ТIекхочийла долу линкаш

Харцоно харцонца харцо а хоьхкуш...


Оьрсийчоь - Буданов Юрийрна 15 шо хан а тоьхна, набахте хьажийна нохчо Темирханов Юсуп-Хьаьжа, амма цуьнан адвокаташ Iаш бац къера хилла - Европан кхеле хьажийна цара дов, Москох, 2013

Оьрсийчоь - Буданов Юрийрна 15 шо хан а тоьхна, набахте хьажийна нохчо Темирханов Юсуп-Хьаьжа, амма цуьнан адвокаташ Iаш бац къера хилла - Европан кхеле хьажийна цара дов, Москох, 2013

Зе-зулам хилларг а, и динарг а мила ву хьаьжжина толлу, я ца толлу, луьста, бехкаме дерзадо Оьрсийчохь стаго динарг, хилларг. Цунах олийла дац я нийсо я бакъян хьакъ долу система. Оцу хьокъехь къамелаш дира Маршо Радиоца адвокаташа Хадисов Мусас а, Мусаев Мурада а. Цара гойту мел харц система ю Оьрсийчохь чIагIъелла еха бехкталларан а, кхелъяаран а система.



«Маршонаш хилла а яц, хуьлийла а дац Ιалашъелла, нагахь санна хьакамаша дийриг адамех хьулдина делахь». Иштта аьлла Ιамеркан пачхьалкх кхоллачуш, 250 шо хьалха, адамийн бакъонаш къуьйсуш ваьхначу ХΙенри Патрика.

Таханлерчу Оьрсийчохь шина декъе декъна ду адамаш – хьакамашший, могΙара бахархоййий. Хьалхарчех, уьш лаккхачу тΙегΙанашка хевшина белахь, деккъа дΙа «губернатор», «президент» олий ца Ιаш, цхьа шатайпа лоллалла гойтуш цΙе ю наха йоккхуш.

Масала, нохчаша шайн мехкан шаьш хаьржина а воцчу администраторх хΙинца диллина олу «паччахь». Цуьнан шен гонехь-м иштта цунах олуш воцчунна кхераме а ду - «вайн паччахь Кадыров Рамзана аьлла», «вайн паччахьа Кадыровс дина», иштта до къамелаш муьлххачу а министро, могΙарчу хьаькамо.

Дац иза ларамза. «Президент» аьлча гатло воккхачу хьаькаман бакъонийн доза, «паччахь» бохучо хоуьйту, хΙуманна а гур тоьхна а боцуш, оцу куьйгалхочун карахь дуйла дерриг.

ХΙенри Патрика ма-аллара ю Оьрсийчохь хьаькаманний, могΙархочунний юкъаметтигаш. Хьаькам маьрша ву шена ма-луъу адамашца къинхетаме хила а, уьш къиза хьийзон а, декхаре вац ша дийриг нехан лаамашца дуста а, царна довзуьйтуш болх бан а.

Путин Владимира оьшург дерриг а дина, цуьнан дагахь болчу наха ма-аллара, и пайдабоцу либерализм Оьрсийчохь хΙаллакъеш. Дахар демократин буха тΙе даккха гΙерташ хьийзачу интеллигенцех -политикех, юристех, экономистех, бакъоларъярхойх «либерасташ» олу Путин а, мехкийн дай а паччахьаллехь чΙагΙлойла луучу бахархойн декъо.

Ткъа хΙун ю и либерализм-м ца хаьа иза аьшнаш ечу доккхачу декъанна. Дашца аьлча, паргΙато ю-кх. Стеган маршонашна, паргΙатонашна ецаш хила догΙу пачхьалкх бохург ду-кх. Халкъах, къомах хьакхалуш болу сацамаш хьакамаша оцу халкъан лаамца а дуьстина бен тΙеоьцийла дац бохург ду-кх.

Либералийн - я олийла царех «демократаш» - сатийсам хьошуш, Оьрсийчоьнан халкъера дΙаяьхна Путина а, цуьнан гоно а, пачхьалкхехь олалла леладечу «Цхьааллин Оьрсийчоь» партино, Пачхьалкхан Думе депутат, муьлхачу а стагна кхел ечу системера нах, шашаха а бохуш харжаран, шайн мехкийн дай шаьш къасторан бакъонаш. Я Думин депутат а, я кхелера суьдхо а вац цундела бахархойн лаамах, ларамах возуш – Путинна товш хьо хилчхьана хуьлийла ду хьох пачхьалкхехь воккха хьакам – бен-башха а дац хьо и хила Ιаьмна вацар, нехан бΙаьргаш чохь хьо хΙумма а яцар.

Оьрсийчохь цкъачунна Iедалх бозуш боцчу статистийн хьукматаша бечу хаамашца, ах сов бахархошна лаьа харжамаш пачхьалкхехь маьрша хуьлийла, оццул бу суьдхой, Путина а ца хIиттош, хьалха санна, халкъе харжийта беза аьлла хетарш а. Амма иза хиндоцург дуйла гайтина халкъана оццу шен халкъан куьйгашца а, багошца. Къилбаседа Кавказан мехкашкахь, масала, чекхбевлла бахархой гуламаш оцу хьокъехь – массара а санна лаам къхадийна, ца оьшу тхуна тхаьш хаьржинарш, хΙиттабойла коьрта хьакамаш Кремло, аьлла. Официало бахарехь ду иза иштта.

Пачхьалкх либералан некъах хадаран стом бу тахана массо а нехан дийцаршкахь, лазамашкахь – кхелаш я харцонна тΙехь хилар я харц сацамаш беш схьайогΙуш хилар.

Шина тайпа нисло, зерашка даьккхича, Оьрсийчуьрчу Талламан комитето, полицино, кхелаша толлу, луьсту, дерзаде девнаш. Ιедало къобалвеш хилла политик я хьукматан векал вийча, сихха орца а даржадой, схьа а лоху, набахте а кхачаво зуламхо. Шегара юьйлу харцонаш Ιорайохуш хьийза стаг вийча, дукха хьолахь, ца караво Ιедална цΙий тΙехьарчинарг.

ЦΙерш яхаррий бен, и нах бовзийта ца оьшуш, бевзаш бу хΙорш, масала -политик Старовойтова Галина, журналисташ Холодов Дмитрий, Листьев Владислав, Политковская Анна, Щекочихин Юрий, Максимов Максим, бакъоларъярхой – Попков Виктор, Эстемирова Наташа. Мел бу кхин а иштанаш. Хууш дац хьан уьш байъина, амма дика хаьа массарна а стенна байъина – Ιедалера, баккхийчу хьаькамашкара юьйлу харцонаш Ιорайохура цара.

Цундела ю Оьрсийчоь кхушара а журналисташ, бакъоларъярхой алссам нехан карах лечу дуьнентΙерачу мехкийн могΙарахь уьссалгΙаниг, шел лакхахь Нигери, Сомали, кхийолу юьззина когаяханза юьсу пачхьалкхаш бен а йоцуш.

Дуккха а нехан, Оьрсийчохь а , арахьа а, тергонехь лаьттира Нохчийчохь тΙом, дегΙана синкъерам а латтош, бан марзбеллачу эпсарех волчу танканийн полкан хьаькама Буданов Юрийс Таьнгичуьра йоΙ хьийзор а, ер а, цул тΙаьхьа иза салташка лаьттах йоллийтар а.


Шеконехь цара и дов гΙаттадайтинчу адвокатан, хьумаршан, Хамзаев Ιабдуллин а, кхечу дуккхаъчу нехан а Будановс йоΙ хьийзийнийла а, деккъа дΙа оцу лаамца цо лаьцна иза шена тIеялаяйтинийла а ша куп тоьхначу метте. И ца хууш бисинарш прокурорашший, суьдхоййий бен а бацара, Кунгаева хьийзор къастон оьрсийн лоьрийн, медицинан экспертийн корматалла а, гΙирс а боцуш санна.Оьрсийчоь -- Мусаев Мурад,адвокат



Тоьхначу итт шарах дакъа бен набахтехь а ца доккхуш араваьлла Буданов Юрий вийна кхеташ доцчу бахьанашца. Иза верна бехке а вина, Будановс яькккхинчул шозза сов хан такха дΙахьажийна Устрада-Эвлара Темирханов Юсуп-Хьажа.

​Цунна бехк тΙехьарчор а, набахте иза кхачор а йоккха харцо лору алссам адамо. Амма шек дΙа а бац шаьш динарг къиза а, харц а хилар далхадора аьлла, цунна таΙзар къастийна прокурораш, кхелкъасторхой, суьдхо. Иза харцо а лоруш, ша Темирханов Юсуп бехке вацар гайтуш вала а реза ву боху цуьнан адвоката Мусаев Мурада.


Оьрсийчоьнан пачхьалкхаллин башхаллаш, нийсо толаме яккха декхаре йолчу системийн, кхелийн анташ, Мусаев Мурада санна, далхадо кхечу Москохарчу адвоката «Хьайбах – талламаш берзанза бу» цΙе йолчу тептаран да а, цхьа хан хьалха диктаторна Сталинна шен къам махках даккхарна бакъйолу кхел йина а, цунна, и дийна волуш санна, догIу таΙзар кхайкхийна а волчу Хадисов Мусас а.


Оьрсийчоь -- Хадисов Муса, адвокат, яздархо

Оьрсийчоь -- Хадисов Муса, адвокат, яздархо

Доккхачу декъана Маршо Радиоца шен хиллачу къамелехь цо тергоне ийцира Оьрсийчоьнан нийсояран системехь лела ксенофоби, полици, прокурораш, суьдхой къаьмнашца гома хилар, къаьсттина нохчашца.

Мусана хетарехь, могушалла меттайогΙур ю ала а доцуш, цомгуш ю Оьрсийчоь, амма иза теша и денъян молха карадойла ду бохучух. Ткъа шайна оцу нийсояран системерчу нахана ца го шайлахь лела харцонаш, аьлла, хетттича иштта дийцира адвоката Хадисов Мусас.

XS
SM
MD
LG