ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша наб еш Iаччохь пхи шо хан тоьхна суьдхочо

Оьрсийчоь -- Махно Евгений, Благовещенскера суьдхо, наб еш ву кхел йоьдучу муьрехь, YouTube
Оьрсийчоь -- Махно Евгений, Благовещенскера суьдхо, наб еш ву кхел йоьдучу муьрехь, YouTube

Оьрсийчоьнан Генарчу Малхбалерчу Благовещенск-гIалахь, йоьдуш кхел а йолуш, цкъа наб кхета суьдхочунна Махно Евгенийна, тIаккха, ша самаваьлча, шен мобилан телефонехула йозанаш деш Ιа иза. ТΙаьххьара а лараво «нийсонан да» левечунна набахтехь такха 5 шо хан тоха.

Видео-тоьшалла YouTube хΙоттийначу блоггера Никитенко Владислава доьху Оьрсийчоьнан конституцин кхеле белхан хьолехь наб ечу суьдхочуьнан хьакъ доллу мах хадор.

Инцидент тергоне эцна Благовещенскерчу халкъан кхело – цо шеконе диллина видеоно тоьшалла дийриг. ТΙаккха блогера Никитенкос шолгΙа видеокийсиг а йиллина YouTube.

Хууш ма-хиллара, Оьрсийчуьрчу кхелашкахь даима а санна тΙейолуш ю прокуроран ойла, лаам. Цундела суьдхочунна атта а дац кхелера хьал шен тидамехь кхаба а, цуьнан болх дуьззина чу са а диллина дΙабахьа а. Кхелашкахь лелачу оцу формализмо наб хьагΙийначух тера ду Благовещенскерчу къоначу суьдхочунна Махно Евгенийна а.
XS
SM
MD
LG