ахча-бохчанца доьзна а доцчу бахьанашца. Дийна доллушехь, устагΙ-бежана урс хьокхий доь, нахана хьалхха, къизалла гойту гонахарчу бусулба а боцчу бахархошна – иштта хуьлу кхардамхойн маьхьарий.

ГΙурба дер, Ιеламнаха бахарехь, дац ца лелийча ца долу парз - амма уггаре а деза лоруш суннат ду. Таро а йолуш, и ца деш ца вуьсу кху дуьнентΙехь цхьа а бусулба.

Иза шена чуьрчу бахархойх бусулбанаш кхозлагΙчу декъе кхочуш лаьттачу 21-чу бΙешарахь а кхето ца лаьа Оьрсийчоьнна. Оцу хьоло дарбо бусулбанаш. Церан дегнаш тΙе хан хене мел йолу алссам туьху туьйсу Москох политикаша а, нацисташа а, националисташа а. Ткъа церан ойланаш дΙасаяьржа массо а оьрсийн ларалучу гΙаланашкахула.

Кхушара Москох, бусулба нах Ιийданна кечлуш буйла а хууш, хаам баржийна цигарчу администрацин къаьмнийн а, динан а политикехула йолчу векалто. «Оха оьздангаллица ца догΙуш лору даьхний гΙали чохь дайъар, гΙалел арахьа кечйинчу лерринчу меттигашка баха беза бусулба нах иза дан»,- боху оцу векалто зорбанехь. Цу буха куьг яздинарг ву хьукматан гΙантда Артюх Юрий.

Иштта, Ιийда дар Москох доьхкуш низам арахийцира стохка а, лурчаха а. Оцу темана юкъайоьллачу Оьрсийчоьнан юстицин министралло, бусулба нахе а ца хоттуш, къобалдира и дехкар. Цул совнаха, мегаш дац Москох маьждига чохь бен ламаз дан а, суьлхьа хьовзо а, я кхечу кепара хьайгара бусулбалла нахаладаккха а. Оцу хьокъехь карара бутт бовш низам тΙеэца кечлуш ю Оьрсийчоьнан пачхьалкхан дума а.

Бусулба нахана атта дац оьрсийн гΙаланашкахь шайн парзаш дΙалело а, Далла Ιамал ян а. Ткъе иттех шо ду Москох а, цунна гонахарчу а гΙаланашкахь бусулбанашна маьждигаш –2-3 дина а, дан ца магадо.

Оццул хан ю бусулбанаша Ставропол-шахьарахь маьждиг дан бакъо йоьху а, царна и ца ло а. И тайпа масалш бΙеннашкахь ду.

Оьрсийчоь, бахархойн доккхачу декъанна лаахь а, ца лаахь а, бусулба къаьмнийн цΙа а ду. Амма шога бу оцу цΙийнах доладийраш.

Мелхо а Европах олийла дац иза хьалха дуьйна а бусулбанийн цΙа ду. Бιешерашкахь, цхьаъ бен дан а доцуш, керста дин чΙагΙделла Лаьттан дакъа ду Европа. Амма цхьа а бухара къам ца хаало кхузахь бусулба динна дуьхьалгΙоттуш а, резадацарш, Оьрсийчохь санна, даржадой, оццул гена дохуш а.

Схьаоьцур вай Норвеги, Швеци, ХΙолланди, Ингалсе я кхин муьлхха а пачхьалкх. Бац шайна цигарчу Ιедалша я бахархоша динехь лела, бусулба ламасташ кхочушдан новкъарло йо, аьтто ца хуьлийта, гΙо ца до олу нах.

Ша имам волчу маьждигах а, меттигерчу бусулбанашна кхочучу хьелех а лаьцна дийцар дийхира Маршо Радионо Австрин шахьарачу, Венерчу, Абубакар-Хьажига. Иза реза ву цигарчу бусулбанашна бахархоша а, Ιедалша а бечу ларамна.

Абубакар-Хьаьжа: «Со Австрехь волу 9 шо хан ю. Кхузахь тхан маьждиг ду, иза цΙенна бухарчу гΙатехь делахь а, жима делахь а. Кхузахь оха ламазаш а до, рузба а до, вовшахкхетий Къуръан а Ιамадо, хΙара жима меттиг елахь а. Мархийн баттахь терахьаш а до оха кхузахь. 8-гΙа шо доладелла хΙара маьждиг долу.

ЭлхьамдулиллахΙ, ГΙурба дарна а цхьа а проблема яц кхузахь. Дукха меттигаш ю и ГΙурба дан йиш йолуш. Къастийна ков-керт ю, цигахь урс а хьокхуш, ГΙурба доь-кха оха. Цхьайолчу меттигашкахь, хьалххе телефон а тоьхна, гΙиллакхна хаийта дезаш а хуьлу.

Кхузахь бухара нах, толеранталлле олу-кх, толеранталле бу хΙара нах. Цара кхузахь бухбиллина бусулба нахана. Школерчу берана а бусулба дин Ιамош сахьташ а ло, хьуьжарш а ю кхузахь, маьждигаш а ду, цхьа яккхийн момсарш а йолуш дацахь а. Тхуна иза тоаме ду.

Маьждигаш лаьтта меттигаш, уьш Ιдална евзаш ма юй, хаьа цигахь алссам нах вовшахкхетий, и меттигаш лелочара а, чубогΙучу бусулбанаша а лулахь Ιечарна новкъарло ца йичхьана, Ιедал юкъагΙерташ, полици йогΙуш меттигаш ца нисло».

Оьрсийчоьно мел хам бо шайн махкахойн-бусулбанийн гойтуш дов ду чергазашкара 150 шо хьалха дΙабаьккхинчу Краснодар-махкарчу Новороссийск-гΙалин кхело айдинарг. Бусулбанаша тоьллачех лору Кулиев Эльмиран КъурΙанан тафсир-гочдар экстремизмаллин литература ю я яц къастош ю и кхел!

Соьлж-ГΙалахь я Нальчикехь Библи зуламе тептар ду, иза доьза дойъийла, аьлла даржийнарг ша доьза войъур вара Кремло а, цуьнан охΙланаша а. Ишттаниг мегаш дац. Амма мега, Ιедалан хьажамехь, Къуръанна хьаъа а, хΙуъа а ала...
XS
SM
MD
LG