ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн националисташна юкъахь а ю башхаллаш


Оьрсийчоь --Националистийн гуламехь, Ставрополь, 18Мар2013

Оьрсийчоь --Националистийн гуламехь, Ставрополь, 18Мар2013

Карарчу деношкахь оьрсийн ши гулам хилла Къилбаседа Кавказехь – Ставрополеххьий, Ростовххьий. Шина а гуламо емал дина коррупци яржорна шайна бехке хета меттигера а, пачхьалкхан коьртачу шахьарара а Ιедалш. Бакъду, Ставрополерчу гуламхоша шайн махкана керла статус яла догΙу боху, иза оьрсийн мохк хилар тΙе а чΙагΙдеш. Ткъа Ростовра гуламхой тешна бу, массо а къаьмнаш, цхьаьна а кхетта, коррупци яржочу Ιедална дуьхьалдовла деза бохучух.

Ιедална муьтIахь долчу оьрсийн прессан доккхачу декъо, вовшах а иэдина, цхьана хорша а диллина, дуьйцу шина а гуламах лаьцна. Телевизионаша а, газеташа а боху, Ставрополехь а, Ростовхь а гулбеллачу националисташа, кавказхошна рогΙехь неΙалташ а хьежош, лаккхарчу Ιедале шайна шаьш дехачохь керла оьрсийн пачхьалкх кхолла дийхира, оцо бен къаьмнаша яржочу харцонех оьрсий мукъабевр боцу дела.

Шеко а йоцуш, кавказхошна и тайпа гуламаш емалъян бен а ца дуьсу.

Чергазий баьхна а, кхидолу къаьмнаш санна, баха бакъо хила догΙуш а меттиг ю Ставропол-мохк. Хиллачу гуламан хьокъехь, цигахь бехачу оьрсашна мохк шайн долаберзош низам арахоьцийла Кремло, аьлла, динчу къамелашна ша реза воцийла хаийтира Маршо Радиога Оьрсийчуьрчу адыгIийн халкъан-культуран автономин лидера Охтов Александра.

Охтов: «Цхьа республика, я пачхьалкх Ставропол-махкахь йилларх лаьцна дуьйцуш делахь, нагахь санна юьйцург оьрсийн пачхьалкх елахь, суна хетарехь, и пачхьалкх цхьаьнхьа Москохна гергахь йилла еза. Шех тераниг цхьана хенахь цхьаьнхьа лаьттинчохь. Ткъа кхузахь, Ставропол-махкахь – иза чегазий баьхна латта ду – оьрсаша пачхьалкх хΙоттор цхьана а чергазийчо къобал дийр дац.

ШолгΙа делахь, кхузахь цхьа хΙума кхолла гΙертар, иза оьрсех болчу ставрополхоша шаьш дан торуш хΙума а дац. Кху лаьтта тΙехь беха нах а хила беза-кх цуьнан декъахь.

Суна иза нийса ца хета, ишттаниг кхоллалахь, хΙораммо шен-шена пачхьалкх йиллахь, оцо баккъал а Оьрсийчоь юхучу кхачор ю».

Ставрополехь гулам айбинчу «Халкъан Хи» («Народная Река») шех олучу оьрсийн патриотийн боламо шайн махкана оьрсийн автомин статус ялар доьху Кремле, оцу юкъанна шаьш долчу кхалха кавказхошна дехкар тΙе а дожош. Гулам хΙоттийначу боламан лидер ву меттигера националист Попов Сергей. «Халкъан Хи» олу юкъараллина агΙолоцуш баьхкинера Ставрополе Ростовра а, Воронежера а националисташ.

Оьрсийн хаамийн гΙирсаша дийцарехь, Ставрополерчу гуламах къаьсташ а бацара Ростовра гулам. Цигахь а емалбира наха шайна бале бевлла кавказхой, боху дукхахдолчу газеташа.

Амма цара бохург ца догΙу, Ростовхь нах гуламе а баьхна, царна хьалха кхайкхамаш бинчу «Сийн а, оьздангаллин а дуьхьа» олучу юкъараллан хьалханчаша Михайлов Евгенийс а, Федоренко Максима а Маршо Радионе дуьйцучуьнца.

Масала, Федоренкос иштта довзийтира Ростовхь шаьш хIоттийначу гуламна хетарг.

Федоренко: «Оха боху, пачхьалкх къаьмнийн петаршка ма екъа. Къаьмнашна юккъехь ю бохуш юьйцу проблемаш шаьш гΙовттуш яц адамашлахь, культурашна юкъахь, уьш кIоштийн администрацешна юкъахь гΙовттуш ю. Коррупица боьзна хьаькамашший, коммерце евлла кхерамзаллин урхаллашший, криминалан тобанашший ю къаьмнашна юкъа цим туьйсурш.

Къаьмнашна юкъахь ю боху проблемаш царна оьшу шайн ахча-бохча кхиош. Нохчийн я суьйлийн, лезгийн я кхарачойн, оццу оьрсийн а тΙехь, цхьа юкъара мостагΙ ву – иза къам дац, иза коррумпица деха Ιедал ду, бухарниг а, коррумпица беха Москохара хьакамаш а».

Ростовн-махкахь, статистике ладоьгΙча, олийла а дац оьрсийн дахар талхораш кавказхой бу. Цигарчу полицин урхаллин сайто бахарехь, 5 процент, аьлча а, 220 эзар оьрсех воцу стаг веха махкахь. Низамца догΙуш доцу сакхташ лерича, уьш кавказхошкара ца довлу доккхачу декъанна, кавказхошкара дуьйлу зуламаш проценташкахь тергоне эцча дац 1 проценте кхочуш а.

Ростоврчу националистийн жигархой ларалучу Михайловна а, Федоренкона а хетарехь, Ιедало ларамза дац, шаьш къаьмнаш цхьаалле кхойкхуш бина кхайкхамаш лач а баьхна, прессехь бовзийтар.

Ιедалан Ιалашо ю, шена халкъ резадацар къайла а хьош, цуьнан протесташ къаьмнийн юкъаметтигаш талхочу хорша ерзор. ТΙаккха Ιалашло Ιедал, чΙагΙло цуьнан карара мукъ. Ткъа ша къаьмнаш духь-духьал тийсар, уьш, ширачу латинийн кицано ма-баххара, гаранашка а дохуш, олаллехь кхабар – иза цуьнан цкъа а хийца йиш йоцу юьхь ду. Иштта ю Ростоврчу оьрсийн националисташа Михайлов Евгенийс а, Федоренко Максима а ен комментари.

XS
SM
MD
LG