ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсех килсе лелаш дац бIозлагIа дакъа а


Оьрсийчоь -- Пасхана кечбина кхача базбеш ву мозгIар

Оьрсийчоь -- Пасхана кечбина кхача базбеш ву мозгIар

Мел дукха нах бу Оьрсийчоьнан бахархошлахь керста а, бусулба а динаш лелош? Оцу хаттарна дуьхьал, юьхьарлаьцначу Ιалашонашка хьаьжжина, кеп-кепара жоьпаш ло статисташа а, политикаша а, динан дайша а. Керстанийн уггаре деза де Пасха дара дΙадаханчу кΙирандийнахь. Цо гайтира, масала, Оьрсийчоьнан бахархойх муьлха дакъа ду килсаца гΙуллакх догΙуш.



Пасха, керстанийн марха досту де - уггаре деза а, даимчул дукха нах килсе боьлху а де ду Оьрсийчохь, шеко а йоцуш. Оцу дийно къастам бойла ду тΙаьххьарчу хенахь лаьттачу къовсаман – мел нах бу керста ларалучу оьрсашлахь билггал керста, хΙун хьал ду, ма-дарра зийча, Оьрсийчохь килс а, цуьнан йозалла а къобалъярца.

И хаттар дистина лела тахана Оьрсийчохь. Ткъа айдаларан бахьана дозу массо а хΙуманна коьрте яьлла ехачу политикаца. Кхидолчу динашна а санна, керста динна а оьшу шена охΙлаболу могΙарш совбовлар, алссам адамаш шеца хилар. Оцу хьоло килсна а, цуьнан дайшна а таро ло карара ницкъ дебон а, ма-хуьллу дукха нехан синош карадерзон а, шайна ницкъалахь хила а.

Муьлха терахьаш, стенгара уьш схьаэцча бакъдолчунна герга хуьлу дин леладе нах багарбеш, боху хаттар айло Оьрсийчохь кест-кеста.

Масала, пачхьалкхан, халкъан дахаран дуккха а агIонашкара статистикан терахьаш латтош схьайогΙучу Левада-центро массех бутт хьалха хаттам бира Оьрсийчоьнан маьΙ-маьΙерчу бахархошка, царех хΙун дакъа герга ду динашна толлуш.

Цунна жоьпаш деллачаралахь 75 процент нах бара шаьш керста хиларх тоьшалла деш. 7 процент – бусулбанаш. Цхьана а динехь ша-ша вац аьллачийн ю 10 процент. Массо а динаш харцдеш болу атеисташ бу 5 процент. Керста ду шаьш аьллачу нахах 75 процент лела килса. Иштта дара Левада олучу аналитикан центро бинчу талламан жамΙаш.

Цо и хаттам бина биъ бутт бен а балале дара хΙара кхушеран Пасха – марха досту де. Оцу дийнахь Ιисах дела мел веш верг декхаре ву ламастехь доьзална кечбина кхача мозгΙаре базбайта килсе ваха.

Мел нах оцу Ιалашонца килсашка бахара гойту муьлха а кепара адам гулдалар шен тергона кΙел латточу Оьрсийчуьрчу полицин хьостанаш. Кху кΙирандийнахь стеннна, стенгахь нах гулбеллера гойтуш, чоьхьарчу гΙуллакхийн министралло килсашка баьхкинчу нехан а дина хьесапаш.

Итт эзар сов йоккха-жима килс ю Оьрсийчохь. Цига марха даста кечлучу буса бахана 4 миллион бахархой. Пачхьалкхехь бахархой 140 миллион хилча, царех 20 миллион болу бусулбанаш а, кхечу динийн векалш а дΙабаьхча, керста ларалучу нахах килсе оцу буса кхаьчнарш ца хуьлу ах процент а.

Пачхьалкхан дакъошкара а даладо полицино и тайпа терахьаш. Сибрех Пасхица доьзна килсе баха тарлуш хиллачу нахах ца бахана цига цхьа процент а. Изза хьал хилла Уралехь, Идал-хица болчу мехкашкахь. Мелла а алсам нах бахана килсе Пасхин буса Кавказерчу керстанех, 2 процент гергга. Ткъа уггаре дукха – Москох, 2 процент.

Пасхин буса, сурт юкъарчу кепе далийча, керста ду шаьш бохучу Оьрсийчуьрчу адамех бΙозлагΙа дакъа а дац парз кхочушдина.

Бакъду, пачхьалкхерчу мозгΙарша а, политикаша а, статисташа а керстанийн терахь мел алсам гойтуш нислахь а, оьрсаша шаьш оццу статисташна, масала, Левада-центрна, тоьшалла до, музей боьлхуш санна, шарахь цкъа бен шайх, керста бу бохучу нахах, дукхахберш килсе боьлхуш а цахилар.
XS
SM
MD
LG