ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн сепаратизм яхчало Украинан лаьмнашкахь


Украина - Националистийн гулам дIасалохкуш ю милици, Kiev, 2012
Украина - Националистийн гулам дIасалохкуш ю милици, Kiev, 2012

Тан, Терк, Псыж, Воронеж, Усмань хишца Оьрсийн автономи кхолла хьаьгна кегийрхой дΙагулбан дагахь ю шайн махкахь «Украинан Национал Цхьаьнакхетаралла» шех олу юкъаралла. 45 дийнахь царна Ιамор ду оьрсийн автомигахьа пропаганда яржон а, Ιедалан ницкъашна духьал латта а.




ТΙебогΙучу беттан юккъехь дΙагулбелла, кхаа меттехь – Харьковн, Киеван мехкашкахь, Карапаты-лаьмнашкахь цхьана баттахь эха баттахь оьрсийн автономи кхуллучу новкъа нах баха а, эшначохь Ιедалшна дуьхьаллатта а Ιамор бу Украинерчу националисташа Оьрсийчуьра националисташ.

Кегийрхой оцу бараме дΙакхойкхучу Украинан Национал Цхьаьнакхетаралло новкъабовлучаьрга доьху шайца чохь набъен галеш, истангаш, кад-Ιайг, довха духар, онда мачаш, 1000 гривна ахча схьаэцар.

ХΙун ю и йийца яьккхина «Оьрсийн автономи», хΙинца иза а стенна оьшу, Тан (Дон), Псыж (Кубань), Терк, Идал (Волга), Воронеж, Усмань хишца беха нах реза буй шайна и тайпа пачхьалкхалла аш тΙедохьийла, хаьттира Маршо Радионо Ιаморашна кечлуш болчу лидерех цхьаьнга – Полтавский Олеге. Цо ша Украинерчу Национал Цхьаьнакхетараллехь тΙеман референт ву, элира.

Полтавский: «Уьш гΙалгΙазакхийн мехкийн бахархой бу – Терк, Тан, Псыж, Черноземьера бахархой а. Уьш – уггаре а къезиг Ιалашъен этникан тоба ю. Оьрсийчоьнан Федерацерчу оьрсашца вуно вон ю Кремль. Массо а рицкъа а славянех йоцчу этникан тобанашна луш ду, масала, оццу Нохчийчоьнна Ιаламат яккхий дотацеш ло. Стенгара йовлу и дотацеш? Оьрсашкара йоккхучу йолах вовшахтуху-кх, Кремло нуьйр тиллина къаьмнаш уьш долундела».

Ткъа муха товр бу аш гΙаттийна болам, Оьрсийн автономи шайн латтанаш тΙехь кхолла лерина шу хилар гучу Кавказан а, Ерриг-Оьрсийчоьнан а бахархоша, аьлла хаьттича, Полтавский Олегна дала карийна жоп иштта ду.

Полтавский: «Цхьа а машар хуьлийла дац исламисташний, керстанашний юкъахь. Вайна гуш ду джихΙад дΙадахлуш. Европан доккхачу декъанна хΙинцале йоьлла исламан хьу. Оьрсийчохь а кеста доккхах дакъа хир ду бусулбанаш. Цундела дац цхьаьна маьрша Ιойла. И территореш дΙакъасто еза, масала, Израило шеца юкъарло а доцуш, Палестина дΙа ма-къастаярра, юккъе боккха пен а хΙоттийна. Суна хетарехь, еккъа и цхьа кеп бен а яц оьрсийн къам хΙаллакъхуьлучура кΙелхьардаккха».

ХΙун дозу Украинерчу националистийн луларчу пачхьалкхарчу хьелашца, царна стенна оьшу де-юре кхин пачхьалкх ларалучу мехкашка кхийда, цигара сепаратисташ шаьш долчохь гулбан? Орсийчоьнан Ιедална муьтΙахь волчу а, воцчу а оьрсийчух цабезамца «Москаль» олуш волчу Украинерчу националистийн хΙун гΙуллакх дозу оьрсашца? Иштта а, и тайпа а хеттарш дуккха кхоллало.

Оцу хеттаршна жоьпаш далар Маршо Радионо дийхира оьрсийн автономи кхоллархойн боламах лаьцна хьалхо интеренетехула шен хьажам гайтина волчу Идал-хин мехкан регионалан а, динан а талламийн центран векале Сулейманов Раисе. Цунна иштта го Украинерчу националисташа гΙаттийначу кампанин орамаш.

Сулейманов: «Иза йоккхачу Украинан шовинизман хьажам бу. Украина шена гергарчу оьрсийн кΙошташна геополитикан тΙеΙаткъам бан гΙерта, уьш шегахьа оза. Оцу меттигашкахь беха оьрсийн кегийрхой шаьш долчу Ιамон, кеп-кепарчу школашка, семинарашка, конференцешка а кхойкхуш, цаьргахь сепаратизман ойла чΙагΙйо Украино, уьш шегахьа берзош ю иза».

Ιилманчанна Сулейманов Раисна хетарехь, ша-шеца лелаш, цхьалха болам бац Оьрсийн автономи кхоллархоша гΙаттийнарг. Оьрсийчоьнан массех регионехь а лела латтанаш шаьш-шайна дахаран ойланаш. Хиндерг доцчех и тайпа ойланаш ю ала а ца хΙутту Сулейманов.

Сулейманов: « И санна хьал ду хΙуттуш Норвегин жигараллица Оьрсийчоьнан Къилбаседанехь – поморийн сепаратизм ю кхиош Архангельск-махкахь. Ткъа Сибрехарчу сепаратизмах-м, дийца а ца оьшуш, хууш ду. ТΙетаьΙΙина иза чΙагΙъеш хилар ду массара а дуьйцуш. Хенан йохалла Оьрсийчохь политикан майданахь кегари эккхахь, кийчча хир ду пачхьалкх йоха оьшу хьелаш. Оьрсийчоьнан цхьааллина кхерам хΙинцале а болуш бу».

Шеко яц, кхидолчу къаьмнийн сепаратизмаца санна гома ю Кремль оьрсийн сепаратизмаца а. Цунна ду Украинехь дΙадахьа кечдечех са а, дегΙ а дахчаде Ιамораш хуьлуш нисдалар. Хаьа бухарчу а, тΙебоьлхучу а националисташна юьхьарлаьцначу халачу новкъахь шайн хийла буй-тΙара лаьттар юйла ФСБ-ца а, полицин ницкъашца а. Ткъа цкъачунна хетарг довзийтанза бац я зорбанехь а, я интернетерчу машанашкахь а Кремлан ницкъаш.

XS
SM
MD
LG